Т1аьххьара кхерч
Тийналлийн г1аролле чурташ а хуьттуш...
Олхазарш меллаша диека кху кертахь,
1ожалло бишийнарш парг1ата буьтуш.
Кху кертахь хезар дац адамийн доьвнаш,
Рицкъ къуьйсурш а хир бац, эвхаза буьйлуш:
Г1илкхехь бу "бахархой"- диллина ду коьвнаш,
Хилла вас лачкъош ю, шайна чохь къуьйлуш.
Адамийн ойланаш луьтту кху кертахь,
Ду1анан ницкъаца хьаадо дегнаш.
Йижарий, вежарий дахийша бертахь,
Б1аьрг тоха: 1оьхкуш бу, дуьненах хьегнарш!
Хьаваэхь даьржар ду, кхайкхаман дешнаш:
Дайбаьхна юьртара - дуьнене кхача:
Тийналлехь, мотт боцуш, лаьттачу кешнаша,
Тидаме оьцур со - рог1ера "хьаша"...
Свидетельство о публикации №120101804527