19. Хьалауьйъу шен бер нанас

Хьалауьйъу шен бер нанас,
Шен нур доькъуш, малхо санна.
Муьлхха хало дагт1е эцна
Беран дуьхьа цо къахьегна.

Хьалауьйъу шен бер нанас:
- Сан жиманиг, хьажахь д1аса!
Гуш юй хьуна ялтийн аре?
Цуо сатесна хьо кхиаре.

Нуьре къиега беран б1аьргаш.
Цунна го шен да к1а хьокхуш.
Дукха вахарг кхиъна ваьлча
Дена хир ву цунах г1оьнча!

Азман Джабраилова


Рецензии