11. К1ант а, хьоза а
Ц1еххьана макхйелла стигал а къевкъи.
Дог1анах д1алачкъа йовха чоь езна
Бешарчу ц1ийнан и коре д1ахьаьди.
"Пур-р", аьлла диллинчу корах чуиккхи.
Хьозанах жимачу к1ентан б1аьрг кхийти.
Т1ам бетташ сихонца хьаьдча и коре,
И ара иэккхале к1анта кор къевли.
Шен кара мел еънарг т1екхуьссуш цунна,
Эххар, цхьаъ т1екхетча, дуьйжи т1ам бойна.
Д1аийзош, схьаийзош, и меттахъхьедо,
Г1ерта к1ант и хьоза кхиетамчу дало.
Ша хьоза дуожийча к1анте мохь баьлла:
- И х1ун ду ас динарг?- ша- шех цецваьлла,-
Со бахьнехь хьозанан доллу садала! -
Воьлху к1ант… озаца бу дагахьбаллам.
Нанна го к1ентан дог ша динчуо хьаьшна…
Оьг1азе, леррина к1анте а хьаьжна,
И хьоза меллаша шен караэцна,
- Ма вуон ахь лазий и,- йистхили нана.
- Меллаша схьалаца дезара хьоза,
Ткъа х1инца, дузадеш, 1алашдан диеза.
Жимачу хьозанна парг1ато еза,
Кхоччуш и туоделча, д1ахиэца диеза.
Ишттаниг ма делахь, сан к1ант, кхин цкъа а.
Вайн 1алам хаздан уьш кхоьллина Дала.
Олхазарш, акхарой ларделахь вуонах,
Уьш маьрша дахийта маьлхан серлонехь.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №121020405064