Ненан хьехам
Ялсмана - Жоьжг1ата мичахь ю - аьлла ?
Нанас соь элира ела а елла ....
Дера ю х1оранна шен кийрахь - аьлла !
Юха а хаьттир ас - Со м хьоьх ца кхета ...
Дуьненчохь вай дехаш ю бах ахь кийрахь ?!...
Бах дера , ма мотта церан хьал довза
Эхарта кхаччалац са детта деза !!!...
Нагахь ахь дахар хьайн латтадахь сирла ,
Малх кхетта де санна хьаг1 - гамо йоцуш ,
Дог - ойла хир ю хьан х1аваэ хьийзаш ,
Дахаран халонаш беркате йоьрзуш !
И бохург х1у ду хьан - хаттар дир нене ?!
Дера ду бусалба къам деза - бохург !!!...
Хало гуш - хьайн къомах дог лозуш хила ...
Ткъа бала бай барехь - къа хьоьгуш яха !...
Хьан кийрахь гулйина хьаг1 - гамо елахь ,
Мархаша баз бийр бу ткъес детташ бода ,
Дог - ойла хир ю хьан латто т1е ийзош
Хьийзар бу хьан кийра сингаттам бала !
Сингаттам сов баьлча лазар сов дера ду ,
Дуьненан самукъа балане долуш !...
Уллохь верг ца везаш гамо сов йер ю ,
Кхехкар ю вай кийрахь жоьжг1атан алу !
Синтеме хьо хилахь полларчий санна ...
Хьан дагчу хьийзар ю самукъне ойла !
Моьттар ду х1ар дуьне кхоьллина хьайна ,
Ойлано яьккхича хьо генна т1ома ...
Вай дайша ма дийццар хьай дахар лардахь
Йалсмане карор ю х1оранна кийрахь
Барт - марзо , г1илкх - ларам 1адаташ лардахь
Дуьненчохь еххашехь йалсамане хир ю !
Х1ара дуьне х1оранна цхьатерра делла ,
Йа карахь , йа марахь цхьа х1умма доцуш .
Дуьненчохь йаккха хан лучу вай Дала ,
Дика - вон зуьйш хир ду , шукур де Далла !
Дика некъ ахь харжахь декъала хир ю ,
Ойла еш ахь харжахь беркатан некъаш !
Хьараман рицкъанах гена ца йалахь ,
Вай Дала къовлур ду йалсмана некъаш !
Сан йо1 ! Ма мотталахь атта ду дахар !
Хьан дика - вон йаздеш малайкаш хир ду !
Ламазца , мархийца хилалахь сутар !
Саг1ийна комаьрша хьай куьг хилийта !!!
12 . 02 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLNIvIynHlw/?igshid=1irttu6lynajv
Свидетельство о публикации №121021707983