къонах хиларх б1аьргах хи а долу
Ваьлха а воьлху хьуна са гатдеш,
Наггахь хьогий хьох са карзах долий
Хорамо ца вуьту ала дош.
Са тийналлехь соне хиъна доьлху
Латта т1аьхь сан леларх онда дег1,
Кийрахь дег ас цхьанна а ца гойту.
Цхьа а вац сан тие да доьлху дог.
Цхьанхьа вахна х1усаме ц1а вирзич
«Со ц1а кхечи нана» ала лаьъ,
«Марша ва хьо» аьлла доьхьал яла
Суна йиснарг есса яьстин не1.
Нах ц1а боьлхуш, со кешнашка воху,
Шийла барзан т1улге маршалл хотт
Со-м ахь ц1а а мара а ца къовлу,
Дегбаамаш кийрахь кхоллало сих
Хир вацар со кога ваг1на х1етахь
Хиънехь сайна кешнашк бохий некъ,
Нана, хьоь сатийсар даьнна ч1аг1луш
Хьекъалло со бералле д1а вуьг....
Свидетельство о публикации №121121800612