Нохчийн Къома Холхазан Куй
Геннара г1ашлойн некъ хала хиларна
Тишъелла йоьхнера когара мачаш ,
Ц1оокан т1е ког буьллий хьалаа а карчош
Ност лоцуш д1айоьхкий - еш хилла мача ...
Ша новкъа бахале т1е аьцна хьеший ,
Совг1ат деш , 1адат дара вайн сийлахьа Элчанн (с.а.с.)
Ткъа уггар оьшуш долу , вай тобан совг1ат
Г1ирс хилла - кх , мача йан шайн новкъа бовла .
Оьшачун тидам беш гонаха ваьлла
Омар деш аьллера , кхочуш дан 1адат ,
Ша кховдош долу совг1ат , оьшуш дерг хоржуш ,
Ц1окарчий йа царна тоьллачех харжий !!!
Вайн Элчан (с.а.с ) деза совг1ат шайн кара кхачча
Совг1атан мах хадош б1аьргара хица ,
Вайн нохчийн тобано ч1аг1о йир дагца !
Элчанна деза совг1ат когех ца даьхка !!!
Маьл гена некъ хиларх эшам беш вайна ,
Ч1аг1о йо совг1атна ког т1е ца билла !!!
Цу холхаз сий дойуш когех ца даьхка ...
Сий ойуш , хьарчийна хиллера коьртах !!!
Имама элир бах б1аьга хица ,
Хаалаш холхаз куй эццар схьа баьлла !
Когашна хьарча дан дина и совг1ат
Сий динарг къаьмнашлахь цхьа НОХЧИЙН ТОБА !!!
Имам маркхийтир бах шайх марзо оьцуш ,
Шен къамел дерзадеш , шен ларам буьйцуш ,
Йахь йолчу цу тобан - хиларна т1аьхье ...
Нохчий къам дезаш ву къамнашна юкъахь !
Сий хуьлда НОХЧИЙН КЪАМ , йахь йолу к1ентий !
Йахь йолчу шун дайша дитина совг1ат !!! ...
Дуьненна довзуьйтуш шу хаза г1илкх !
Доьналла , сий гойтуш къаьмнашлахь къаьсташ !!!
Сий хуьлда ХОЛХАЗ КУЙ лелочу к1ента ,
Вайн ЭЛЧАН ( с.а.с) ларам - сий ду аша гойтуш !
Кхуьийла вайн махкахь шу тайпа к1ентий ...
Вайн ЭЛЧАН (с.а.с) сий ойуш , са дала кийча !!!....
31 . 01 . 21 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKsv_rVHnDw/?igshid=11dkrk71u4t8x
Свидетельство о публикации №121021804076