Аллах1а декъал е сан хьоме Деца
Юрг1анах ва хьерчаш,ахь баьккхи мор,
Йиш-вешех ва хьоьгуш,и хьайгахь къуьйлуш,
Дити ахь х1ара дуьне, ца хуьйцуш чкъор.
Хьан сирла юьхь - сибат б1аьргаш чохь лаьтта,
Хьан нуьре, хаза ши б1аьрг бицлур бац цкъа а,
Дахарх д1ахаьдда ахь д1аяьхьна зама,
Хала ду сан дагна тахна и лан.
Декъала хила хьо, Дех йисна Марзо,
П1ераскан буьйсано д1айиги хьо,
П1ераскан сирла де хьо ерзо деа,
Аллах1е хьо еха дити ахь тхо.
Декъала хила хьо,тхан дегайовхо,
Тахна хьо д1акхийти хьайн йиш-вешех,
Вовшеха хедарца,дуьсу х1ара дуьне,
Сатухий, Делах вайн хетарна эхь.
Свидетельство о публикации №120121507860
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 16.12.2020 01:26 Заявить о нарушении
Петимат Давдаева 18.12.2020 09:17 Заявить о нарушении