Мархашлахь ловзу дог...
Бицбелла садиъна гIайгIанан чам.
Шовкъане ва дуьйлуш хелхаре гIуьтту.
Хастаме дешнаш цо йух-йуха луьтту.
Хьан йелакъажаро эсала хьаьсти.
ГIуранан йийсарехь хилла дог даьсти.
Хьоьжу со, генарчу седане санна
Хьоьжу со, кхоьруш и йуха ца гарна.
Дош ала ва воьлча, ца керча мотт,
Бицбелла заманца безаман мотт.
Набарха, малх санна йуьхь-сибат гуш,
Хьан синан бошмашкахь лоьху ас туш.
Кхолламо харжжал сан хир дарий ирс?
Белар-кха деган неI схьайелла гIирс!
Свидетельство о публикации №121122503191