***
Когш берзин х1орд йисте хьоьттина лаьтта
Тийналла йохо тулг1енш бие яц
Маьл хьежарх йойзар яц хьан амал атта.
Ца йоллу со-м хьоьга бала балхо
Я бехкаш даха цахилчу кхолламна,
Б1аьргара хиш эга хьоьца иэлуш
Дегэшам хьо лан а ма атта дац-кха.
Мохо д1аида бо йовлакхан т1ам
Куча юх т1ун елла когашка хьерча.
Нахах ас къийлина цатам, дегбаам
Х1орд ахьа д1аийци-кха атта...
Свидетельство о публикации №121081802682