***
Суьйренга 1уьйре ца йолуш,
Г1а санна эгаш ду адам,
Буьллуш шай дахарийн т1адам...
Са сих лой, дог карзах долий,
Вовшашка аьрга дош олий,
Ца лар деш дахаран низам,
Дегнашца сов буьйлу лазам.
Цхьа жимма дарже д1а хотте,
И дуьне шегахь ду мотте,
Ма сиха диц до вай валар,
Ма доца дукха вай дахар.
Ма сихло аьрга дош ала,
Ма бита хьайн дагахь бала.
Баста хьай оьг1азлон сацам,
Хоттале и ирча кадам.
Хаз де вай гергоний бенаш,
Марзонах д1ахьохуш пенаш,
Хедале дахаран геннаш,
Къовлале упханий аннаш.....
Свидетельство о публикации №120073100437