Аллах1ан ц1арца
ХIокху деношкахь догIмаш чу доьхкина совцийна ду.
Амма, мотт хецна бу: гIийбаташ деш, эладиташ дуьйцуш, даьсса, пайда боцу къамелаш деш, кхердаш, бакъдоцу къамелаш даржош.
Ибн ал-Къаййима аьлла: «Лаьтта букъ тIехь мотт санна чу йолла хьакъ долуш цхьа а хIума яц».
Я АллахI! Тхан меттанаш Хьо хьехорца тIуьна латтаде Ахь. Амин!
**
Хьайн лаккхара сатийсамашка хьо кхочур ма вац, дуккха а халонаш ахь Iовшалца.
Юьхьанца халонийн къаьхьалла ца Iевшинчунна, чаккхенгахь сатийсаман марзо хаалур яц.
Халонийн къаьхьалло хьо юха ма воккхийла, сатийсаман марзоне кхачарха
Иза АллахIан суннат ду, Шен халкьана юккъехь Цо лелош, Цунна лиъначунна бен хуьлуш дац и (Сийлахь-Лекха ву И).
**
Хьо дуьненчуьра дIавалале хьалха, эхартахь ирсе вийр йолу Iамалш е!
• Лелаш долу сагIа даккха..
• Iилма даржош дакъалаца..
• Къуръанаш эций, доьшур долчарна дIало уьш.
**
Ма кIеззиг хьекъал долуш ву-кх, хIара дерриге Iалам кхоьллина волу АллахI Шега кхайкха бохуш волушшехь, Цо тIадамах кхоьллина волчуьнга доьхуш-кхойкхуш верг.
Йа АллахI! Со Хьоьца ларло Хьоьца накъост варх, сой хууш а волуш, сайна ца хуучунна гечдар а доьху ас Хьоьга.
**
;;;;;;;;;; ;;;;; ;;;;;;;;; ;;;;; ;;;;;;;;;; ;;;;;;;;;
Алл;хIумма солли ва саллим Iал; набиййин; Мухьаммад.
Автор ..........
Свидетельство о публикации №121020602804