Таллархо
К1ант:
Ойлане со воьжна лаьтта,
Хиллачух ца кхета со.
Беснеш т1адош, дуьра татол,
Синош дохуш, 1енадо.
Ломара со ц1авеъчхьана
К1елд1ахула хьоьжу хьо.
Цул а, йоьлуш, дуьхьалъяла
Ижу яхьаш веъна со.
Йо1:
Дууш- молуш, ахь сакъоьру,
Вуьжу мотт хьан аьхна бу,
Лома талла эхар доцург
Г1айг1а, бала боцуш ву.
Лома ваха дагадеъча,
Б1аьргаш кхерста дуьйлу хьан,
Цхьа де- буьйса, аьлла вахча
К1ира доккхий вог1у хьо.
К1ант:
Зуда, стенна реза яц хьо?
Хьайн къамел кхин дах ма де!
Хилахь ц1ент1ехь ца ларош хьо,
Хьожур ву кхин г1айг1а бан.
Беш ю гарман аре санна,
Йийнарг хьекъаш, беркате.
Ца ялийна хьо куьцанна,
Кертахь, арахь г1уллакх де.
Йо1:
Багахь дашо г1ала юттуш,
Бехи мел дерг латтор ду.
Дашо хьесий долу кузаш
Тесна, яха хаор ю.
Амал ю сан аьхна-тийна,
Кхин х1ун оьшу стагана.
Бакъ ду, дег1е дагар хьоду,
Зуда ялор хьахийча.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №120110409633