Нохчийн мотт
Байт алар санна ду, ца дойзуш маь1на.
К1онахий хилла бац, нохчалла доцуш
Шайн дегнаш дуьззина, шовданалла хьаъна.
Ненан мотт ницкъ бу хьан воьжна к1ант г1атто,
Къомана дахарехь дайна и хийла...
Ницкъ бу хьан мостаг1на дуьхал б1о латто.
Хьо бицбахь, хир ду къам, бер санна, г1ийла.
Бераллехь наноша вайна чу биллина
Ненан мотт: доьххьара дош - ийманан з1ийдиг.
Бекалахь нохчийн мотт, дагчу ц1е йиллина,
Вайн къоман г1иллакхийн ца хадош т1ийриг!
Свидетельство о публикации №120080907075