Велхалахь къонах
Доьналлех ца вуг1уш, б1аьргех хи доккхуш,
Велхалахь, ца 1ебаш, доггаха, къонах:
Нана ю, тахана, ахь новкъа йоккхуш!
Нана ю, тахана, ахь лаьтте кховдош,
И яра, дахарехь, хьоьх къонах вийриг...
Дог тиедеш, хьоь ала карор дац хаза дош:
Хеди-кх хьан, дуьненца уьйр йолу, т1ийриг...
Свидетельство о публикации №121051602850