***
Стигланан сийналлех ийна
Лаьмнаш а сеналло хьийна,
Дахарах дош ала аьлла,
Со – зезаг – Нохчийчохь даьлла.
Даймахко шен йовхо елла,
Сайн халкъан цIеналла мелла,
Дуьненахь архь1 яржо аьлла,
Со – зезаг – Нохчийчохь даьлла.
Дайх дисна гIиллакхийн г;рахь
Карийна эхартан туьйра,
Кхерч латто Нохчийчохь аьлла,
Со – суй бу алунах баьлла.
Харцоно сан Даймохк хьийча,
Адамаш балехь а хилча,
Догъэца мискачийн аьлла,
Со – суй бу гIайгIанах баьлла.
Стигланан сийналлех ийна
Лаьмнаш а сеналло хьийна,
Дахарах дош ала аьлла,
Со – зезаг – Нохчийчохь даьлла.
Свидетельство о публикации №121030906186