Марха досту де
Дезаш,лоруш вай т1елоцу,самукъ долий кхачарх т1е,
Массо ведда-хьаьдда хьийза,юъчуьн-молчун кечам беш,
Бераш, д1а ца дуьшуш, хьийза,кхане ларъеш,наб ца еш.
Совг1ат хилла, деъна кхеча вай лардина сийлахь де,
Дог ца дохош, б1аьрг ца белхош, хийла дагна ца деш зе,
Дог1ийла и могуш-маьрша,дерриг беркат шеца долш,
Х1ора х1усме марзо йохьуш,барт иг1анчохь, и ч1аг1 беш.
Дог1ийла и х1ора шарахь, эгна дегнаш г1итта деш,
Дуьнен бала гена боккхуш, массо Нана ирсе еш,
Дог1ийла и х1ора х1усме, ц1ена лаъмаш кхочуш беш,
Везчу хьешо санна лоруш, Марха даггар къобал деш!
Свидетельство о публикации №121043004915