Сий долу нохчийн Холхазан Куй!
Цхьана шарахь маьждигехь , цу Туркойн махкахь ,
Имам вара воккха стаг , хьехам беш башха ,
Дог - ойла т1еяхна , даго т1еоьзна ,
Тхо герга г1оьртира 1илман да вовза ...
И вовза маьждиг чохь т1екхача хьаьжча
Леларца а , духарца а тхо билгал хилча
Хаттар дира , шу муьлха къомах ду аьлла ?
Воккха веш т1еийцира , ма - дарра хиъча !..
Нохчийчур нохчий ду - аьлла хазийча
Б1аьргара хи долуш долийра дийцар ,
Шен деда нохчий вара , нохчийчохь ваьхна ,
Имама Шемилан заманахь веъна ,
Да вара нохчийн мотт биц ца беш буьйцуш ,
Ша виси нохчиймотт бийца ца 1емаш ...
Элир ас цец волуш -- Хьо - ъ ма ву Нохчо !...
Деда хьан нохчийлчура схьавеъна хилча !!!
Маьждиг чохь тхайн 1амал кхочуш йина доьвлча
Хьаьрчин чу марзонан къамел ца хедаш
Бие - берса даьккхина Салам схьаделла ,
Кхи - ъ къано , 1илман да вовзар нисделла.
Вовшашца довзарна хаза а хетта ,
Нохчийчур баьхкина хьеший бу аьлча
Элир цо тешар ву - кх хаттарна жоп лахь ....
Холхаз куйн нохчаша сий айар бахьана !....
Велалуш ч1аг1дина , хаттар сов доккхуш,
Кхи ала дош доцуш дисинчу тхуна ,
И нохчийн холхаз куй мичар схьа баьлла ?
И - ъ хаахь бакъ дийр ду - кх нохчий шу хилар !...
Баккъала - ъ ала дош тхан доций хиъча ...
Дозал деш долийра ша т1ехьа кхиънарг ,
Вайн къоман ирс хеташ , б1аьргар хи долуш
Аллах1ан пурбанца , инзар тхо дохуш !....
Туркошца 1ийначун дийца - ъ ца оьшу ,
Шайн къомал сий долуш цхьа къам цахетар
Долуш дерг кхиечу къомах дуьйцур ду халла ,
Амма доцург ду аьлла ойур вац цхьа а
Аллах1ан пурбанца Имама дийци -
Дийцарах воккха веш , хаарна шена
Муххьамад Пайхамар ( с.а.с ) дин кхайкхо хенахь ,
Нохчийчур цхьа тоба Элчан (с.а.с ) т1е кхаьчна шу
Вайн Дела цхьаъ вина , Мухьаммад бакъваьш
Шайн дагца , ойланца Ислам дин ч1аг1 деш ,
Йа Элча Мухьамад ( с.а.с ) къинхетам бехьа
Бусалбан дин довза тхо декъал дехьа !...
Къинхетам сов баьлла , шайн тоба т1е эцча !
Шайн дагца , ойланца , хьекъалехь сецча !
Вайн Делан - Элчане (с.а.с. ) шайна пурба даьхна ...
Нохчийн чу ерзорехь шайн нохчийн тоба !!!...
30 . 01 . 21 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKoau3Tnplq/?igshid=1og33vboaoofq
Свидетельство о публикации №121021803830