Синан назма
Цу Дала кхоьллинчу васташка доггах хьажа,
Дахаран суьрташца мацца а деза вай къаста,
Хи санна йог1учу 1ожалан синах хьарча.
Со-м ца ларийна 1аламан къайленашка хьежа,
Исбаьхьа басаршца къагийна хазалла ган:
Эсалчу аматан бераллин дуьйна со къежа,
Дахар а д1акхоьхьуш сайн синан назма ларйан.
Ца хоьттуш хедар йу безамца кхоьллина назма,
Кхечарна декар ду бошмашкахь зарзарийн аз.
Ткъа аса д1ахьур йу сайн даг чохь бераллин хазна,
Дас-нанас кхоьллина хьан сибат, хьоме Ковказ!
Свидетельство о публикации №121043003011