Ирча г1ан
Сайн къоме кхойкху ас, акхачу махьарца...
Жоп суна ца хеза, кхоьлина бетта са...
"Къам тилла"-кхаа бог1у, шийлачу хьацарца.
Мохь тухуш, кхойкху ас дайначу г1иллакхе,
Ширачу 1адаташ лардинчу, Нохчалле...
Къомана к1иллуошан г1иллакхаш тайна те?
- Хоьтту ас, велхарца, кхаьстина доьналлех.
Ас хоьтту, мохь тухуш: - х1ун хилла вайна,
Де-дайшна ца гинарг, х1ун гинера тахана?
Къонахий кхачийна? Вайн къаной байна?
Хоьтту ас: - къинхетам стенга д1абахана?
Вайн Деле, ду1анца, боху ас дешнаш:
-Дерзаде нохчийн къам шен махка сихонца.
Иманах дузаде дасделла дегнаш...
Ирс долуш дахийта, уьйр йолуш бакъонца!
Свидетельство о публикации №121012406593