Бабийн т1орказ
Чардакх т1ехь 1уьллуш долу, ага схьаэцна,
Замано "диина" истанг а диллина,
Хьоьжу со т1орказчу, ойла д1ахецна...
Сан дагуо лецира шовкъ - дегаайам,
Т1орказуо уозийра "бухбоцчу айманчу"...
Сайн къоман г1иллакхийн, 1адатийн кхайкхам
Х1уо хилла, боьссира сан к1еда дагчу.
Ойланаш хьевззина, ширалле хьаьдира,
Ламанан баххьашка, цецъюьйлуш сийлаллех...
Раг1 йоцчу ойланаш сан лере къадийра:
"Ларбелахь хьайн Даймохк, ца къесташ доьналлех".
Свидетельство о публикации №121091303653
Доьналла, яхь, оьздангалла ч1ог1а ларйеш хилла вайн дайша, наноша!
Ларамца.
Аза Атагинская 25.05.2022 17:18 Заявить о нарушении
Саид Умахаджиев 25.05.2022 18:34 Заявить о нарушении