Сан Йиша - Доттаг1
Лаарна даима хьо ирсе гойла ,
Ирс аьтту латтийла хьан когех хьерчаш ,
Дуьненан 1аламо хаздина некъаш !
Вовшех вай даккхий деш ,
Ирс , аьтту лаьтташ !
Замано тиш ца деш ,
Хьо хаза лаьтташ !
Б1аьстенан йовхоно
Вай дегнаш хьоьстуш !
Ирс долуш ехийла
Сан йиша - доттаг1 !!!
Х1ара илли олу ас совг1атна хьуна ,
Ларам беш хиларна вай везчу Далла !
Аллах1ан беркат ду йаларна суна ,
Беркате некъ гойтуш цхьана тохарна !
Вовшех вай даккхий деш ,
Ирс , аьтту лаьтташ !
Замано тиш ца еш ,
Хьо хаза лаьтташ !
Б1аьстенан йовхоно ,
Вай дегнаш хьоьстуш !
Ирс долуш ехийла ,
Сан йиша - доттаг1 !
Баркалла олу ас хьо йинчу нанна ,
Сел дика доттаг1а кхиорна сайна !
Хьо ю сан дахарехь седанах лепаш ,
Сирлачу ойлане со т1ома йоккхуш !
Вовшех вай даккхий деш ,
Ирс , аьтту лаьтташ !
Замано тиш ца еш ,
Хьо хаза лаьтташ !
Б1аьстенан йовхоно ,
Вай дегнаш хьоьстуш !
Ирс долуш ехийла
Сан йиша - доттаг1
Вовшвшца самукъне йоккхур вай зама ,
Го шорбеш т1е оьцуш диканна хьаша !
Беркате хьаша ву вайн Далла везнарг ,
Аллах1ан беркат ду шу довзар суна !
Вовшех вай даккхий деш ,
Ирс ,аьтту лаьтташ !
Замано тиш ца еш ,
Хьо хаза лаьтташ !
Б1аьстенан йовхоно
Вай дегнаш хьоьстуш !
Ирс долуш ехийла ,
Сан йиша - доттаг1 !!!
26 . 02 . 21 ш / Джабраиловп - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLxS4VLnkZW/?igshid=13tpo51tmlwvv,
Свидетельство о публикации №121022702696