Дахаран жайна
Лийхира ас аг1онаш хоьрцуш,
Безамо, дагчу ц1е йиллина,
Лелла хан, жималло хьоьстуш.
Аг1онаш яра ца тоьуш:
Баланаш юккъера йаьхна
Кадетташ, къиза уьш цоьстуш,
Дахарах дакъанаш даьхна.
Куьзгана хьалха со хоьттира,
"Тишъелла мужалте" хьоьжуш,
Юккъера, йайначу аг1онийн
Мог1анаш, сайн юхь т1ехь доьшуш.
Йийсаре лецира гезгано,
Ойланийн мазанца воьхкуш:
Ма-дарра гайтира куьзгано
Къаналло сан дахар доьхкуш...
Свидетельство о публикации №121022008338
Саид Умахаджиев 26.04.2021 17:57 Заявить о нарушении