Дахаран лар
Дуьненчу доху вай , б1аьстенах тардой ...
Баттара долучу зазанах тарлой ,
Де - дине мел дели хазлуш д1ах1уьттуш ,
Замано кхиадо г1иллакхех люьттуш ...
Аьхкенан заманах тарло вайн къоналла ...
Цхьа башха хуьлу дог тулг1енаш етташ ,
К1ай полла, йоца хан , къоналла йоьдуш ,
Замано 1амадо шайн х1усам кхолла ...
Гуьйренах тарло вай кхиина зама ,
Гуьйренца чуоьцу стоьмех д1атарлой ,
Доьзало тиладой йоккху хан - зама ,
Замано 1ехадо шийла 1а кхаччалц ...
Къаналла т1екхочу вайн дахар шелдеш ,
Безначех , боьвзинчех шийла ка етташ ...
Юткъ елла ойланаш , сирделла коьртеш ,
Замано эгадо дужу г1а санна ...
Маржа - е1 зама хьо , сих елла йоьду ,
Д1аса хьажа , кхета а , хийца йиш йоцуш ,
Т1ехьарчу техьенна масал вайх эца -
Вай муха йуьтур - те Дахаран Лар ?!...
25 . 09 . 2020 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CF2T96TnOmg/?igshid=74zwza284lej
Свидетельство о публикации №121021707713