Нохчийн пеш!
Вайн дайша дог ц1енчу ойланца йинера хьо,
Доьзалийн доьзална шайгара кховдаеш йовхо ,
Беркатан кхачанца латтийта х1усамехь барт!...
Нохчийн пеш - ма йовхо йара хьо лаьттачу х1усамехь !
Наноша сий дарца латтабеш марзонан кхерч ,
Кхерчара цу ц1ергахь дарбане кечбина кхача ,
Латтабеш йовхонехь ца йойтуш пешара ц1е !...
Нохчийн пеш - ма марзо йара хьо лаьттачу х1усамехь !
Хьан кийрахь йогучу ц1ерах б1аьрг леринна бетташ ,
Денанас дуьйцучу хазачу туьйрано 1ехош ...
Х1уьттучу сарташца хьоьжучахь кхетара наб !...
Нохчийн пеш - ирс беркат дара хьо лаьттачу х1усамехь !
Ма мерза хилара вай нанас баьккхина йай ,
Цхьогалан когех тера ц1ийбина - морзан т1ехь хьокхам ,
Кхехкийна г1алмакх чай , т1о берам и дара дош !...
Нохчийн пеш - ма дахар хиллера хьо лаьттачу х1усамехь !
Дог - ойла цхьаъ йолуш , ларамца йаьккхина хан ,
Воккхачуьн ларам бан жиманиг кхетавеш нанас ,
Цхьана кедар йааро ч1аг1бора вовшашца барт !...
Нохчийн пеш - шо шаре маьл дели , бут - батте болуш ,
Хьо тесна йитаро шелбина х1усамехь кхерч ,
Гергарло хаьрделла , къахьбелла бие - берса кхача !...
Доьху шоь , ма йайта пешара беркатан ц1е !...
05 . 02 . 21 шо / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CK5hn-jHa_D/?igshid=1hpfrunv6nt0o
Свидетельство о публикации №121021708669