Нохчалла!!!
Йаздарехь доца дош , сийлаллийн лаккхара мах !
Ойланца таллам беш, ладуг1уш жимма къахьегча ,
Гучуйолу вайн къоман ша тайпан турпалхойн васт !!!
НОХЧАЛЛА -- хьан кхоччаш маь1ан дан хуур дац нагахь ,
Хьайн къоман даггара т1ег1ерташ , сагатдеш вацахь !
Аганахь 1амийна ненан мотт буьйцуш хьо вацахь ,
Бицбина ! Т1еэцна мостаг1чо марзбина мотт !!!
НОХЧАЛЛА - аганахь юьззина хьо кийра таръеш ,
Нанас шен иллешца д1а иеяьш сий долу йахь ,
Тахкийна шен ага , узум беш хьо дагчохь йаржош ...
Тхан деган пхенашка х1оранна кхачийна д1а !!!
НОХЧАЛЛА - аганахь 1уьллучу бераллийн хенахь ,
Хьайн къам ахьа дола деш кхиийна ца тосуш д1а !
Кхетийна , вайн дайша гайтарца г1иллакхан доза ,
Харцонах ларвала - хьехар деш 1амийна ахь !
НОХЧАЛЛА - дуьххьара бера ког ахь лаьтта буьллуш ,
Хьан лаьмнаш ницкъ белла , ч1аг1 бина г1оранца ког !
Хьан шийла шовданийн ц1ена хи ца 1ебаш муьйлуш ...
Кхиийна дог ц1ена , ца евзаш йамартло , хьаг1 !...
НОХЧАЛЛА - дуьххьара сира дин хьо лар йан бужуш ...
Мостаг1ий кхийрина , хьо йолчахь харц ала дош !
Хьан ницкъан к1оргенаш х1илланца - къайлаха охкуш ,
К1орггера орамна т1екхача ца тоьъна ницкъ !!!...
НОХЧАЛЛА - хьо йожо , сий дойуш , кхи ларам боцуш ...
Ненан мотт къахьбина , букътухуш х1оттийта д1а ,
Вайн дайша лардина 1адаташ диц дайта г1ерташ .
Марз йина вайна йуккъе ц1къа а ца йеана кеп ...
НОХЧАЛЛА - т1аьхьаьнна хьох эца масалл ца дита ,
Дуьненчур лар йойуш кхачадан турпала къам .
Аллах1а деллачу 1аламан хазаллах даха ,
Хаалаш , мостаг1чо цхьа ондда хьоьгийла къа !...
25 . 01 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова Раиса /
https://www.instagram.com/p/CKb_Lopnq57/?igshid=1nqt3zg19v2mg
Свидетельство о публикации №121021907201