Маржа яъ, дуьне хьо..!
Тхо хьайха 1ехадой букъ туху ахь,
Йог1уш ца хоийтуш,1ожалла кхочи,
Цо охьа буьллийту дахаран мохь.
Маржа яъ, дуьне хьо,лазам бу чойне,
1аламан хазалло тхо 1ехадо,
Дахаран некъаш тхай деха ду моьттуш,
Дуьнено кхетамах тхо хедадо.
Маржа я1, дуьне хьо,бух боцу шелиг,
Йист йоцу маьрша хорд,хан йоцу де,
Хууш дац хьан гур ю т1е йог1у кхане,
Хьанах ахь тоссур ю къастаран ц1е.
Маржа яъ, дуьне хьо,охь диллам деза,
Таьшша долш ца хиларх дахаран дай,
Цу Дела кхелана хиларца реза,
1амалца букъ тухуш дахаран вай.
Маржа яъ,дуьне хьо,хала бу безарш,
Уггаре хала ву шен доьзалхо,
Эвлияъш б1акъажош дийцина хедарш
Тахна вайн сих-сиха гуч дуьйлуш го.
Свидетельство о публикации №121082603124