Вайнеха к1ант!!!
Сий долу къоман дай декъашхой х1иттош ,
Вайн къоман дийцархой - долуш дерг дийца ,
Мукъамхой - дийцинарг мукъаме дерзо !
Илланчаш иллешца адмийн дог дастийта ,
Хьехархой галдолу дош нисдан хьовса ,
1илманах цакхетарш -1илманца г1о дайта ,,
Нохчийчохь нохчалла - барт болуш д1агайта !
1алашо йара хьан вайн марзо ч1аг1ъйайта ,
З1е нисъеш дуьненна уьйр - марзо д1агайта ,
Вай декхар кхочуш дан , вайн Далла хьалха ,
Ахьа дечух пусур деш к1езиг бу - кх тахна !
Нохчо ву - со бахарх , нохчо - м ца хуьлий ,
Шен къомах даггара дог лозуш вацахь !
Шен къоман г1о оьшуш доьхначу дийнахь ,
З1е нисъеш мог1ара д1ах1уттуш вацахь !!!...
Нохчийн ц1ий долуш ю - ахь кхоьллина тоба ,
Дог лозург хьагуш ву - " МАРЗОНАН КХЕРЧАХЬ !!! "
Говзалла йолуш верг - махкана вовзуьйтуш ,
Шайн йоцчу таронца вовше г1о лоцуш !!!....
Цхьаъ т1амехь - б1аьхо вац , мел каде хьийзарх ,
И лиеташ г1оъ ца деш , хьоьжуш верг - к1илло !
Аттам ду геннара б1аьрг баьтташ латта !
Ша волччахь мах хадош , цахезехь цхьанна !!!
Мичхьа бу 1илман дай - улло ца х1уьттурш ?!...
Вайн нана нохчийчоь кога ца х1оттош !!!
Вайн шар1ан 1адаташ духуш бац бала !
Ткъа дерриг нисделча - м хир ду шу хьалха !!!
Дош аьлла вистхиларх - багар лан дужур дац !
Дог лозуш ша волчо сий пусур дийр ду хьан !
Вайн мехкан доьналла дуьненна д1агайта ,
З1е нисъеш х1уттур ву , дог лозург улло !!!
Сий хуьлда нохчий к1ант - вайн къома турпалхо !
Герз тоьхна чов йоцуш - байташца бо ахь т1ом !
Къомах дог лазарна г1о - аьтту лоьхуш ,
Х1ара тоба кхолларна , баркаллах1 хьуна !!! ...
07 . 02 . 21 ш /Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CK-vW9PHdHR/?igshid=luy2147cnoar
Свидетельство о публикации №121021904658