Мамуева Лиза!!!
Йа Аллах1 Дела ,
Беркатан доьзалах
Тохарна со !
Шайн хазчу г1иллакхца
Беркате шуьне
"Марзонан Кхерче"
Т1еэцарна со !
Х1ораннах схьаэца
Беркатан масал ,
Х1ораннах схьалаца
Хьекъале дош ,
Г1иллакхца , г1уллакхца
Нана мохк хазбеш ,
Вайн Даймохк къагийна
Йиш - вешийн кхерч !
Царах цхьаъ йовзийта
Бусалбан йиша ,
Вайн къоман дозалла
Мамуева Лиза ,
Вайн къоман мехкаршна
Массалла эца ,
Хьакъ долуш хастайан
Бусалбан йо1 !
Ламазца , марханца
Суьпа стаг ю и ,
Саг1ийна комаьрша,
Дог ц1ена йо1 ...
Олу дош эсал ду ,
Ткъа лелар оьзда ,
Йолчарна юьхьк1ам бу
Тхан йиша Лиза !
Дахаро ца хьоьстуш
Хан - зама йарах ,
Доьналлах ца йухуш
Схьайог1у и ...
Беркате шен доьзал ,
Беркатах 1абош ,
Хьаналла къа хьоьгуш
Лелаш ю и !!!
Де метта , шен метта а
Ша цхьаъ йисарна
Каде ю г1уллакхца
Шен доьзал нисбеш ,
Ткъа дерриг дерзийна
Мукъа ханн еъча ,
Мукъамаш дахарца
Ша говза ю !!!
Ас хастам бо Далла
Шух беркат даларна
Шу довза , шу деза
Йаларна ханн ,
Йог1ачу заманца
Пурба лахь Дала
"Марзонан цу Кхерчахь"
Гуллур ду вай !!!
11 . 02 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLIp1VRnJ73/?igshid=1pg6rmif66bxq
Свидетельство о публикации №121021900381