Вайн Къоман Дозалла - Дурти Мумади!!!
Шайгара кхачийн герз - т1амца схьа доккхуш ,
Къарцалуш т1ом бина Турпалхой Къоман ,
Вай бийца , бовзийта т1аьхьенна беза !
Чаг1алкхех хьерчаш йолу берзалой санна ,
Мостаг1ий сов хиларх кхерам ца тесча ,
Луьрачу герзашца сов йина чевнаш ,
Йийсаре лийцира турпала к1ентий ! ...
Мацалло , хьогалло , ницкъ бина ч1ог1а ,
Г1елбина эшадеш дег1ера г1ора ...
Де аьшна йийсархой мог1арца нисбеш ,
Цхьа эпсар хилла бах яьтташ схьавог1уш ...
Йалочу къизаллан тоха са доцуш ,
Дуьхьалло йан дег1ехь кхи г1ора доцуш ,
Са даьтташ лаьттачу йийсархошна юккъехь ,
Мог1арца нисбелла сий долу к1ентий ...
Махьарх гай йиллина эпсар т1евог1уш ,
Уллора шен накъост букъ т1ехьа тоттуш ,
Ч1аг1о йина дог 1аббош бетах буй тоха ,
Цул т1аьхьа ша валарх шек валар доцуш !
Цу суртах б1аьрг кхетта инзаре ваьлла ,
Сихо еш т1екхача рог1ехь верг вуьтуш ,
Вог1аш волу буй айббин т1емлочун тоха ,
Буй кхеташ вуьйжир бах и эла - эпсар !
Каноша ка тоьхна тоха герз дулуш ,
Куьг ойуш совцийр бах - ВИТА И !!! - олуш ,
Сихонца валаве шена т1е !!! - олуш ,
Дег1 нисдеш вахар бах и эла - эпсар !
Эпсара хаттар дина - Хьо хьена мила ву ?!
Муьлхачу къомах ву ?! Да - нана мила ду ?!
Аз тодеш элир бах , шен корта ойуш ,
ДЕРА ВУ - НОХЧО К1АНТ !!! ДУРТИ МУМАДИ !!!
Эпсара аьллера 1алашо сецна ,
Йийсархой ларбарехь майра к1ант аьшна ,
Хьо саннарг лехна ас ОБЕРКОП х1отто ,
Йа бохург дийр ду ахь ! Йа вала кечлур !!!
Юьхь йоцуш аьллачун оьг1азло йина ,
Дог хилла са доккхуш эпсар вахьвилла ,
Сих ца луш ойла йин - Цхьа зие ши пайда,
Со валарх пайда бац - висахь г1о хир ду !...
Нохчашна еш йолу г1ело ца лалуш ,
Даржо шен йожочу ц1аро юьхь йагош ,
Нигат дин - Ка даьлча т1емлошца вада ,
И нигат кхочушдан т1е аьцна бала !
Де дийне мел дели юург сов юьллуш ,
Чевнех д1ац1анбарца г1оране балош ,
Эпсар шех тешавеш некъ маьрша боккхуш ,
Къайлаха бовдарна беш хилла кечам !
Хан -зама мел йолу шаьш долу меттиг
Некъаш шай талларца билгала йоккхуш ,
1ехийна , вахийна и эла эпсар ,
Кадели къайлаха лагерера бовда !...
Вайн махка кхачале люьра т1ом барехь ,
Европехь г1араваьлла Дурти Мумади !
Чаг1алкхах каетта дера борз санна ,
Мостаг1ий эгорца доьналла гойтуш !!!...
И тайпа д1абийца кхолламан новкъахь ,
Дукха бу къоман сий лардина к1ентий !
Доьналла гайтарехь шай са д1аделла,
Т1аьхьарчу таьхьенна йаккха ц1е йитна !!!
Сий хуьлда къонахой - йахь йолу к1ентий ,
Шай са ца кхоадеш маршонан некъахь ,
Парг1ато яккхарехь майралла гойтуш ,
Нохчашна Сийлахь Ц1е - йитарна яккха !!!....
18 . 01 . 2021 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса /
https://www.instagram.com/p/CKLnE7AHLgp/?igshid=628umje0xoo5
Свидетельство о публикации №121022503180