7. Нохчийн берашка
Дегнаш токхе лаьттийла.
Кху дуьненах шайн цецдийлар
Шуна пайде хуьлийла.
Эзз - эзарнаш хаттарш х1уьттуш,
1илма шуна марзлойла.
Хьехархошца, хьехамчашца
Даккхий хаарш девзийла.
Шаьш нохчий дуй диц а ца деш,
Айде мехкан, къоман сий.
Ненан мотт аш бийца, ларбеш,
Пхенаш чохь мел уьду ц1ий!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №120092902600