Хийцалуш юьхьсибат
Хийцалуш юьхьсибат,схьагойтуш шен ирча сурт,
Замано б1аьца йи молуьйтуш къаьхьа мутт.
Х1оранне хууш ду,вай йоьттург йоцийла чот,
Амма,хьо валлалц,оьшуш бу д1абийца мотт.
Массо а къаьмнашкахь ю цуьнан шатайпа кеп;
Нохчийн мотт 1аламца хьаьрчина деъна весет!
Вайн санна г1иллакхца дарба деш охуш синош,
Цхьанни а дуй техьа сел мерза, сел говза дош?!
И аьхна боллушехь,дашца ю т1улган ч1аг1о,
Кьонахийн дешнашца мегар ду дуьне къаго:
Нагахь хьо галвалахь, ткъесаца човхава цо
Во амал ягаеш, до1анца ерзош сиркхо.
1амаде, к1ад ца луш,Делера совг1атан дош,
Т1акха а хир ву хьо боданехь бакъо карош.
Роза Дахаева
Свидетельство о публикации №121043003141