Сакхат доцург
1адаташ, г1иллакхаш дуьйцуш,
Тобана хьалха а ваьлла,
Лела хьо, юьрто а вуьйцуш.
Дуьненан 1илманаш хьоьхуш,
Ойланехь, къоман да хилла,
Хьуо санна, сийлахь нах лоьхуш,
Лела хьо, некъах а тилла.
Хиларе сатуьйсуш доьхург,
Некъ бустуш,кхаччалца пана,
Сакхат доцу гергара нах лоьхург
-П1елг санна, цхьаъ хир ву кхана!
Свидетельство о публикации №121011002711