Борхаджиев Хожбауди Поэташна
Рашидов Шах1идна
Поэташа синна йовхо ло,
Кханене д1акхойкху цара шайца ,
Шайн хенал уьш хьалхе къеж а ло,
К1еззиг зама цара йоккху вайца !
Дацдеш денна шайн дахаран тай,
Иллешца уьш даим беха бертахь.
Бала ца бо адамашна шайх,
Я новкъа уьш цхьанна а ца г1ерта.
Сатийсамаш церан бевзар бац,
Вехачунна,айпе дина дахар,
Я хастаман дешнаш хазор дац
поэташна,мел дукха уьш бахарх.
Седарчий нур царна герга ду ,
Нехан ирсанна уьш денна догу,
Бакъду, иза ханна кьагар ду
Серло кхачайой ,уьш лаьтта оьгу!
Гочйинарг:Абубакарова Пет1мат
Свидетельство о публикации №120120202835