Делан ц1а лаьттина беркате майда!!!
Цоцаноьвл хаз йина цхьа къайле йайни шун ?...
Гуьйранна , 1ай , б1аьста , аьхначу цу аьхка ,
Ша тайпа хазаллех , хин юккъехь лаьтта дит ...
Луьрачу шин т1амах вайн Дала лардина ,
Чехка и хин 1овраш уллохь чекх туьйсуьтуш ,
Баланаш сов буьлуш , доьхначу дуьненахь ...
Холкъан дог айадеш , куц хазлуш лаьтта и ...
Гуьйренца хьо водахь , шен дашо г1аш хьерчош
Кийрара хьан бала д1аоьций дужу г1а ...
Шийлачу 1аьн юккъехь , орцанца т1е воьхуш ,
К1ац йиллин геннашт1ехь хьан дагчур г1айг1а го .
Ткъа б1аьсте т1е йог1уш , дог оьцуш гойту цо ...
Г1а тосу патаршца дахаран керла хан .
Хиллариг , дайнариг кхи карла ца дохуш ,
керлачу дахаре шеца д1акхойкху цо !...
1ай , б1аьсти д1а яьлча ,аьхкенан йовхонехь ,
Делан ц1а лаьттинчу майдане кхойкхуш хьо ,
Техка и 1индаг1 луш баьццарчу к1ажаршца ,
Йовхонехь шело луш беркатах гу бина !...
Вайн Дала и майда беркатна лар еш ю ,
Устазаш , оьвльяаш ламазн гор латтарна ...
Маликаш доладеш , 1индаг1 луш кхиъна дитт ,
Теша тхо , махканна бяьркат ду , лаьттачахь !!!....
10 . 12 . 2020 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CIqC1JCnmJm/?igshid=fyotj8om28qa
Свидетельство о публикации №121022309077