Хьикматаллийн шовда Ельсаев 1аламхьадна зеделлерг

   Книгаш  дукха язъярца а, я дешнийн эвсараллийца  ца дусту адаман хьекъал-хьикматалла х1окху хаарийн г1ирсах 1ана баханчу 21-чу оьмаран муьрехь х1етте а. Коьртаниг ду аьлла  хета, багара схьадолу х1ора дош  даггара хилар, яздинарг  халкъанна пайдехь хилар а.
  Дахарехь дуккха а дешна тайп-тайпана йозанаш, жайнеш, тептарш, книгаш, шайх лаьцна дика ойланаш юьтуш, дагчу беркате х1у тосуш дукха а  нисделла, деша долийначохь 1аддитинарш а нисделла, дахаран некъан жайна  дина лелораш а нисделла.
Оцу   т1аьххьара хьахийначех  ду 2017 чу шарахь  Яздархойн союзехь  сан каракхаьчна цхьа шатайпа  башхачу аларийн тептар. Автор Ельсаев 1абдал-Хьамидан Аламахьад, псевдоним- Адам Дин дерг.
Тептаран  ц1е- «Стержень».Бухахь яздина исламан  динан хьесапехь далийна терахь-1436 шо. Т1е1аткъам бира бусулбан динаца йолчу уьйр-марзоно , сихха листира аг1онаш- дахарехь зеделларг  дара авторо афоризмашка дерзийнарг.
Башха ойлайойтура  книги мужалта т1ехь диллинчу  х1окху  суьрто:  сирла- баьццарчу басаршца гуобинчу можачу еак1овберган фонехь ши дакъа хилла,шашах болуш , бекъабелла юьхкан орам а,цунна юккъехула  схьалакхевдина  сийна марг1ал…Философин бух т1ехь кхоллаелла ойланийн з1ийдигаш  к1орггера чулацам болчу доццачу  аларшкахь д1атаръелла, дуккхаллин барам дикалле а берзош.(Качественное количество,бохучу маь1нехь)
   Яздархойн союзера арадаьлла и синц1еналлин жовх1ар сихха цкъа б1аьргашца литтина, дешна чекх а даьккхина а, юха сайн дукхаезачу книгех д1аийдира аса, жимма мукъа яьлча  гочдийр ду-кх аьлла.(Сайн синна  тайна х1ума ненан матте  йоккхуш 1едал ду сан, иесехь ч1аг1ялийтархьама а,дахарехь пайда эцархьама а.)
    Х1ара жайна дешначунна хуур ду  цуьнан автор дахарехь дуккха а чолхечу киртигех чекхвийлина ,ханна воккха вацахь а, шортта  зеделларг долуш хилар, иза халкъалахь даржо хьакъ долуш хилар а.






Синорам(Синбарам, синч1аг1о,синболат)
(Стержень)
Дуьненчу валаза волчу во1ана-
и дукхавеза волчу дегара.

1.Адамийн мостаг1ех  хила лаахь, нехан  сакхташ лехьор  ду ахьа,
Къаьбилан декъазчу т1аьхьенах йисина айпалла гойтуш.
2.Адам деза а, къинхетам  дебо лаахь-адамийн анташ лехьор  дац ахьа, уьш  кхоччуш кхиаза хиларх тешна.
3.Тешна ву со, адамалла хьайца йолуш хьо кхуьург хиларх,къизаллацуьрриг а дагчохь   йоцуш.
(Сатуьйсу ,адамаш дезар товр ду хьан синна, цаьрга цабезам кхабарал а.)

                1415 ш.


4.Хьекъалан таро ю сонталлех тера лела, цхьа бакъду сонталла-м  хьекъалах  таръялац.
(Хьекъалан ницкъкхочу сонталла схьагайта, сонталлин аьтто  бац хьекъал гайта.)             
5.Иман- дин  дезар хилла ца  1аь, динах лаьцна кхетам(хаарш)  а бу (ду)  иза.
( Иман –дин ду, амма цуьнан бух  иман довзарах боьттина хила беза.)
6.Вай –цхьаьнакхеттарш массо а,  лаьтта х1ораннан вовшех х1оттабеллачу цхьаллин ницкъех.
(Юкъаралла –иза лаьтташ ю ша-ша даьккхина юьхьсих).
7. Ц1енанас товханна  уллохь ойланашкахь до  пачхьалкханна т1ехь  олалла.
8.Кегадалар –низаман хаьрцина кеп.
9.Оьздангалла лело  хала дац, хала оьздачух тера лела ду.
10.Зов аьзнех долу, хилам  хааме боьрзу .
(Аьзнех зов ма-диссара, хиламах хааман  шовкъ (асар) кхоллало (юьсу).
11.Ши мача даим ца хуьлу цхьа тача.
12.Хьалдерш  беха  таронийн шортонехь  , къиен нах беха г1орторийн гурашкахь.
13.Х1умма а дац адам  хьуна  довзар, вон- хьа ду хьо нахана  ма-варра вовзийтинехь.
14.Ойла ян х1ума ду, х1ун ду те  хала: 1ожаллин цкъа б1аьргаш чу хьажар, я вехха дахаран б1аьра хьежар.
15.Хьанала даьккхина доцучу рицкъанех  а жоьжаг1атин алун хьожа еттало.
16.Кхетамбоцу доттаг1 хьекъалечу мостаг1ал оьшу.
17.Мостаг1аллийн з1ийдигаш хилчахьана , т1емалой даим карор бу.( девнна кийчаниш даим хир  бу)
18.Уггаре а кхерамениг -, шех пох1манча  тарвелларг.
Уггаре а декъазниг-сонталла пох1манах таръелларг.
Уггаре а томехьдерг(мехалниг)-муьлхачу а кепехь гайтина къинхетам.
19.Муьлхха а г1уллакх зуламе ду хьуна,кхечарна хаарна кхоьруш д1акхоьхьург(лелошдерг).
20.Къоьлла сакхт ца лерина,амма хьекъал доцург  сакхташна т1евуьгу  некъ-м буи за..
21.Уггаре а тоьллачу шина делилах нийсаниг кхозлаг1ниг лерина.
(Уггаре а нийса йиначу шина кхелах,нийсаниг ,дукха хьолехь,кхозлаг1ниг хуьлу).
22.Бакъдолу хьекъал –г1иллакх-оьздангалле т1ег1а, ткъа г1иллакх-оьздангалла имане т1ег1а.
23.Сонтаниг юьхьаржах1оттош цуьнан сонталлех бехкбаккхар ду,бакъду, иза эрна хилар - дахарехь зеделларг ду.
24. Хьекъалдоцчо  хьан амалан мах хадор нуьцъкъала ду б1аьрзечо хьан куьцан, ткъа  къорачуо хьан къамелан мах хадорсанна.
25.1илма доцу  адам-1индаг1ехь кхиийна стом.
26.Аьшпашбуьттучо дуьйцу бакъдерг а аьшпаш хета.
27.Кхераме ду къам ,нагахь хьекъалдолчуьнан дош ала бакъо яцахь, сонтачо дегабам барна кхоьруш,къано къоначарех дагавийла дезахь,ткъа хьикматча  сонтаче ладег1а дезаш велахь.
28.Дахарехь хьелаш нисло харжам бан безаш:нийса я хьекъале.
29.Демократин юкъараллехь адамаш 1едална муьт1ахьхилар-иза нехан кхетам лаккхарчу т1ег1анна т1ехь хилар ду, ткъа тоталитарни пачхьалкххехь –халкъ  маьрша цахилар ду.
30.Лоьрашна х1оттийна йоцу  сонтачу адаман цамгаран билгалонаш: ойлане «асар ца дайтина» кхетам, 1илманца  ницкъ ца бина хьекъал, синхаамо «шех бала ца бина» юхь-сибат.
31.Шайн дан ницкъ ца кхаьчначунах кхаьрдаш 1едал ду нехан.
Шайга ца дан делла диканиг  кхечуо дахь, иза аьшнашвар ду адаман амалехь.
32.Хьикматчин некъанийсарой –т1аьхьенашкахь гучубовлу.
33.Мазалчин( хесторхочун)  а хуьлу шен ойла, амма даим шегахь кхобуш.
34.Къинхетам-ницкъболчуьнан эг1азалла.
35.Къинхетаме хиларо нехан бала юкъара бо.
36.Барамал т1ех эхь-бехк лелор-ша-шеха воккхавер( шех тоам бина хилар).
37.Стаг юкъанаккъара мел  хили а, алсамо теша шен  шатайпаналлех.
38.Дан дезачух  дийцар-малончин нигат.
39.Паччахьна гуоно беш  болу хестамаш, д1аьвшел кхераме ю,х1унда аьлча д1аьвшо ваккха мега шен дег1ан сих, ткъа  хеставаро –сийх воккху.
40.1овдалниг-  зуламан да, хьекъалча- беркатан х1у.
41.Хьекъал еза мехала юй хаар  а ду хьекъал.
42.Г1иллакх-оьздангаллех талхарал кхераме ду хуьлучу эшамах ца кхетар.
43.Даймехкан ни1маташна т1ехь куьйгалла дарехь 1едалехь  патриоташ  белахь,и доккха ни1мат ду халкъанна, муьлш бу ца хуу нах 1едалехь хилахь-боккха бохам а бу халкъана.
44. Спросить нужно (Устойчивый иммунитет к хорошим манерам…)
45.Забар-боккъалла а долу даккхийчех  хьуьнар.
46.Шеха дикаллех   кхачам я тоам бина   хилар- шен кхачамбацарех дозалла дар.
47. Ша дика до моьттуш диначу вонал доккха зулам хир дац.
48.Эладитанаш-мукъаллин хьаьркаш.
49.Оьздангалла-цхьаболчарна  г1иллакхан гурашкахь вахар,кхечарна-урхаллин з1енаш.
50.Адамаша  вовшийн къинт1ера довлуш могуьйтурш- кхечеран хьежамаш.
51.Адаман ши ког хуьлу, амма муьлххаа ши ког болчух ца олу адам.
52.Турпалечу хьуьнарна а бахьана оьшу.
53.Хьуьнаралла- Даймохк безаран бакъ тоьшалла.
54.Хьекъал доцучу коьртехь кхоллаелла ойла  адам х1аллакдаран  герз хуьлий йоьрзу.
55.Шен къомал лакхара къам ца хетар –синцамгаран ачо.( Са маьрша ца хилар).
56.Къонахчуьнгахь къонахаллел товш х1ума хир дац.
57.Вистцахилар ду къамелдан ца хуучун молха.
58.Хьайн хьолан де муха ду  гонд1арчу нехан хьайца йолучу юкъаметтигах а девза цкъацкъа.
59.? Мехкашд1алецархошна х1олламаш ца боху.
60.Иманан йовхонехь волчунна беламе ду дуьненан бахамех ша цецваккха г1ертар.
61.Берийн дахар х1аллакхиларна бехке  баккхийчийн хье д1абаьхьна ойланаш а хуьлу цкъа-цкъа.
62.Шен синхаамийн йийсар ву дукха хьолехь фанат.
63.Кхачамалла –адамо ша-шен  кхиаран мах хадор.

                1415-1420 шш.
64.Муьлхха а харжам –харжамхочо шен хадийна мах.
65.Дуьне резадан ницкъ кхочу дуккханнийн а, х1аллакдан –цхьаьнна а.
66.Поэтаца къовсам-йилбазмаьхьарца т1ом.
67.Лийр ву массарна а хууш ду, амма цунах тешар к1еззиг ду.
68.Зуламан  цхьа дика аг1о-барам.
69.Цхьаьннан хазахетар макхдийриг- кхечуьнан хьаг1.
70.Бакълуьйриг тамашийна хетахь, ша мел дерг а тамаше  ду.
71.Безам-синхаамийн гулам.
72.Нагахь санна хьох  т1аьххьаралера эладитанаш хьулделлаьхь: я эладитанаш юкъара д1адевлла, я хьо вийца ваьккхина хьуна.
73.Хабарчин эмоцеш-къамелдечуьнан синхаамийн стом.
74.Ямартлочун  низам –уггаре а ларделлачух низам.
75.Езачу йоь1ан дог дуьххьара ца даккхаделачух тамаша бу-кх цуьнан т1аьххьара безам хила сатийсар.
76.Нагахь санна  цхьанна адамашна хьо шайн стаг ву аьлла дагадеънехь,д1ахоуьйла хьуна. кестта  хьо адам санна лара дола хеташ хир бу уьш.
77.Нахах доглазаш к1адвелларг   шен дахар цхьаммо хадорах жимма   а кхоьруш хир вац.
78.Ши хье хиларах а зенехь дац.царех цхьанна чохь хьекъал хилчахьана.
79.Дозадеттаран а бу шен цхьа барам.
80.Цхьана х1уманах а б1о къажош воцург а,б1о къажош хуьлу,ша цхьана х1уманах кхераваларна.
81.Сонталла гайтар-уггаре аттачех ду хьекъалечунна а.
82.Сий-ларамал деза х1ума дац механа а, йолана а.
83.Цкъа хьалха дахар…цулт1аьхьа –кхетам.
84.Хьекъалдоцчийн лозунг-муьлхха а х1ума кхочушдало ахчанца.
85.Сонталла иза цамгар ду.
86.Автобиографи-ша шех олу хаза дош.
87. Дин а, дахарехь даим а таь1на хилар а цхьаьна ца дог1у.
88.Дуьне хьайна гуонах хьийза аьлла хетахь, хьо дикка д1асаведдачух тераду дуьненахь.
89.Х1уманийн низам-ц1еналлий, хьесаппий.
90.Безамца  вахар дош ца хетарг ша а вац безамна хьакъ.
91.Слово не воробей –сказал,не сделал ,вылетишь.
(не нахожу пока эквивалента на родном)
92.Буй-т1ара лардан хуш велахь, дуьхьало дика ялур ю.
93.Х1уманан кхоамбар-коьрта кхиамийн статья.
94.Хьайна товш болу гуо я кхераме бу,я  пайде бац.
95.Ж1аьла –цхьаьна адаман доттаг1.
96.Даггара т1елаьцначу бехко бехказлонеххь аттачу воккху.
97.Эхьдацар-дайна ирс.
98.Дагахь доцучух ларвала лаахь,диканах тешаш а, хьоьжуш  долчу зуламна кийча а хила веза.
99.Хьолада мискаллех кхоьру,мисканиг  юьхь1аьржонех кхоьру.
100.Бераш-вайн тахане.
101.Т1улгаш лехьо зама кхочу, куьйга-карахь герз доцуш висча.
102.Хьоладайн шайн 1адаташ хуьлу.
103.Хьайн аьтто хилча,дозалла а ма дие, ткъа таро йоьхча осала а ма лела.
104.Хьайх нах кхаьрдийла ца лаахь, массаьрца а чукаре ма хила.
105.Ша шех тоам ца бо  моттийтар  товш дац адамехь.
106.Кхетам боцу хьекъалча  1овдал лара мегар ду.
107.Турпалалла стогалла т1ехъяларна гайтина ца 1аш, шегара хьуьнар оьшучохь а  гойту.
108 Шайн хьуьнаралла дозаллийца кхайкхор  дуьххьара котамна дагадеъна.
109.Т1ех дукха хааро хьекъална ницкъ бо.
110.Хийла да лахьте воьрзу сатийсам д1а ца болуш.
111.Зама –иза хиндерг а ,д1адаьлларг а цхьаьнаийна,ткъа тахане –иза цхьа м1аьргуо.
112.Юьхьаржа х1оттарах ларваларо кхиамца  болхбойту, ткъа балхах валарх кххераро юьхь1аьржа х1оттаво.
113.Ирсе ваха  хала дац ,хьо нехан баланашна сема вацахь,амма  дахар ирсе хирий техьа,нехан баланшна саготта воцчуьнан.
114.Хьан хьал-де цхьаьна а кепара шайх дозуш доцчу нахаца ларам  лелор- иза ю сийлалла,ткъа кхин д1адолчу хьелашкахь г1иллакх-м ду иза, амма цецвала х1ума дац.
115.Бакъдерг а тов  вайна, вайн  бакъдолчуьнца дог1уш и делахь.
116.Вон болх-вон хьуьнар.
117.Адамашна юкъахь хала ду адам хила.
118.1едале ларам кхио беза, 1едалах кхера 1амо ца веза.
119.Эмансипаци эволюци яц, юкъараллина зен доцуш хуьлийла дац цуьнан.
120.Бакъонах тешар-Делан къинхетамах тешар ду.
121.Белхан кхиар ду –зенделларг дахарехь алсам хилар,амма и кхочушдан хан к1еззиг хилар а.
122.Догдохалур дац, дог дохадинчуьнан, я догдохалун доцчуьнан.
123.Бакъ дац иза, доттаг1чо воьхкина бохург, воьхкинарг- доттаг1а ца хилар гуш ду.
124.Дег1ах са къаьстича цунах дакъа хуьлу, ткъа дег1ара эхь-бехк деддачу  адамах  акхаро хуьлу.

                1425-1436 ш.
 Р.S.
 1илма –керлачу 1илманан т1ег1е  г1улч.

Гочйинарг:Абубакарова П.З.

Т1аьхье хир ю...


Рецензии