Диц лур дац!!!
Харцонна г1орийна , ша бина шелонах лаьлхар,
Шовданаш дилхина хи кхачош , хи доцуш дисар ,
Хьаннашкахь экханаш вайна т1ехьа биттина б1аьрг !!!...
Диц лур дац - вайн йарташ йохаеш , къа доцуш атар ...
Урамаш , дассадеш х1оттадар къематан де ...
Бехк боцуш махкаха даьхна вайн сий долу къаьмнаш !...
Харцонца йожийна вайн къаьмнийн сийлахьан ц1е ...
Диц лур дац - т1е кога схьаэца а , йоха - ъ ца ларош ,
Берашна кховдадан ца хилар кхалларан цуьрг !
Йиш - ваша , дех - ненах къа доцуш , къестадеш даахар ,
Бина некъ , биц лур бац , халонна диттина са !...
Диц лур дац - цу сибрех хан яьллач хенахь д1акхачар ,
Чу даха тхов боцуш , лайн йуккъе къа доцуш кхийссар ...
Мацаллан , хьогаллан , шелонна тоха са доцуш ,
Кхазахи йижарша комаьрша йишалла дар !..
Диц лур дац - бохбина шуьри кад мецачу берашна баош
Бух таса , лаьтта т1е , къа хеташ , бамбийн гоь йар !
Цамгаро г1елвинарг дарбанна лоьран т1е кхачош ,
Диц лур дац - кхазахи вежарша вошалла дар !...
Диц лур дац - хало ловш , вовшашка хилла къинхетам ,
Дика - во цхьабосса ца къастош дерзадар д1а ....
Вовшашка комаьрша къинхетам , вовшашца ларам ....
Биц лур бац - цу махкахь вайн хилла ца буху - барт !!!
26 . 01 . 21 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKgwUNcHF_y/?igshid=1bv2zbt4vem4a
Свидетельство о публикации №121021905412