Кадам!!!
Ши доттаг1 хилла бах вайн махкахь вехаш ,
Хилла бах цхьа башха гергарло дезаш
Йоьдучу хенаца марзо ца хедаш ...
Дика - во деанчахь хилар бах цхьаьна ,
Дог ойуш , дог оьцуш б1аьрг бюьзна неха ,
Шайн чохь дерг - доцуриг вовшашка далхош ,
Г1о эшна халонехь каде т1е кхочуш
Хан зама д1айодуш мухха нисделляьхь ъ...
Д1аса валар ,1ар - вахар нисделла генахь
Цу муьрехь цхьаъ висна нана д1аяьлла ,
Ткъа важа т1е кхача цхьаа аьтту боцуш .
Шо шере делир бах аьтту ца болуш ...
Дог эца доттаг1чун т1екхачар доцуш ,
Цхьана дийнахь ка даьлла дуьхьала веъча
Долийр бах доттаг1чо кхетаван дийцар ...
Да нана д1адаьлча хилла д1алелаш ,
Йиш - вешийн марзонах ваьлча а лелаш ,
Ма виса б1арз велла аьттунах хаьдда ...
Дег1ачохь саъ долуш , цхьаа дан г1о доцуш !...
Корта шен оллийна доттаг1 т1е веъча
Кадам схьаийцир бах мара а къовлуш ,
Къинт1ера валалахь , ша ледар хилла ,
Нисвалар муха ду хьажа ца кхиъна !
Ша тайпа марзонаш лелийна дайша ,
И марзо йитина йицйай ма 1айша .
Лелийна г1иллакхаш карла а дохуш
Марзонаш ч1аг1 йе шайх масалла гойтуш ?!...
22 . 01 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKWrLhaHkCR/?igshid=1g7natppt1hr4
Свидетельство о публикации №121021906871