чартийн г1ала

Х1ора а хорамо лагах динна шаддаш,
Оьг1азехь чам боцуш ца ала дешнаш
Хийлаза бакъонна ас дина къурдаш
Сайн хилла вассашна чарташ а дуг1уш.
 
Цу кешнийн аре ю сан синан ц1аьнкъехь
Дош багар далале хьекъалца т1ом беш,
Шайна чуьра са далале марчош а хьаьрчош
Довдадой д1а духку латта т1е хьокхуш.

Сай оьг1аза яхара айса юха тухуш
Д1а ала дог1учехь дош алаза дуьтуш,
Сайна хилла вассашнийн, ас ларин дешнийн
Сан синан кешнашках сийсош ду баьрзнаш..


Рецензии