Вайн йиша Мадина
Мела хиш лечкъадеш хих буьзнач б1аьргий
Дагчура баланаш иллешца балхош
Ехаш ю оьзда йо1 , вайн нохчийн къома .
Юьхь - сибат хаза ду , совг1ат ду Делан ,
Собаре хиларна , г1илкхах ца юхуш ,
Олу дош мерза ду , ткъа аз ду зевне ,
Эшаршца сий ойуш балхош вайн мохк бу !
Вайн мехкан хазалла ,вайн къоман сийлалла ,
Ненан мотт бийцарехь къоргенаш гойтуш ю ,
Ламанах бухдуьйлу шовданех тардина ,
Аьзни барт нисбина тобанца болх беш ю !
Шен къомах дог лозуш г1иллакхаш гойтуш ю ,
Х1оранна ненан мотт лере д1акхачош ю ,
Г1о оьшуш йисинчахь г1о деш цхьа ца хилча ,
Корматал сов яьлчу 1илман дайх х1у до вай ?
Г1иллакхаш гайтарехь йахьах дог дуьзна ю ,
Тишбина ненан мотт лакхене тоьттуш ю
Вайн дайша ларбина вай сийлахь Даймохк
Хьо нисбан г1одарехь мичхьа ду орца ?
Г1ийланиг , мисканиг къа хьоьогуш гуш ву ,
Вовшех бен г1о доцуш , ахьа орцан кхайкхарх ,
Ткъа 1илман дай бу вай генара схьахьоьжуш ,
Дош аьлла шайгара пайда ца гойтуш !!!
Х1умма дац Мадина вай вовшен хир ду !
Цахуург 1амадан , вайн накъост Дела ву !
Халонах чекх довла 1амийна Аллах1а !
Йахь ца луш доьвра ду халонех хьалха !!!
Г1ийлачух г1ийланиг кхеташ ю зама ,
Вайн мехкан сийлалла лачкъор дац цхьамма !
Вайн шира мукъамаш цхьаннех ца хуьйцуш
Вайн иллеш , вайн эшарш нисйийр ю вайша ...
Шен махках дог лозург гуш ву Мадина ,
Соьмах ца 1ехалуш сирла лар юьтуш ,
Шех ала дош дуьтуш кханенга хьоьжуш ,
Шайн доцчу г1оронца къома сий ойуш !!!...
06 .02 . 21 ш. / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CK9jX6WHaYY/?igshid=12lxmjq3sil82
Свидетельство о публикации №121021904811