31. 1ежаш
гуш ю стоьмийн беш.
Хилла баьлла стом бу мерза
хьожа яржаеш.
Беша яьлла Нана хьийза
1ежаш лехьадеш.
Туьйранашкахь хестош долчу
царех йоккхаеш.
Гаьннаш т1ера охьаохка-
делла дохку уьш.
Церг йоллича 1ежех долу
чомехь мерза мутт.
Шайца пайде витаминаш
йолу мерза стом.
Могшаллина пайдехь ду уьш,
ца оьшуьйтуш лор.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №120081806251