НАНА!!!

НАНА - ма мерза стом бу хьо нана !...
Ма аьхна йовхо ю нана ....
Ма сирла ойла ю нана !...

НАНА - ма йовха х1усам ю нана !...
Марзонан кхерч бу хьо нана ...
Токхо еш кхача бу нана !...

НАНА - кхерчара ц1е ю хьо нана !...
Дуьненан серло ю нана ,
Дагт1ера  зезаг ду нана !...

НАНА - къоман сий , йахь ю хьо нана !...
Аганан илли ду нана ...
Дуьххьара дош ду хьо нана !...

НАНА - дуьненан дозал ду нана !...
Дуьненан нийса некъ нана ...
Б1аьргара ц1ена хи нана !...

НАНА - дагчуьра довха ц1ий нана !...
Ойланий да ю хьо нана ...
Йалсманан  не1 йу хьо НАНА !!!...

НАНА - хьо йоцуш син гаттам - бала ,
Хьо йоцург шийла 1а нана ...
Хьо йоцуш дуьне дац  НАНА !!!....

26 . 01 . 21 ш . /Джабраилова - Абубакарова  Раиса /
https://www.instagram.com/p/CKf7klrnjSa/?igshid=1tts01x2w5ihi


Рецензии