Сан хьоме Нохчичоь
Нохчийн къам техкийна, тхан шира ага...
Бена я Ч1аьрмаха, Ч1инах - яц башха:
Шу дуьхьа, чим хилла, кийча ву вага!
Лору ас, даггара, дуьненан къаьмнаш,
Амма сайн къам хестадо, хьоме ду бохуш...
Дагуо ца къестадо: аре я лаьмнаш -
Декъалуш дац сан дог, меженаш йог1уш!
Сан хьоме Нохчичоь, г1елъелла девнех:
Халонаш, къизалла ахь дукха лайна,
Доьналлех ца йуг1уш, ца йужуш чевнех...
Сан къоман нохчалла дагчуьра ца дайна!
Чингисхан орданца, къиза т1аьнчакх - Тимур
Хьо ягуош, хьаллакъеш хьуна т1елиетара...
Къонахийн дегнашца, лайра ахь хала мур:
Зама д1а мел йоьду, даг т1е чов кхетара.
Ахь лайна баланаш сан дагах хьерча,
Къизалле жаьхьталло, дагчохь ц1ий кхехкадеш:
Ларор бу Даймохк а, ден - ненан кхерч а,
Делера совг1атах даим а воккхавеш!
Свидетельство о публикации №121070303703