Дукха хан ца яьлла

Дукха хан ца яьлла шу вовшах кхетта,
Кхин яккха йисина дуккха хан ю.
И лаам сан дагчохь шу дуьхьа беха,
Шу ирсе дехийла со лууш ю.

Шул дукха дезаш кхин х1ума дац суна,
Шул хьоме дуьненчохь цхьа а кхин вац.
Эшначохь г1о лаца со хир ю шуна,
Иштта шу хиларах  шеко а яц.

Припев :

Дала
Лардойла даима маьлхан дуьненахь,
Вайн йолу марзонаш хада йиш яц.
Б1аьрг серла болу сан шу гича бертахь,
Шуьшиннан меха сан х1ума а дац!

Дала
Шу долче йог1у со даима санна,
Ас санна Дала а дойла шун сий.
Ю шуна  кийча со  эшахь г1о лаца.
Даим шун х1усамехь дехийла ирс


Сайн йиша санна хьо сил дукха еза.
Хьо санна юххера кхин цхьа хир йац.
Нус аьлла, сайн йишел хийра ца хетта,
Шун меха дахарехь цхьа а хир вац.

Маьрйиша ю алий, сох ма херлолахь,
Хьан йиша санна со хьуна хир ю.
Лаам бу даима шу бертахь гойла,
Сайн са д1а даллал со шу дезаш ю.

Азман Джабраилова


Рецензии