Бицбелла мукъам...
Мацах цкъа бицбелла мукъам.
Ца к1ордош, сан лерехь леткъа,
Хилла шех цхьа г1ийла узам.
Сан корехь шен мехаш ц1ийзош,
Мерз санна деган пха ийзош,
И мацах бицбелла мукъам
Цо карлабаьккхина суна.
Аьхкенан самукъа доцуш,
Можа г1а х1аваэхь ловзу.
Беламе ду церан хелхарш,
Сингаттаме ю цуьнан эшар.
Хазалло яхийча ойла,
Айъича малхо и кхолар,
Йоьссича к1айн б1аьсте лаьтта,
Дог дог1у кхин б1озза г1атта…
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №121100703664