Йевзаш йоцу Нохчийчоь
ц1е йолчу экспедицин декъашхошна лерина
Йезаниг окъам шайн голашка йихкича санна,
Базбелла когаш а байлора ца девзарг гича.
Къайленийн буьртигаш, бакъдолчийн дакъалгаш гулдан,
Къух даьлла лаьттачохь лоьху чекхдовла некъ - тача.
Йочана, йоькхана йицйина талламан шовкъо,
Шайн кхерчахь парг1ата д1атийна даха ца тигна.
Халонна гуо тесна, дог1машна ца лоьхуш атто,
Некъаш до Нохчийчохь ца девзарг схьадаста лиъна.
Нохчийчоь, шайн кхетам, тешам а хьан ц1арца боьзна,
Туьйранан нарт лелла баьхначохь тачанаш лехна,
Доьналлин берзалой кхочур ю, хиларх сов гена,
Ца йевзаш лаьттина Даймехкан меттигаш йовза.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №121011903520