Ма къайла ели хьо
Т1екхача йиш йоцуш,аз хазар доцуш,
Ма къайла ели хьо,йист хилар доцуш,
Аллах ша воцуриг кхин юххахь воцуш,
Дагахь дерг хьай къуьйлуш,дийца стаг воцуш,
Т1аьххьара ойланаш векал яр доцуш,
Жимачу хьайн даге висетш кхийдош,
Хьай нена ойла еш, к1анта дог 1ийжош.
Декъала хила хьо, декъала хилларг,
Хьан хаза аматаш, лелар дар сирла,
Малх сана къегина, даимна йоьлуш,
Лаьттар ю сан дагчохь,седанахь лепаш.
Декъала хила хьо, кхин гура йоцург,
Йиш елар аз хаза, г1енаха доцуш,
Амма кху дуьнено хийла стаг зийна,
Сан даго къастийнарг,хьо декъал хийла.
Свидетельство о публикации №121082606891