Маржа - я1 зама хьо!!!
Т1екхочу вайн дайша баланаш 1аьвшина де !...
Вай доьлху дегнаш гуш дог1а - ъ ду лайх ийна дог1уш ,
Макхъелла и стигал , вайх тарлуш малх кхаьтта яц !!! ....
Вай кхето мотт бацахь - ъ зама ю къизалла юьйцуш ,
Шена гинарг ла цалуш дог1анах х1ара латта 1абош !
Бехк боцуш къизалла ловш эгна Турпала Къаьмнаш
Каш доцуш бисинчах , къахеташ ша хьулбар дуьйцуш !!!
Замано диц ца до харцонаш къаьмнашна гайтар ,
Ч1ир йоцуш цавуьту бехке верг маьл яларх хан !
Дела ву вай накъост и дерриг шен б1аьра дайнарг !
Кхел - хьукхми нис дендерг , нисдинарг вай Аллах1 ву !!!..
Йа Аллах1 хьо гуш ву тхан г1ийла дагчура ойла !
Йо Дела хьо гуш ву къахеташ тхан лозу дог !
Йа Робби доьху хьо тхан г1ийла саг1а т1еэций !...
Дай - наной , йиш - веши до1 - весет , г1азот д1аэца !
Декъала хуьлда шу бехк боцуш халонаш лайнарш ,
Мацалли , хьогалли , шелони баланаш лайнарш ,
Каш доцуш докъаза бехачу цу некъахь байнарш ,
Шу сий деш , диц ца деш дуьненчохь йоккхар ю хан !!!
Замано нисдийр ду бехк боцуш аш лайна 1азап !
Вай Дала йолаха дохур дац къинхетам беш !
Шу Сий деш мовладца шу сина доккхар ду саг1а !
Вай Дела и гуш ву , Элчано (с.а.в.с )кхочар ду орца !!!
23 . 02 . 21 ш. / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLoEwHTHuhx/?igshid=8cb5tbd2b4sx
Свидетельство о публикации №121022308443