Сан йиша - СИМА!!!
Серло ю хьо йолчахь - боданах вала ,
Безам бу хьан дагчохь - г1аддайнарг хьаста ,
Собар ду хьан сица - лекха лам баккха !!!
Доьнала вай Дала совг1ат деш делла ,
Хьекъал ду мел говза 1илман дай хьега ,
Кхетам бу , вайн Дала делларг д1акхехьа ,
Хьоьх лаьцна дукха ду тхан дийца Сима !!!
Дог ц1ена хиларна - атта ду яха ,
Сирлачу ойланца - халонаш цяьста ,
Хьуьнарах йоьттина - лекха б1ов санна ,
Хьан ц1енчу ойлане кхуьур вац цхьа а !!!
Т1е хьаьжна г1орасиз , ницкъ белла Дала !
Хьан кийра цатарлуш хиларна бала ,
Вайн Аллах1 Дела ву ахьа накъост лаьцна !
Шен Дела малайкаш орцанна делла !!!
Декъала хуьлда хьо тхан хьоме Сима !
Вайн Делан кхелана хилла хьо реза !
Собарах ца юхуш ахьа доккху г1азот !
Къобул деш , дуьненчохь ехийла г1оза !!!
Турпала мехкарий - турпала НАНОЙ !....
Вайн мехкан дозаллах - масалла эца !
Вайн НОХЧО - къома йо1 , вайн къома - НАНА ,
Доьналла , йахь йолуш , собаре хилла !!!
Сий хуьлда Нохчийчоь - Турпала НАНА !!!
Йахь йолуш кхиъна ахьа кхиийна доьзал !....
Турпалхойн къам ду хьан айина корта ,
Доьналлех ца духуш - хьанал къахьоьгуш !
Сий хуьлда сан Даймохк , дай баьхна латта ...
Хьан сий деш мотт ларбеш г1ароллехь лаьтта ,
Сий долу , йахь йолу йиш -ваша мел ду ...
Кхерам бац - сий дайна хьо боьхна хьийза !!!
09 . 02 . 21 ш / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLCuVZ7n26G/?igshid=14fcndx1a772a
Свидетельство о публикации №121021900331