Йозанаш I
Йозанаш
Хьалхара жайна
Байташший, поэмашший
Соьлжа-гIала
2011 шо
Дешхьалхе
Исмаилов Абу: заманан бакъволу векал
Вайн заманахьлера нохчийн поэт, прозаик, гочдархо, журналист Исмаилов Абу дика вевзаш ву вайн махкахь литературица гергарло долчарна. Абу дуьнена тIе ваьлла I949-чу шарахь Казахстанехь. Цигахь дIадахна цуьнан хьалхара бералла а. Республика меттахIоттийна, вайнах Кавказе цIабирзича, Исмаилов Абус доьшу Хьалха-Мартан районехь йолчу Мартанчу юьртахь а, Соьлжа-гIалахь а. Цул тIаьхьа цо чекхъяьккхина Нохч-гIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Жимчохь дуьйна литература езаш кхуьуш волу Абу 60-чу шерашкахь шен кхоллараллин ницкъаш зиэн волало. Ала деза, цо дуьххьара язйина стихаш, авторан кIеззигчу шерашка хьаьжча, вуно дика а нисъелла. Цхьа болу поэтийн Iамаран шераш дукха дахло, кхиберш, кхин Iемина ца бовлуш, къанлой, шен дахаран некъах чекхбовлу. Ткъа Абу литературе вогIушехь гучуделира иза поэзи хIун ю а хууш, литературан теори а евзаш, кхоллабелла бевлла шен исбаьхьаллин-эстетикан хьежамаш болуш хилар. Шел хьалха литературехь къахьегначу нохчийн яздархойн лорах дIа ца воьду Абу, цаьрга мел ларам белахь а. Иза атта-м хила тарлора, цхьамма йитинчу лорах дIавахар, амма иза кхиаме некъ бацара. Тахна Абун хьалхарчу стихашна кIел лаьтта терахьаш цхьацца хIуманна тIекхиа маьIна долуш ду (I967-I974 шераш). Оцу стихех дукхах ерш сунна евзаш яра, хьалха арайийлинчу юкъарчу стихийн гуларш тIехь ешна уьш ас. Амма со тешна вара Абус уьш «Пхьармат» литературни цхьаьнакхетаралла кхоллаеллачул тIаьхьа язйина ю аьлла. Хууш ма-хиллара, буьйлалучу яздархойн корматалла кхиоран вуно дика пхьалгIа хила ца Iаш, ХХ-чу бIешаран чаккхенехь нохчийн литературехь керла, нуьцкъала тулгIе яра «Пхьармат». «Пхьарматахой» ше ….кхоллаелира. Дуьненан литературан барамехь схьалаьцча, кхузахь керла кIеззиг хIума хилла хир ду, амма нохчийн а, ерриг Кавказан а литературашкахь иза хилам бара.
«Пхьармат» уггаре кхиъначу хенахь, цуьнан декъашхоша язйина произведенеш (исбаьхьаллин гIирсех пайда эцарца, тематикица) чIогIа герга ю Абус «Пхьармат» кхоллаялале масех шо хьалха язйинчу стихех. Цо тоьшалла до «пхьарматхойн» исбаьхаллин-эстетикан лехамийн некъаш билгалдаьхначех коьртаниг цхьаъ Исмаилов Абу хилар. Делахь а, бакъдерг аьлча, «пхьарматхой» вовшашна гергара беш долуш идейни агIор дуккха делахь а, исбаьхьаллин агIор болчу агIор уьш къастош дерг а кIеззиг дацара. Цхьаболчу литераторийн шайн кхоллараллин лакхенешка кхачар оцу шерашкахь нисделира – цул тIаьхьа («Пхьарматан» мур дIабаьллачул тIаьхьа) цара язйинчу произведенийн исбаьхьаллин тIегIа мелла а лахделира, кхиберш язъечура севцира. Амма кIеззиг бацара, яздархой санна когабахар «Пхьарматехь» а долуш, цул тIаьхьа кхоллараллин керлачу кхиамашка кхаьчнарш.
Лакхахь ма-алара, «Пхьармат» кхоллаялале дуккха а хьалха шен произведенешкахь «пхьарматхойн» тIаьхьо хиллачу идейно-исбаьхьаллин лехамийн зIийдигаш йолуш велахь а, шен литературни похIма «Пхьарматехь» схьаделладеллачу яздархойх лара вогIу Исмаилов Абу, Абдуллаев Леча, Хатуев Iабдул-Хьамид, Ахмадов Муса, и.дI. кхиниш а санна.
Дукха хьолехь поэзехь хьалхара гIулчаш яха буьйлалуш болчу кегийчу нехан хуьлу ойланаш, синхаамаш бу Абун дуьххьарлерчу байтийн бухахь хаалурш: безаман чолхечу юкъаметтигийн синхаамаш, дахарх, Даймахках ойланаш, дIадоьдучу бераллах къаьсташ хиларо кхоьллина гIайгIанаш. Дахарехь цхьа мур дIабаьллачу стагана эзарза дийцина, хьехийна, ширделла хетахь, хIора жимачу стагана дуьххьара девзаш, дуьххьара тIехIуттуш долу дела, цуьнан цхьаъ бен доцчу дахарехь керла а, деза а долу дела – хIораннан дийца «бакъо» йолуш, ма-дарра аьлча, уьш а дитина (хьалхарчу безаман синхаам, дахарх, Даймахках дуьххьарлера ойланаш, бералла гIайгIане дагалецар), кхидерг( шена хийрадерг, цадевзарг) дийцар дукха хьолехь исбаьхьаллин бакъдолчун гергахь шеко йолуш хуьлу. Эзарза бахарх, шен ницкъ ца бовш, бакъдерг ду: литературехь коьрта «хIун?» бохург дац, «муха» бохург ду. Цундела Исмаилов Абу шен хьалхарчу гIулчашкахь оцу теманашка верзар керла дацахь а, керла яра шен хIинца а кхоччуш хилла йовлаза йолчу ойланашна цунна карийна керла исбаьхьаллин кепаш.
Абу кхолларалла, иштта ала тарлахь, ойланийн поэзина герга хета суна. Бакъду, уьш, дукха хьолахь, «йовха» ойланаш ю, коьртан йоцуш, деган ойланаш. Нохчийн къоман барта кхоллараллера схьадогIуш ламаст ду и. Нохчийн синкхетамца догIуш ду «дагца ойлаяр», «деган ойланаш» бохург, «коьртан ойланаш» , « коьртаца ойлаяр» бохург карор дац цхьанхьа а. Шен кепашца, исбаьхьаллин гIирсашца керла аматаш долуш елахь а, нохчийн адаман дуьнене болчу хьежамийн а, синкхетаман а, амалан а шатайпаналлица кIорггера зIе йолуш я, кхин а нийса аьлча, цуьнан коьрта билгалонаш шен чулоцуш ю Абун поэтически произведенешкахь йолу философски-этически ойланаш. Вайн махкахь тахана айинчу къона тIаьхье гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь кхетош-кхиоран темина лерина язйича санна ю цо иттанаш шераш хьалха язйина дуккха а исбаьхьаллин произведенеш. Шуьйра ю Абун произведенийн тематика, тайп-тайпана бу цуьнан кхоллараллин лехамаш – хIокху жимачу статья тIехь цунах лаьцна кхоччуш дийца а лур дац . Амма Исмаилов Абун поэзехь коьртачех йолу тема хьахо лаьа сунна . Иза ю заманан тема. ХотIан, исбаьхьаллин гIирсийн шатайпаналла темано билгалйоккхуш хуьлу. Соьга хаьттича, Абу поэзин шайтайпаналлин, иза «ойланан» бохучу къастамна тIеялинарг зама боху тема ю, аьлла хета суна. Лакхахь хьахийна ма-хиллара, Абун ойланаш «шийла» яц.
Ма-дарра аьлча, синхаамах ойла а, ойланах синхаам цкъа а къаьсттина ца лела цуьнан тоьллачу произведенешкахь. Къоман генара дIадахнарг а, къоман дахаран таханлера де а, кханалера хиндерг а – поэтан тем боцчу ойланашкахь йоккха меттиг дIалоцуш дерг –бен-башха ца хеташ дийца йиш йолуш дац. Шен кхоллараллин новкъахь хьалхара гIулчаш яха волалушехь заманна тIе тидам бахийтира поэта. Цул тIахьа цуьнан ерриг кхоллараллехь коьртачу темех цхьаъ хилла йисира зама. Дуьххьара адаман заманца йолчу юкъаметтигийн чолхалла гойту цо «Зама» цIе йолчу байтехь (I975 шо):
Нагахь кхане хьоьгахь елахь,
ХIинца со ву хьан дошло..!
И байт язйинчул тIаьхьа ткъозза сов воьрзу поэт заманан теме. Юьхьанца кавказан къаьмнийн поэзин ламастийн гурашкахь кхуллу поэта заманан васт, доьдучу хин, говран ( «дошло ву со») тайн, кхечу хIуманийн, амалийн билгалонаш ялош («Замане», «Шира шо», «Керла шо»), тIаьхь-тIаьхьа, кхиаре хьаьжжина, васткхолларан шен некъаш карадо цунна. Зама аьлла цIе йоккхуш яцахь а, заманан сихалла, къизалла, цуьнан нуьцкъала болар ¬– уьш дерриге е, кхин а коьрта меттиг дIалоцуш ду поэтан цхьа могIа философски маьIна долчу стихашкахь. Дукха яздархой бац нохчийн литературехь, Исмаилов Абун поэзехь санна, шайн кхоллараллехь заманан иштта «терго йина».
ПохIма долу поэт, прозаик, драматург, публицист, гочдархо волчу Исмаилов Абун кхоллараллин беркатечу некъан цхьа жамI ду хIара арайолуш йолу гулар. Ала лаьа, авторна шена а, вайна а юхькIам болуш жамI ду иза – халкъан синмукъамашца йоьзна йолу Абун поэзи. Дала мукъалахь, тIейогIчу заманахь кхин а дуккха а совгIаташ дийр ду Исмаилов Абус вайн дешархошна. Исмаилов Абу кхоллараллин ницкъаша а, корматалло а заздоккхучу хене ваьлла. Дала беркате хуьлийтуьйла цуьнан кхоллараллин къинхьегаман стоьмаш.
Шарип Цуруев
Исмаилов Абун – 60 шо!
Исмаилов Абу – нохчийн поэт, прозаик, публицист, гочдархо, мотт таллархо вина 1949-г1а шеран 11-г1а августехь Казахстанера Чимкентски областехь. Хьалха-Мартанан к1оштара Мартан-чохь хьехархочун болх беш д1аболийна цо шен къинхьегаман некъ.
Школехь доьшуш волуш дуьйна стихотворенеш язъян волавелла Абу. Цуьнан дуьххьарлера говзарш араевлира 1965-г1а шарахь «Ленинан некъ» газетан аг1онаш т1ехь, т1аккха «Орга» альманах т1ехь а зорбатуьйхира уьш 1966-г1а шарахь.
Эскарехь г1уллакхдинчул т1аьхьа Исмаилов Абус белхаш бира электрик, слесарь, г1ишлошъярхо волуш. Х1етахь, ХХ-г1а б1ешеран 70-г1а шерашкахь, жигара боккху цо кхоллараллехь къинхьегам. Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь корректоран а, редакторан а белхаш бо, цул т1аьхьа радион, телевиденин «Ленинан некъ» газетан а, кхечу изданийн а корреспондент волуш а. Карарчу хенахь «Орга» литературин-исбаьхьаллин журналехь поэзин декъан редактор ву Исмаилов Абу.
Цо эвсараллица язйира оцу муьрехь стихотворенеш, поэмаш, пьесаш, дийцарш, республикера зорбанан изданешкахь зорба а туху уьш. Поэзин а, прозин а юкъарчу гуларшкахь а арайовлу Абун говзарш: «Гуьйренан аьзнаш» (1977 шо), «Сахуьлу хан» (1984 шо). Х1етахь дуьйна арайовлу цуьнан шен киншкаш а: «Бирдолаг» (1988 шо, шолг1а арахецна 2007 шарахь), «Дош» (2005 шо). Т1аьххьарчу муьрехь «Вайнах» журнало зорбатоьхна Исмаиловн «1умар-Хьаьжа» ц1е йолу повесть, «Орга» журналехь араяьлла «Эдал» (2004 шо), «Операци», «Лаьмнаш» (2004 шо), иштта кхийолу говзарш а.
Исмаилов Абус оьрсийн мате гочйина яздархочун Ахмадов Мусан «буьйсане доьдура хи» роман а, «Ламанхой» повесть а, иштта 1еламстеган Кадыров Хож-Ахьмадан а, журналистан Заурбеков Мас1удан а «Исламан сирлачу новкъахь» ц1е йолу киншка а.
1985-1996 шерашкахь публицистикин жанрехь дуккха а статьяш зорбатуху Исмаиловс меттигера прессехь а, Москвара «Российский колокол» журналехь а, «Московский литератор» газетехь а.
Россин яздархойн а, журналистийн а Союзийн декъашхо, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо а ву Исмаилов Абу.
Нохчийн къомана а, махкана а беркате къахьоьгучех цхьаъ ву иза. Угаре а хьалха билгалбаккха беза аьлла хетта цо нохчийн мотт 1аморехь а, цуьнга безам кхолларехь а бина мехала болх. Шовзткъа шо сов хан яйира Исмаилов Абус шен г1араяьлла «Дош» ц1е йолу дошамна т1ехь, 1аламат боккха къинхьегам а бу и. Цу т1ехь ду 18 эзар нохчийн дешнаш, уьш цо оьрсийн маттахь а даладо, царех кхетор а далош. Оцу 1илманан балхана юкъахь цо ша-ша къастийна нохчийн метан синонимаш, омонимаш, антонимаш, иштта композитиваш а, архаизмаш. Цаьрца цхьаьна автора йовзуьйту нохчийн меттан историх а, тахана и муьлхачу хьолехь бу хаийтарх а йолу шен ойланаш. Карарчу хенахь нохчийн х1ора доьхалехь коьртачех цхьаъ хилла д1ах1оьттина и дошам.
Исмаилов Абун кхолларалла юьзна ю адамийн юкъараллин лазамаш, хьежамаш, лехамаш гайтарх, цунна ч1ог1а дика хаало х1ора а заманан башхаллаш, цаьрца дог1уш долу ира, хьекъале дош а карадо цунна. Цуьнан поэзин лехамийн, ойланийн коьрта къилба хилла дуьсу адамалла, догдикалла, къинхетамалла. Шен синхаамийн, дог-ойланан, дахарехь шена уггаре а сийлахьдерг «До1а» стихотворенехь схьаолу цо:
Х1ай веза Дела,
Ас доьху хьоьга,
Тилвелла лелахь
Нийса некъ лоьхург,
Ахь цунах къинхетам белахь.
Б1аьрзечунна серло лолахь,
Къорачунна мерза аз лолахь.
Сиханиг собаре велахь
Парталниг жимма сих а велахь!
«Пхьармат» литературин цхьаьнакхетаралла кхоьллинчех цхьаъ ву Исмаилов Абу. Х1етахь, ХХ-г1а б1ешеран 70-г1а шерашкахь цхьабнакхеттачу оцу тобанера къоначийн дог-ойла, церан дуьнене хьежамаш а, 1алашонаш а гойтуш язйина ю «Пхьарматхошна» ц1е йолу цуьнан цхьа стихотворении. Шайн цхьаьнакхетараллин декъашхойн сирла, халкъан дуьхьа йолу 1алашонаш йовзуьйту автора цу т1ехь:
…Замано, махкана
Оьшуш а хилла,
Хан кхаьчна,
Кан баьлча,
Кхоьллира вай.
Пхьарматан серлоно
Къагийра илли,
Гуьйренан 1уьйрана
Сенбира бай…
Пхьарматан сирла, сийлахь ц1е санна бара х1етахь оцу кегийрхоша нохчийн халкъалахь даржийна шайн къона, х1етте а Даймахке, Нохчийчоьне, жимачу халкъе даржадо аьзнаш. «Пхьарматан» «пхьалг1ахь» бахчийна, шен халкъана г1уллакхдан кийчачех хиллачех цхьаъ ву Исмаилов Абу. Поэт хилла д1ах1оттор а оцу цхьаьнакхетараллин т1е1аткъам болуш хилира цунна.
Исмаилов Абун поэзи ешархошна евза дикка хан ю. Стихийн эвсаралла яцахь а, ша мел язъеш ерг маьIна долуш, чулацаман а, дIахIоттаман а леррана тидамбеш язйо цо. Дахаран философи, шена зеделларг, хетарг ешархошна хьалха охьадилла ийза лац Абу. Цуьнан поэзи – иза хиламийн, хиндолчун, дIадаханчун духе кхиагIортар ду. Масала, «Вай а, уьш а» стихотворенехь адмийн юкъаметтигех лаьцна:
...Ма хала,
Ма хала
Тарлой вай
Кху лаьттан
Шуьйрачу
Букъ тIехь...
Ма паргIат,
Ма бертахь
Iохку уьш
Цу лаьттан
Готтачу
Кийрахь!..
ХIокху лаьттахь вай мел хьагIгамо. кураллаш. дозаллаш, вовшех ца дашарш леладарх, Делан кхоьле вирзинарг Далла хьалха цхьаъ ву, цо йийр ю нийсо. Цундела дуьненахь йоккху хан бертахь яккхар деза а, сийлахь а хилар гойту автора. Ткъа хIара дуьне-м шен гIиллакхашца, къиза, дагахь доццу тохарш деш хилар гойту хIокху могIаанаш.
...Хиларо велийнарг –
-Дацаро велхавеш.
Цхьаъ дуьне ду-кх хьо...
...Инзаре дуьне...
ХIун ду ткъа ирс? Цуьнга муха кхачалур ву те? Цунна жоп лоьхуш, хIокху лаьттахь цхьана а адамна ца карийна долу, цуьнан догIанех цхьаъ-м карадо авторна, деккъа шен ирс лехар а доцуш, кхечеран ирсаца доьзна ирс:
Хаза дош.
Хьо ду-те
Цу ирсан
Къайлаха
ДогIа?
Йоьллу ахь
Деган неI
И хиларх
Къевлина
ЧIогIа.
Шен «дахарх а, леларх а токх хилла», тIейогIучу къаналлин ойла а ца еш, нахана хьалха шен декхарш дицдинчуьнга иштта хотту поэта.
...Хьо мел ву,
Хьо хIун ю
Хаий-те
Хьуна, хIай,
Декъаза
Сан ваша?
Ямартхойн, Iесачийн а ю хIокху лаьттахь шайн меттиг, шайн дуьнене хьежамаш, шаьш лелошдерг хIун ду а хууш, харц и делахь а, шайн бакъдерг цунах дина:
– Дуьй буур барий ахь.
И Орга хьалха доьду, аьлла?
– Цо баахь хьо тхоьца вац.
Хьайна кхин некъ лаха.
Юьстах а валий...
Ткъа церан
«...Харцонах цецбаьлла.
ЦIийбелла хьоьжуш бу малх...
...Башламан баххьаша
Эхь хеташ, Iожа бос ийци...»
Iаламан сурт хIоттош, шен басарш, дустарш карадо Абуна. «Башлам» цIе йолу стихотворенехь башламан латтар «стигала кховдийна наьртан пIелгаш даржийна куьг» санна го цунна. Адмашна гуттар а кIайн гина цуьнан баьххьаш «мацах цкъа наьртийн нанас тIе шура Iанийча санна» бохучу дустар далорца гайтина поэта, «абаде хьаьддачу кIайчу динан кхес ю-те и?» – хаттар хIоттадо цо.
Кхузахь автора Пхьарматан къоьжачу месех а даладо дустар. Нохчийн халкъан барта кхоллараллерчу генарчу мифийн мукъамех пайдаэцар го поэтан хIокху стихотворенехь. Нохчийн халкъо эзарнаш шерашкахь хегначу баланийн тIулг хилла лаьтта те и шийла Башлам? Цундела бIаьрхих лиэша и лам:
Башламан бIаьрхиш –
Даймехкан хиш – ...
...Хулхуло... Орга...
Марта... Гих...
...Соьлжа... Роьшна...
Валарг...
...Валарг... Валарг...
Башламан бIаьрхиш...
Вайн Нохчийчу хьийза баланийн гонаш гайтина Исмаилов Абус шен «Дахаран гонаш» (шийла элпаш) жимачу поэмехь. Уьш цунна шийтта го, 1991-чу шарера 1993-чу шаре кхаччалц.
1-ра гуо:
«Хьан арахийцира.
Шишшанан бертиг а йостуш,
Эзарнаш шерашкахь
Йийсарехь даьллина шайтIа?
Иза Нохчийчохь тIаьхье бохаме йоьрзуш болийначу хиламийн юьхь ю, арахьара а, чоьхьара а шайн дезарийн Iалашонийн нехан тобанаш яржор.
ШолгIачу гуонехь, «бож» аьлла цIе туьллуш, автора къоман трагеди муха йолаелира:
«Кирша бож варшахула дIатиллера, шен тIаьхьа догIу ах жа Iин чу хьош...».
ТIаккха дерриг а шалхонашка, шеконашка делира, бIаьрзе герзаш а детта долийра. Цул тIаьхьа хIоттийра йилбазийн той? Юха тIеера бодане буьйса, аьхна мотт биллина, къам паргIатдала йиш йоцуш, барзах угIуш кеманаш догIуш, жIаьлех автомат а леташ.
Дерриг а кегаре деш, тIеман йилбазан мох а хьаьвзира вайн махка. И дерриг а кхочушдеш хьийза жен жIаьлеш – шайна доьша латточунна доггах гIуллакх деш хьийза нах.
Халкъан кхидIа хиндерг шовда санна сирла цIена хиларе сатуьйсу поэта, кхане иштта го цунна:
Мискачу догдика
Хилла де
Кхочур ду –
Теша!
ТIаьххьарчу, шийтталгIачу гунехь, оцу поэмин «пирдоз» цIе йолчу декъехь поэта дерриг а нохчийн халкъан сатийсаме хиндерг иштта гойту:
МоттаргIанийн йийсаре
ПаргIадевлла,
Вешан догIмийн элий хилла.
Делан лай,
Кху дуьненан жоьжахатех
Чекх а девлла.
Ялсамане кхачаре
Сатуьйсу вай!..
Исмаилов Абу цхьана киншкин автор а ву «Бирдолаг» цIе йолуш берашна лерина цо язйина киншка 80-чу шерашкахь зорбане елира. Абу нохчийн мотт дика хууш а. цуьнан сий айба гIертачарех а ву. карарчу хенахь прозехь шен ницкъаш хуьйш а ву иза. Цуьнан «Iумар –Хьаьжа» цIе йолчу повесть «Вайнах» журнал тIехь зорбатоьхна 2004-205 шерашкахь.
Цуьнан коьрта турпалхо Iумар-Хьаьжа (Абун шен ненаваша) нохчийн дайн гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ дуьззина шеца долуш, уьш лардархойх цхьаъ ву. Цо шен дуьззина дахарехь гайтина бакъ нохчочух амалш: собаре хилар, гIийлачунна орцанна кийчча хилар, мел хала киртиг тIехIоттарх нохчооах ца вохар. Iумар-Хьаьжин васт гуьцкъала, шех масалш схьаэца шеца дукха хIуманаш долуш ду. И васт кхолларехь боккха кхиам а хилла Исмаилов Абун, цуьнан бахьана ду цунна шен ненаваша герггара вевзаш хилла хилар (шен ненахойн доьзалехь хьалакхиъна ву Абу жимчохь дуьйна).
«Бирдолиг» цIе йолу туьйра вайн ишколашкахь берашна хьоьхуш ду. Цуьнан чулацаме диллинарг ду адамин дахаран маьIна: хIокху лаьтта тIехь бехачий декхар ду маьрша, паргIат, вовшашна ницкъаш ца беш дахар. Муьхха а бохам тIехIоттарх ша верг хилла чекхвала декхарийлахь ву хIора а.
Амма Исмаиловн цIе гIараяьккхинарг уьш хилла ца Iа. «Дош» цIе йолу цуьнан дошам Iаламат мехала болх бу вайн ненан мотт Iамо, хаа луучарна. Иттанаш шерашкахь къахьегна цунна тIехь автора, ткъа тахана оцу къинхьегаман дика стом кхиъна «Дош» вайн республикерап а. цул арахьара мехкашкара а нохчийн хIусамашкахь коьртачу киншкех цхьаъ хилла дIахIоьттина.
БУРЧАЕВ Хьаьлим
Нохчийчохь деха адамаш, кхузара 1аламан исбаьхьалла, гайтар х1окху лаьттахь вайн дахаран маь1на, х1ора а стеган дахаран къилба муьлха ду бохучу хаттаршна хала жоьпаш лехар ду Смвиловн поэзин чулацамехь. Оцу т1ехь доккхачу маь1нехь хетта поэтна вайх х1ораммо а ша дуьнен чохь д1аболош болу некъ кхечу вдвмийн дуьхьа вахарна дуьхьа билгалбоккхуш хила безар. «Некъ» ц1е йолчу стихотворенин турпалхо, шен аганара г1еттина, вог1у дуьненахь. Кхузахь автора хаттар х1оттадо цунна хьалха:
Цкъа цхьаммо идийнарш
Ахь х1унда идадо некъаш?
Юха оцу шен хаттарна жоп-хьехам а бо цо шен лирикин турпалхочунна:
Айхьа хьайн некъ билла,
Некъ бита нахана ала:
«Ма деса ца хилла
Хьан нанас техкийна ага!»
Нохчийчоьнан исбаьхьчу 1аламах лаьцна олучохь Исмаиловнв карадо шеен мет-меттахь дог1у дош. Кхузахь гуьйре, 1а, б1аьсте, аьхке-шеран муьлхха а мур ша-ша тайпана мерза, хьоме бу цуьнан лирикин турпалхочунна. Цуьнца цхьаьна адамн йоцачу оьмаран, шеен декхарш кхочушдан иза йоца хиларан дагахьбалламе мукъамаш а болабо цо. Мерза ов хилла, дагах лета «бекаш бераллин мерз», аьрхачу къоналлин г1алатийн а, кхиамийн а шераш, г1еметта х1оьттинчун дахарн хьесап а, маь1на а, жам1 а дан г1ерта ойланаш а. «Заманан къайленаш йовза», «харцонца къийсаме вийла, адамна дика болх бан», «цхьаммо ирс оьцуркха бохуш» беркате канн кхио дага лаьцна, дуьнен чу веанчу стеган дахар цхьа цуьрг а сингаттаме, парг1ата, дуьненах воккхавевийр волуш дац, амма адаман шатайпаналла ю-кха х1етте а х1ара чолхе дахар дезар:
Лаьтта охьадахна генаш
Наггахь бешех тийсало.
К1айн к1ур боккхуш, охьа1енаш,
Когаш к1елахь ц1ийза ло.
Ца лиъначу генах къаста
Г1а т1ехь 1уьллу дато г1ов.
Дахар! Хьуна бу-кха хастам!
Хьох ца къаста, х1ун ца лов?!
Оьрсийн сийлахьчу поэтан А.С.Пушкинан «Тазит» ц1е йолчу поэмин мукъамашкахь язйина ю Исмаиловн «Эдалха» поэма. Оцу мукъамашкахь долу бохаман (трагедин – Б.Хь.) илли а аьлла оцу шен драмех лаьцна автора. Шеко йоццуш, Пушкинан вай лакхахь ц1е яьккхинчу чекхъялазчу поэмо цхьана хенахь боккха т1е1аткъам бинчух тер аду «Эдалан» авторна. Цундела хилла иза «Тазит» поэма «чекхъяккха» лиъначех цхьаъ. (Хууш ма ду, оьрсийн а, кхечу а литературашкахь и тайпа эксперементаш йина а, еш а хилар). Исмаиловн Тазит-Эдалха а ву шеен халкъан угаре а тоьлла долу г1иллакхаш, ламасташ муьлхха а адаман коьрта амалш хила езаш хиларх тешна схьавог1уш. Цо шена езачу Селахьате боху:
Йиш яц сан, Селехьат,
Массарах тарвала.
Ге юьзча, ша цкъа а
Мацлур вац моьттуш,
Мацвелча, милла а
Г1ийланиг эшош,
1овдалниг 1ехавеш,
Каетташ лелачех
Ца хьоьгу, ца хьоьгу.
Дуьнене шеен хьежамаш болчу шен хьехархоче Наже, цуьнан дар-лелорах, амалех цецваьллачу Эдале хотту:
Суна а гой-техьа
И д1аьвше бакъдерг?
Жимчохь дуьйна ша кхетош-кхиош схьавалош волчу жимчу Эдалан даг чу цо диллинчех угаре коьртаниг ду х1ара жоп:
И къасто хала ду.
Хетарехь, адамал
Доккха х1ума дац.
Х1оранна массо а
Адам дуй хаахь,
Цхьаммо а, цхьаннен а
Ц1ий 1анор дац.
Автора х1ара драма «бохаман илли» аьлла къастийнехь цуьнан чаккхе ерза а йоьрзу бохаме – Эдала шен ч1ирхо ву моьттуш кхин стаг верца. Нажас адамаллин амалш, г1иллакхаш хьехна, царна т1ехь кхиийна, уьш д1акхехьа г1ерташ, дийнна юкъараллина дуьхьалваьллачу Эдалан чаккхе а ю бохаме цунах ца кхета дукхахберш, цундела иза совнаха стаг ву царна, боккъал а хьекъалх тилла Эдал адамийн акхачу 1адаташа дакъазваьккхина стаг ву.
«Лаьмнаш» операци» трагеди лерина ю нохчийн къам дерриге а махках даккхарна. Х1етахь, оцу шийлачу 1ай нохчашна т1ехь лелийна къиза харцонаш исбаьхьаллин дашца нуьцкъала гайтина авторв.
«1умар-Хьаьжа» повестехь Исмаиловс гайтина 1умар-Хьаьжин вастехь вуьззина къонахчун-нохчочун васт. Нохчийн халкъан исторера, дахарера маь1не, к1оргга чулацам болуш дийцарш даладо цо цу т1ехь.
«Бирдолаг» ц1е йолу философски туьйра-хьехамаш (притча) Исмаиловн Абун кхоллараллехь шакъаьстина меттиг д1алоцуш ду. Вайн дика а вон г1уллакхаш вешан т1аьхьенийн кхолламехь мел маь1не ду, цкран т1е1аткъам муха хуьлу дуьйцуш долу и туьйра къонаниш кхетош-кхиоран балха т1ехь шех пайдаэца аг1онаш йолуш ду. Цундела вайн республикин школийн программи юкъа а дахийтина и. «бирдолаган» турпалхой дийнаташ а, олхазарш а ду. Церан васташца гайтина автора адамийн г1иллакхаш а, г1уцллакхаш а. Туьйранан цхьана турпалхочо, Бух1ано, схьадоьллу шеен аларехь х1окху хьехаман маь1на:
« – Массарна а хууш а бу шуна, шайна цкъа мацах боьллина сардам. Х1етте а, шайн к1орнеша хаьттича, уьш даккхий хиллалц, церан ойланаш артъяллалц, уьш шайх д1атардаллалц, бакъдерг цаьрга ца дуьйцуш, 1адъ1а шу. Цул т1аьхьа уьш а, шайн кхолламна къера а хуьлий, массарна а дерг деза ду-кх, олий, хьалхалеранаш сана, шайн бодане дахар д1акхехьа дуьйлало…»
Т1аккха бух1анан дийцаре – хьехаме ладоьг1на жима бирдолаг (кхузахь и шеен дайн иэсах, дар-лелорах д1ахадийна, и лачкъийна латтийначу къоман васт сана кхоьллина турпалхо ву), шена х1инццалц ган бихкина болу Малх болчу серлоне арадала тохало (х1ара Малх цуьнан къоман сатийсам а, ирс хиндерг а ду):
«…Иштта, шена ган мегар дац бохуш болу и Малх муха бу, и х1ун ю хьажа лууш, сак1амделла долу Бирдолаг, баккхийчарна жимма наб а озаяйтина, шен дег1ерчу а, т1емашкарчу а г1оране ла а доьг1на, ша 1аччуьра кхоссаделла, шен шуьйра т1емаш х1аваах дузуш, дуьххьара тхов к1елхьара араделира…»
Карарчу хенахь а кхоллараллин некъ бита, д1атаса дагахь вац Исмаилов Абу. Цо ша ма-оллура, дуккха а ду цо кхочушдан дагалаьцнарг. Ткъа уьш кхочушдан зиэделларг а, метан говзалла а цуьнан йолуш ю. Уьш цо гайтина иттанаш шерашкахь кхоллараллин новкъа ша схьавог1уш. Ша дага мел лаьцнарг кхочушдан Дала могашалла а, ницкъ а лойла Абуна.
Бурчаев Хьаьлим
Байташ
Марта
ДагадогIий?
Беран хенахь
Хьо долчу со вогIура.
Хьоьга дуьйцуш,
Дукха Iерах,
Дийцина ца волура.
ЛадугIура
Соьга лоррий,
ГIийла гIовгIа йора ахь.
Хьо угIура
Карзахдолий,
Сан сингаттам оьций дIа.
Хьогалла, хьох
Къурд беш, йойий,
ЦIенчу дагца воьду со.
Муьлххаъ хало
Ловр ю, олий,
Хьо схьагушшехь, чIагIло дог.
1966 ш.
Седа кхалхар
Мацах цкъа хиллачу седано,
Ша кхаьчча дахаран гIушлакхе,
Гондахьа хьажийна сирла нур
Ду боху вайна схьагушдериг.
Миллион шерашкахь догIу и,
Йистйоцу есалла хедаеш.
Ткъа седа? ДIабайна, боху, и,
Боцачу кхолламна тIекъамбеш.
Хиндолчо жоп а ду цунах лур,
Гергарчу седарчийн кадамна.
Седа бац! Дехаш ду цуьнан нур,
Боданехь некъ гойтуш адамна!
1968 ш.
Хьехархочуьнга
Есенинс хестийна
Россера аккхтаргаш дитна,
Лермонтовс хестийнчу
Кавказан лаьмнашка еъна,
Оьрсийн йоI, довзийти
Ахь сунна – нохчийн кIантана
Инзаре хIара дуьне,
Халачу дахаран маьIна.
Хьайца со вигира
Хиламийн бIешерийн кIорге.
ТIемаш а делира,
Кхолламан кханенга кхийда.
Говза схьадиллира,
Семаллех дузуш, сан бIаьргаш,
Хьайн бIаьрса ца кхоош
Ехачу буьйсанийн кийрахь.
Мел дукха вахарх а,
Вер вац со хьан декхарх цкъа а.
Генара хьехархо,
КъинтIера ялар хьоь доьху.
Сан аьрха бералла
Лардарна харцхьарчу некъах,
Даггара баркалла
Юх-юха ас хьуна боху.
1968 ш.
ГIатта ойла
Мерза гIенаш гора суна берахь.
Моьттуш вара – дахар хала дац.
Амма, хьийзаш кху чехкачу хьерахь,
Хаьа хIинца, суо хиллийла харц.
Шуьйра тIемаш тохий, гIатта, ойла,
Дуьне толлуш дIасайолало.
Лаьттах мотт беш, тIулгех еш хьайн гIовла,
Iама, йовза, эшае хало.
1968 ш.
Кхолламан совг1ат
Хьаьж юккъе, сиз хуьлуш, дижийта шо.
Хилийта хIора васт сан дагахь лаьтташ.
Дахаро доIанна ца делла жоп.
Замано го туьйсу, чехка берг етташ.
Дийр дац ас тахана кхолламна арз,
Цо суна даларна хьо санна совгIат.
Хазийта сан лерехь хьайн мерза аз,
Хуьлуьйтуш бIаьстенан гIа-бецан гIовгIа.
Мерзачу набарха со хьуна гур ву,
Довхачу лазарца хьан дагчохь вуьсуш.
Бу вайшиъ дIалаьцнарг безаман гура.
Цхьаний гIур ду вайша, хенаца къуьйсуш.
1971ш.
Дагийна тIай
- Хьо жима, жима ву, – элира ахь
Ткъа суна-м хетара суо воккха къонах,
Моьттура, эшначохь ахь хаам бахь,
Айса хьо ларйийр ю массо а вуонах.
ХIунда ца хьовзийра букара дарц,
ХIунда ца хезира стигалан къовкъар,
Цу сарахь хьайн даге хьо лийча харц,
Хьо яхча цIаьххьана хаьржинчу новкъа?
Ма атта, ма атта хадийра вай
Бераллин догцIенчу безамах ловзар.
Вай цуьнца дазийна чиллана тай.
Иза а хедира, ма хиларг гIоза!
Мохо дIаядийра заманан йист –
- Хаьдда тай айира, хIаваэхь хьовзош.
ХIунда ца хилира со хьоьга вист,
Лаьттачохь сайгара тен юьхьиг ловзош?
… Хийламмо хийлаза лехна и тай,
Шад бина, ши юьхьиг вовшахтаса гIерташ.
… Овкъарлахь Iуьллу ахь дагийна тIай,
Къестадеш вайшиннан дахаран бердаш.
1971
Цхьалла
Суьйренца Мартанан йисте
Хьо яхча кхолламна леткъаш,
Юха а жино дог хьисти,
Сан суьртахь хин буха лечкъаш.
Меллаша цо хьоьга кхайкхий
Мукъамца шегара бала.
Со волчу гена дIакхайкхи
Йоккхачу, хазачу гIала.
… Ойлано хьовзийна корта,
Вуьгу со ураман чалхо.
Гондахьа адам ду шорта –
Ткъа со ву пIелг санна цхьалха…
1972ш.
ТIай
Яздо ахьа, бIаьсте яьлла бохуш,
Дашо зазах дуьзна лаьтта тай.
Ломахь десташ карзахдаьлла догIуш
Хино даьхьна вайша тесна тIай.
Ханнаш шорта карор ду вайн цигахь.
Хи тIехь кхечо тIай а туьллур ду.
Нагахь ойла хино гена йигахь,
Иза юха ерзо хала ю.
1972ш.
Аьхкенан догIа
Юха а карийна бицбелла могIа
Бераллин урамехь уьдуш ву со…
ЦIаьххьанна долало аьхкенан догIа,
Дагахь а доццушехь вашаво цо.
Уьду со бер санна, Iаьмнаш чу лелхаш.
Iаламан беркато цIандина дог.
Ткъа стигал? Стигал ю суна тIе йоьлхуш.
ХIун бала бу-техьа балхориг цо?
Хетало, вайн Латта шен марахь къуьйлуш.
Къеначу наношка хьоьжуш ю и.
ГIийлачу бIаьргийн аз дагах чекхдуьйлуш
Шега цо гулдина цу бIаьргийн хи.
Тахана елхалахь, елхалахь стигал.
ДогIанца яйалахь бохаман цIе.
ТIеман суй хIалакбеш, кхиийта цигахь –
Машаран лаьтта тIехь, зезагаш цIен!
Де
Де дIадоьду хуьлий хенан йийсар.
Ву со айса динарг луьстуш Iаш.
Герга оьхуш лаьтта сан сатийсар.
Беза хета сайга кхаьчна кхаж.
Гечдан йиш яц, нагахь ваьллехь гIалат,
Кханено соь доьхур делахь жоп.
Дагца эрна къуьйсуш доллу гIаларт,
СадаIарца Iехо гIерташ со.
Эшац къийса! СадаIарх ца хьоьгу,
Ца карийна сайн некъ хIинцций бен.
Декъал хила! –боху аса хьоьга,
Керла догIуш долу хIора де.
1972ш.
Безаман лазам
Хьолан да ву, аьлла дац ас хьоьга.
Дегайовхо – берриг бахам бу.
Ирсан дари шалха тайца тоьгу,
Цхьалха хилча, иза хедар ду.
Вайна юккъе ма йолийта хиеро,
Хиэ а доькъу лаьмнаш къестадеш.
Хила вайша шина куьйгах терра –
Цхьаммо важа дуьлуш, доладеш.
Хила вайша цхьаьна деган лазам.
Шиннех цхьаьний бен ца болуш д1а.
Хир ю т1аккха х1ора б1аьсте хаза,
Атта ловр ду шийла дог1у 1а.
1973ш.
Хьуьнхахь Iаьнан Iуьйре
Лаьтта охьадахна генаш
Наггахь белшах тийсало.
КIайн кIур боккхуш, охьаIенаш,
Когаш кIелахь цIийза ло.
Ца лиъначу генах къаста,
ГIан тIехь Iуьллу дато гIов.
Дахар! Хьуна бу-кха хастам!
Хьох ца къаста, хIун ца лов?
Лаьттан йиш
Хезний хьуна, хьоме доттагI
Лаьтто лоькху башха йиш?
Хезар ю, хьо хьалхе гIаттахь.
Тергалдахь ахь лаьмнаш, хиш.
ХIора дийнахь хеза вайна
Цуьнан мукъам дегнашчохь.
Цу мукъамца ойла тайна,
Мерзаш декош хьоькху мох.
Олхазарша вовшийн хьестар;
ТIулгаш цIубдеш доьду хи;
ХIора бецан хелиг лестар;
Цунна тIера лиепа тхи;--
--Дерриг иза, кхин а дукха,
Дийцина ца валлал а,
Лаьтто лоькху эшарш ю-кха.
Ткъа хезаш-м яц хьанна а.
1973 ш.
ХЬО ЦХЬАЪ
Со висча ирчачу, готтачу цхьаллехь,
Къизачу лазаро къевлича дог.
Нур дашо малх санна стигалан лакхехь
Генара ирс хилла йогуш го хьо.
Шийлачу йочанен буьйсанан кийрахь
Со висча, кхочур ду хьоьгара гIо¬--
Iаьржачу стигалан беттан са хилла,
Даима суна некъ гойтуш ю хьо.
Йовхоно бIарзвина, кхехкачу дийнахь,
Хьогалло гIелвина, вожавахь со,
Ламанах бухдуьйлу шовда а хилла,
И соьга малийта, кхочур ю хьо.
ХIинцалц схьа леллехь а некъах тилла,
Ахь серла баьккхина суна и го.
Лаьтта тIехь ирс диебо кхоьллина хилла,
Сан дуьхьа ехаш ю, йоьлуш ю хьо.
1974ш.
ЙоьIан йиш
Со кхиъна ялале адамаш довза,
ЦIаьххьана егира хьан бIаьргаш чохь.
Ахь хи тIехь яздина безаман йоза
ТулгIешца иэделла дIауьду сох.
Ахь соьга дийцина догцIена хабарш
Суо йолчохь дека сан лергашна чохь.
Генарчу хьан озо до соьга шабарш
Ткъа хьуна хезий-те сан шийла мохь?
Буьйсанна хан яьлча вогIий со йолчу,
Сатедеш гойтушверг самукъне гIан
Iуьйранна дIавоьдург, со юьтий холчохь,
Ткъа хьуна хаьий-те дагахь дерг сан?
Хьуо вахна цу лаьттан готтачу кийра,
Йистйоцчу дуьненчохь со йити ахь.
Луьсту ас тахана хьан дешнийн уьйриг,
Сецабеш къурдашца йиш хаьлла мохь.
1974ш.
БIаьсте
Стенгахь лиелаш ю хьо, бIаьсте?
Хьоь ладегIа, гIелвелла.
Чехка йуола, сан дог хьастий,
Некъах тилла ма лиела.
Схьахезаш ю генахь гIовгIа.
И хьан онда буолар ду.
Ахь совдаьккхи маьлхан совгIат.
ХIинца суна хьо гуш ю.
Нуьре сибат! Сийна дари!
МаргIал месаш! Зевне аз!
Иштта башха хьо схьаяре,
Хийла сатийсира ас!
Гучуели нускал санна,
ХIара латта хаздина.
Сан дуьхьа ца хилча, хьанна
Ахь и хIаваъ марздина?
Цо вахийна хIинццалц хьегнарг.
БIаьсте, хIунда хьиехадо?..
Къена догIмаш, къона дегнаш
Ахь цхьабосса Iиехадо!
1974ш.
Башлам
Башлам! Стигла айаделла баххьаш.
Хезна хьуна хийла хенан мохь.
Хилла, беро дега санна, бахьаш
Хьоьга халкъо шен лазаран мохь.
Ахьа, цуьнан бала сецош кийрахь,
Бина хилла цунах шийла ша.
Ткъа тахана – декхна долчу дийнахь
Иза бешаш лаьтта меллаша.
Хьо къежбелла дукха хьежна малхе?
Я ду бехкие деган чевнийн ов?
Цунах къежлой техьа тхо сел хьалхе,
Дехашшехь а б1ешерал а сов?
1974ш.
Дуьне
Со бераллин хенахь моьттуш вара –
Стигал Iуьллу лаьмнийн баххьаш тIехь.
Цу лаьмнашна дехьа туьйра дара.
Дуьне дара лаьмнашна юккъехь.
ХIора дийно, тухуш керла доза,
Схьагойтура дуьне суна хьо,
Iамавора, хьан къайленаш йовза.
ХIинца дерриг ду хьо сан даг чохь.
ХIинца аса хьуна тIехь гIулч йоккху,
Хьерчадо хьох сайн лаамийн тай.
Сан дог ду-те дуьненал а доккха?
Дуьне ду-те сан дагал а дай?
Аьчкан ков
(Этюд)
Баьццара бIаьрг къерзош цхьанна-м,
Схьахьоьжуш ду аьчкан ков.
Набарна бIаьрг-негIар санна,
ЦIенна тIе базбелла тхов.
Цу кевнна шина а агIор,
Чухьаькхна сутара ка,
ГIап санна лаьтташ ду рагIу,
Букъ тоьхна, дуьне ца ган.
Хилла-те маккхалах Iемаш
Кечбинарг и шийла бен?
Цо иштта даржадо тIемаш,
Доладеш ижунан шен.
--Сан ю и! Сан ю и! – бохуш,
Цо иштта къерзабо бIаьрг…
…Стиглара, седарчий дохуш
хир ву и – цу кертахь верг…
Буьйцу а ца хезна цунна
ПирIунна хIоттийна лам,
Адамийн даьIахкийн гуно
Бакъийна хьацаран Iам.
Ца хаьа, лаьттийла хIинца,
Ларбечунна жима бен,
Боьттина адамийн цIийца
ЦIе яхна китайски пен.
Адаман сонталлин тешаш –
Лаьтта уьш – адамна бехк.
Ткъа гIап а, и хьанна оьшу?
Цо мила воккхур цу цец?
Куй биллал меттиг схалаьцна,
Iаш ву цхьаъ, ша хеташ лом.
Ткъа дуьне кара а эцна,
И хьоьстуш, вогIуш ву со-м.
1975ш.
ХХI-чу бIешеран Iуьйре
Цу хене соъ вала мега.
Ткъа шуна-м ду иза гур –
--Самукъадолуьйтуш деган
ирсечу дахаран сурт.
Декар ду шийлачу сарахь –
БIешеран тIаьххьара сахьт.
Бер хир ду шен ненан карахь
Схьаоьцуш хиндолчун салт.
Ши эзар цхьолагIчу шаро
Юстур ю дуьххьара ге.
Бер хир ду вайн берех тера.
Де хир ду, хIара санна де.
1975 ш.
***
Ма кIезиг хеза
Вайшиннийн дешнаш.
Бу-техьа безам
Къамелах тешна?
1975ш.
Йистйоцург
Уггаре дика дош карийна даьлча,
Цунах а сан даго тоам ца бо.
ЖовхIар а диканиг, хьо лаха ваьлча,
Цу хIордан бухахь бен кара ца до.
БIаьстено башхачу забаршца тоьгуш
Лаьтта тIехь баржабо баьццара куз.
Ткъа бецо шабарш до суьйренца соьга:
«ХIокхул а хазаниг бIаьсте хир ю».
Iаламан цхьа дакъалг со волу дела,
Хир ду и, ца лоьхуш ширъелла лар.
Ца Iебаш, тем боцуш, со сиха лелар,
Кхиъначух, диначух тоам ца бар.
Лааьра…
Хьийзара ойланаш
Цхьаъ вукхулла башха.
Лаьара, мерз санна,
Бекийта могIа.
Аланза, керланаш
Дош хIуттуш дашах,
Дагах дIакхетийта
Сайн деган цIогIа.
ГIийлачунна, мискачунна,
Дуьненан кийрахь
ГIо доцуш висначунна,
Ца хиеташ хийра,
Кхочуьйтур дара ас
Къинхиетам болу аз.
Даймохк
Сийна хIорд дIамаллал,
Хьогах со велахь,
Хьо ю сан хьогалла,
Дай баьхна мохк.
Сутара къурдаш деш,
Мел дукха мийларх,
Со цкъа а Iебар вац.
Iебар вац хьох.
Кхачийна дегIера
Ахь делла гIора,
БIал бохош,
ДIахецна карара нох,
Цкъа ирхо йоккхучохь
Вожахь а гора,
Со цкъа а Iебар вац,
Iебар вац хьох.
Хьан стигла хьаьжжинчохь
Висахь а Iилла,
Соьца хьо хилалахь,
Дай баьхна мохк.
Ницкъ лолахь чекхдаккха
ТIаьххьара илли -
ТIаккха а Iебар вац,
Iебар вац хьох.
Зама
Хьоьца цхьана къийсархьама,
Тахана со вехаш ву.
Чехка йоьдуш ю хьо, зама.
Хуьйцуш хохкуш ши дин бу.
Церан архаш буйнахь къуьйлуш,
Лааме уьш дерзадеш,
Халкъе деган ойла кхуьйлуш,
ГIур ву, сайн аз декадеш.
Зама! Цкъа-м хьо тола мега,
Седа санна лар юьтуш,
Мажделла гIаш охьаэгаш,
Хьур ву со ахь, ца вуьтуш.
Нагахь кхане хьоьгахь елахь,
ХIинца со хьан дошло ву!
Хьайга далург суна делахь,
Амма, дахар лаьттар ду!
Поэзех лаьцна
ХIун ю-техь поэзи? – соьга ма ала.
Сан цунна дуьхьала дала жоп дац.
Ю-техьа шен цIергахь со вагош алу?
Ду-техьа цIаьххьана хьовзийна дарц?
ХIун ю-техь поэзи? – соьга ма хетта.
И гайта дош суна кара ца до.
Ду-техьа и лазар, дегIе ов детташ?
Бу-техьа и безам, хьоьстуш сан дог?
ХIун ю-техь поэзи? – соь хаьттинчунна
Муха жоп лур ду ас, ца хилла харц.
Ду-те и кIорга Iин, чуьхьаьжначунна?
Бу-те и дIахьаьжча гуш болу арц?
ХIун ю-техь поэзи? – со нийса кхетахь,
Иза ду гIаьттина бIешерийн зов,
Лазам бу со воттуш безаман кхерчахь –
Иза ду – сан деган лазаран ов!
1975 шо.
Къарлур вац
Г1елвелла хьо, г1елвелла хьо, бохуш,
Дега юххе х1уьтту къиза ан.
Ма хьийзаве, лергах мехий дохуш,
Г1атта веза, некъ бан беза сан.
Къурд ца балуш, дешнаш даг т1е х1иттарх,
Дог ца дарах, лакха еза йиш!
Лекха лаьмнаш дуьхалонца г1иттарх,
Къар а ца луш, хедо деза уьш!
1975ш.
Баьпкан хьожа
Бакъдолчух бакъдерг ду – комаьрша латта.
И охуш, дIатасахь бакъдолчун зирх,
Шен бакъ цо схьалур ду – хьийкъина ялта,
Малхехьа кхевдина, гIоттур ду ирх.
Ялтано вовзуьйту яхьйоцу къуонах.
Цуьнан эхь тIаьхьенна тIехь дуьсуш ду,
Ялтано лардо вай мацаллин вуонах.
Вайн дайша ялтанах биъна шайн дуй.
Сайн шуьне кхаьчначу баьпке со хьожу.
Леррина схьагулдо массо а цуьрг.
Муьйлу ас цу баьпкан ша-тайпа хьожа!
Къуьйлу ас и беркат кхиийна куьг!
Къеначу лаьттан хьу хаало суна,
БIаьстенан мерзачу хIаваан чам.
Ткъа цаьрца иэелла хьожа ю гуонах
РаьгIнашка дижначу кIедачу чен.
Цу баьпко хозуьйту тракторан гIовгIа.
Схьаетта арарчу аьхкенан тов.
Цо соьга кхийдадо дахаран совгIат –
--Маьлхера схьаэцна зIаьнарийн цIов.
Бу цуьнца мелачу догIанан цинц а,
Ахархойн хьацаран туьха а ду.
Баккхалур бу аьлла хетийца хIинца
Чолхечу дахарехь муьлхха а гу.
КIа-деших язъелла комбайнан бункер –
Ялтано дебадо Даймехкан зовкх.
Ду иза дахарехь коьртаниг уггар,
Массо а стеган ирс даьккхинарг сов.
Сайн шуьне кхаьчначу баьпке со хьожу.
Леррина схьагулдо массо а цуьрг.
Муьйлу ас цу баьпкан ша-тайпа хьожа!
Къуьйлу ас и беркат кхиийна куьг!
1976ш.
ГIиллакх
ТIехволуш, ластабой корта,
Гойту вай гIиллакхан цуьрг.
Стаг велахь стагана гIортор--
--Кховдаде вовшашка куьг…
Вистхиларх ма хета дола,
Ма кхера, дожарна дош.
Тергалде астагIа болар,
Бохамо дассийна пхьош.
Вовшашка делалой хьовса.
Вовшашца яхь хилий къовса.
Схьагайта диканан цуьрг.
Кховдаде тешаме куьг.
Суна оьшург
Сан ойла, ма йийла пана.
Соьга хьо ма лехьа харц.
Тахана ца динарг кхана
Дан кхуьур ванне вац.
К1едачу дешнашца хьостуш,
Ма хьиег1а набаран тар.
Мел лиеларх дуьненчохь кхерсташ,
1индаг1о ца юьту лар.
Яшор ю бовхачу малхо
Шелоно йиллина к1ац.
Къежбина дахаран чалхо,
Сан корта кхин 1аржлур бац.
Цундела сихвелла хоьшу
Осалчу лаамийн бог.
Ткъа суна-м дукхаъ ца оьшу –
Адаман тешаме дог.
1976ш.
Аьрха бере
Атта некъ, паргIато лаха йиш йоцуш,
Уьдуш бу беречун лаамехь дин.
Iалашо ца хиъча, урх каралоцуш,
Дошлочо кхоамза хIалакбо и…
Геналле хьаьжжинчохь, бIаьргаш ду гIийла.
Хьацаран чопанах хIоьттина Iам.
Ца деза кхин цунна шийла хи мийло.
Йоьхначу бергана ца оьшу лан.
ТIаьххьара озийна чIагIбелла когаш.
Къорачу хьажарехь дIатийна арз.
ПаргIато ю цуьнгахь, кийра ца богуш.
Некъ лаьцна Iуьллу и Iожаллин барз.
…Тера ю беречух тембоцу ойла:
Вистхуьлуш и велахь, гуш делахь са,
Ца лоьхуш дегIана жимма а гIоли,
Цо иштта хаьхкина адаман са.
Самукъа даьллачохь, хехка ца оьшу
Миска дин, оьккхуьйтуш хьацаран кIеж.
Адамо кху лаьттан букъ хIунда хьоьшу,
Нагахь шех ца хиллехь заманан теш?..
Вон деъна хьовзийнехь тешаме доттагI,
И волчу дIакхача, ца кхоош дин!
Махкана сийдоцу мостагI тIегIортахь,
Пусар дан ца оьшу мерзачу син!
1976ш.
СИХА ВУ СО
(Р.А.)
Беран бIаьра нана санна хьоьжуш,
Сиха ву хьо, соьга эли ахь.
Со хиларна сиха, корта къоьжа,
Некъан дорцо къиза аьгна юьхь.
Ши ког биллал меттиг тоьу цхьанна,
Ткъа вукхунна дуьне готта ду.
Сих а ца луш ваха лиъна хьанна?
Кху дахарах Iаьбнарг мила ву?
Берахь дуьйна кху лаьмнашкахь ваьхна,
Денна муьйлуш ломан чехка хи.
Хаац суна-м, сан синтем цо баьхьна?
Я хила а хиллий техьа и?
Гина суна: сахуьлучу хенахь
Маьлхан гIаттар, яржош дашо кхес.
Гина суна: бода цоьстуш генахь,
Туьран диттах тера тоьхна ткъес.
Цец а дуьйлуш, бIаьрла делакъежаш,
Массо хIума беро тергалдо.
Цу ойланца кху дуьнене хьежа,
КIордадарна кхоьру сиха дог.
Сиха хиларх, суна бехк ма билла,
Иштта ю-кха хIара зама вайн,
Лууш ву со цунна «бIиллиг дилла»,
Иза иэшош, кхерсто лаам сайн.
1976ш.
Сан жималла
Диц а ца луш хуьлуш ду де.
Лаьа, иза юхаъ лан.
Дагахь доцуш, гIенахь чул бен,
Ги суна сайн жималла…
… Хино яхьаш чIешалг санна,
Урам-некъан тулгIи тIехь
ЙогIура и, хаац, хьаннал
Со ирс доцуш хилла-техь?
Бехкие бIаьргаш лаьтта хьежош,
ТIехъелира… меллаша ….
Цхьана хенахь сан дог Iиехош,
Лелла йоллушехь а ша …
… Дахар дустуш делаш ду де.
ЖIарадуьйлу некъаш вайн.
Дагахь доцуш, гIенах чул бен,
Ги суна жималла сайн.
1976ш.
Хи
Схьадаьлла мокхазан тархах
Даточу мерзашца луьйш,
ДагтIера дIайоккхуш марха,
Шовда ду со шеца зуьйш.
Да виса! И иштта цIена
Делар-кха даима гуш,
Кху лаьмнех мел даларх гена
Кхин цкъа а хийца ца луш…
…Аз дохош оьккхуьйтуш гIовгIа,
Шех терра шовданех уьйш,
Шен эшарш жарж санна гIоргIа
Лоькхур ю, ша шегахь хьуьйш.
Лазаро хьовзийна дархо –
-Иштта бу цуьнгара кхаж.
Охкур ду тIаккха цо аьрха
ХIинцалц а аьхкина чIаж.
Аренийн маршоне долуш
ДIайовр ю ойланийн кIеж.
Сийна хIорд хир бу хи молуш
ПаргIата шен наб а еш.
Керчар ю тулгIенаш гIийла
Ца евзаш цхьанггера хьу.
Масане ирс лоьхург хийла
Цу бухахь хьулвина ву?!
Хьоькъийла
Заманан къайленаш йовза,
Дуьненчу йиллинехь неI,
Хуьлда хьан декъала, гIоза
Юьхьара ахь лаьцна некъ!
Харцонца къийсаме вийла,
Адамна дика болх бан,
Ахь дага мел лаьцнарг хиллехь,
Доьбийла, доьбийла хьан!
-Цхьаммо ирс оьцур-кха,- бохуш,
Кхиийнехь беркате кан,
Кханенна дуьхьала вогIуш,
Хьоькъийла, хьоькъийла хьан!
1976 шо.
ТIаьхьара зама
(ХIара байт I976 шарахь язйина ю. Цхьана районан газетехь зорбане а яьллера. Амма дешнаш карош дацара.Дукха хан йоццуш телевизорехула гойтучу концертехь Айдамирова Айманис локхучу эшарехь девзира авторна шен дешнаш.Иштта меттахIоттийна ю хIара байт.)
Кхерамаш тхуна ма тийса.
Шуна а новкъа бу уьш.
Дегаза тхоьга ма хьийса,
ТIаьхьарчу заманна луьйш.
Шун дайша, дендайша баьхна,
Шайн зама тIаьхьара ю.
ХIетте а таханналц даьхначу.
Шун берийн бераш а ду.
Церан а дезийца даха,
Дезийца бIаьстенаш ган.
Дезийца шайн иллеш даха,
Дайх диснарш диц а ца дан.
Къоначу дегнашна Iеткъа
И къамел, хIай баккхий нах.
ТIаьхьарчу заманна леткъаш,
Аша тхан хиедабо мах.
Оха шун къоьжаллин сийдо.
Лору аш яьккхина хан.
Хаьа, тхо шуна санна хир ду.
Некъаш а кхачор ду тхан.
Буц санна бIаьстенан арахь,
Кхуьур ю тIаьхьиенаш вайн.
Шайн тIаьхьие хьоьстур ю цара.
Хедар дац заманан тай.
Кхана а кхехкар ду дахар.
Юха хоьжур бу малх.
Зама а кхачор яц наха.
Кхачор бац замано нах.
ГIиллакх а даима лиелаш
Нохчашлахь оьзданиг ду.
Баккхий нах, са ма гатделаш.
Къонахех шун тIаьхьие ю.
Бакъболу баккхий нах лору,
Бахкарна заманца уьш.
Ларбийр бу шун синтем оха,
Тхайн йовхо шуна дIалуш.
Шовданал хьаьъна ю ойла.
БIаьстенал къона ду дог.
Лаьа шу даима гойла.
Шу мел ду, къона ду тхо.
1976 шо.
Хиндолчуьнга
Каеттарх хIун дуьсу буйнахь?
Гуш бац кху дахаран шу.
ХIинцалца азаллехь дуьйна
Хилларш а, мичахь ду шу?
КIеззигчу хаьржинчийн цIераш,
Замано язйина хир.
ДIаихна эзарнаш шераш
Хедадеш оьмарийн хир.
Со церан лорах дIавига,
Ма гIерта. Тахана сан
Кхин некъ бу, кхин ду сан нигат –
--Царна а ца гинарг ган.
Абаден абделлалц вахарх
Iебар вац кхолламах сайн.
Со белахь тай тесна маха,
Хилийта йист йоцуш тай.
Йоккхур ю аса цу теца
Сайн халкъан дахаран тир.
Нагахь и ойланаш хийцахь,
Хиндерг, соь хьеелахь чIир!
Некъ
Доккхачу лаьтта тIехь
Цхьа гIулч а яьккхина вацахь,
Хала бу беха некъ –
Ненера неIаре кхаччалц.
Дуьххьара хьан болар…
Вара хьо ча санна партал.
Цу некъах хьо воллалц,
Вуьйжира хийлаза бертал.
Йоьлура хьан нана,
БIаьргаш чохь ирсан суй богуш,
Хьуна цу Iуьйранна
ЦIаьххьана карийча когаш.
Хьайн ага дицдина,
ВогIу хьо, и когаш текхош.
Цкъа цхьаммо идийнарш
Ахь хIунда идадо некъаш?
Айхьа хьайн некъ билла.
Некъ бита нахана ала:
«Ма деса ца хилла,
Хьан нанас техкийна, ага!»
Дош
«Аьлла долу дош аланза
долчу дешан лай ду»
Нохчийн халкъан кица.
Мел генара хьаьжча,
Лам санна хаалуш,
Сан дош, хьо хилалахь.
Багара дIадаьлча,
Безаман йовхо луш,
Дегнашка дижалахь.
Мичча а хьо кхачахь,
Оьзда а, комаьрша,
ГIиллакхе лелалахь.
Мецачунна – кхача,
Цомгашчунна – маршо
Хуьлуйтуш декалахь.
Ког маса хьадалча,
Сол хьалха а далий
Нийса некъ харжалахь!
Мотт шера геланча,
Сан дагара алий
Дуьненчу даржалахь!
1976 ш.
Iуьйре
Стиглара седарчий лоьхкуш
ТIекхочу сахуьлу хан.
Керлачу дийнан юкъ йоьхкуш,
Сихло со и Iуьйре ган.
Сийсара чекхъяьлла буьйса
Цхьа жимма соцунгIа ю.
Дахарехь цхьа де а куьйса
Хиларна со кхоьруш ву.
Пхьарматхошка
«ХIуманан сахьт бен дац», -
Олуш ду халкъо,
Мел чIогIа хиларх, дарц
Шен хеннахь тоь.
Цкъеллиг цкъа эшор яц
Харцоно бакъо.
Баржор бац
Лекха арц,
Ца дуьтуш доь.
Замано, махкана
Оьшуш а хилла,
Хан кхаьчча,
Кан баьтIча,
Кхоьллира вай.
Пхьарматан серлоно
Къагийра илли,
Гуьйренан
Iуьйранна
Сенбира бай.
Цу цIаро вохвина.
Дог карзахдаьлла,
Массо а
Вахара,
Шеца и хьош.
Дахарехь айина
Чекхйоккхур аьлла,
ХIораммо
Ша-шена
Делира дош.
Цул тIаьхьа цхьаболчийн
Дахделла тIемаш.
Къолам а,
Цергаш а
Иръелларш бу.
Тахана хиндолче
Ца боьхуш темаш,
Поэзин цIе эцна
БогIурш а бу.
Некъ шера ца хиларх,
Шу къар ма лолаш.
Дебар ду,
Хьекъар ду
Кхана шун хас.
Лаьмнашна тIехула
Иллешка долуш
Декийта,
Декийта
Пхьарматан аз!
1978ш.
ВогIура воккха стаг
ВогIура воккха стаг,
ГIаж каралаьцна.
И гича, соцунгIа хилира со.
Ас шена некъ битча,
Саца а сецна,
Леррина соь хьаьжна,
Элира цуо:
Баркалла, жима къуонах!
Хаалахь даим,
Кхо хIума ду хьуна,
Стагах стаг веш:
Воккханиг ларалахь,
Ткъа кегийчаьрца
Эвхьаза ма вийла,
Бегаш а беш.
Дикано ловзаварх,
Хьовзаварх вуоно,
Хьайн нийсархочунна
Яхь дIа ма луолахь!
1978ш.
Гуьйре
ГIайгIане ойланаш хьоьгIуш,
ТIесерсаш ду дехкан дерз,
Мартанан йистте со воьхуш,
Бекаш бу бераллин мерз.
Хьийзадеш догIанан серий,
ЦIаьххьана тохало мох.
Хьан йина сан ойла хьере?
Хьенан бу лерера мохь?
Кхин цкъа а хазийта суна,
Доьху хьоь, и мерза зов!
Ца хеза. ХIуммаъ дац гонах.
Хилла и сан деган ов…
… Шен хьаьрса кIозарш а лестош,
Гуьйрено тийжамаш бо.
Мартано, тулгIешца хьоьстуш,
ДIахьош сан бералла го.
1977ш.
МаьркIаже
ТIаьххьарчу зIаьнаршца –
Башламах тийсалуш,
ЦIен хедар меллаша
Чукерча регIах.
БIаьрзечу бIаьргаша
Серлонца къийсалуш,
Хьерчабо шен маша
Дуьненан дегIах
Iаьржачу буьйсано.
Вог1уш ву со
Хезий хьуна? Вог1уш ву со, -
-Генна г1ерг1аш, кура сай.
Эшахь, дийца тайпа ду сан.
Эшахь, бийца бу сан дай.
Мила ву сох кхарда г1ертарг,
1индаг1ашкахь шабарш деш?
Гучуяккха д1аьвше бертиг.
Схьагайтал сан эхьан теш.
Мокхазан берд гиний цхьаннаъ
Г1аж 1оьттича бухуш чу?
Шайт1ан мохо-м нехаш санна
Цхьа чемхалгаш идош ю.
Ножан дечках летта елахь,
«Х1уп» аларх, д1айовр юй ц1е?
Шабаршдийриг, хьо 1ад1елахь,
Ца хозуьйтуш кхин хьайн ц1е.
1977ш.
Хиламийн оьргаш
Ойланийн маша а ийзош,
Вайшиммо листина тай,
Заманан урчакхо хьийзош,
Уьйриг беш гулдина, дай.
Къестаран билгало хилла,
И оьргаш масане ду.
Вай цхьанакхеттачохь хийла
Юха а уьш луьстур ду.
1978
Ирсан хьоза
Сийна тIам ластийна
Сох ирс дIадедча,
Йиш хаьлла, хьуьхьвоьлла
Со тIаьхьа ведча,
Ма чIогIа сихло хьо, зама!
Хьан къайлах амал
Ас муха еза-те Iамо?
Геннара куьг лестош,
Соьга дIакхойкхуш,
«Со ду хьан ирс» - бохуш
Цхьа гIаларт хилча
Ма чIогIа яхло хьо, зама!
Дац сан дан амал,
Ахь соьца лелаяхь гамо.
ДАХАРЕХЬ ЦХЬА ДЕ
Цхьаъ ца кхии сахуьланга вала.
Дуьне Iадо кечлуш хир ву цхьаъ.
ХIорангахь бу шеначулла бала.
ХIоранна а хезна мерза кхаъ.
Тера ду де дIадаханчу дийнах.
Хийцаделла схьагуш хIума дац.
Iуьллуш бу тIулг, воккха стаг тIехь Iийна,
Эзар шарахь санна лаьтта арц.
Сийна стигал, дезде долуш санна,
Цхьа а марха йоцуш, цIена ю.
Олхазарш а хьийза тодеш баннаш.
Цхьанна-м кертахь йогуш кхелли ю.
Кестта сийна буц тIеер ю, бохуш,
БугIа лаьтта, кегош лоьдгийн курс.
Лелар яц и хIусамден урд охуш –
ГIайракх хоькхуш, ирдеш лаьтта урс.
Тилор ю и кестта доккхуш сагIа.
ЦIергахь кхозу боккха чуьйнан яй.
Тезет хIоьтти хьаладуьзна рагIу.
Бесаш даьхьна гуш бу хIусамдай.
…ХьалагIовттий юх-юха до доIа,
Керла тоба уьйтIа кхоччушехь.
Охьахуий вокххачо садоIу,
Цхьамма шира хабар дуьйццушехь.
Вевза-везарг шишша-кхоккха къесташ,
Могуш-паргIат хоьттуш къамел до.
Наггахь волчу дуьйцу, велларг хестош.
Ойланашка вахна цхьаверг го.
Шен-шен гIайгIа яхьаш масо веъна.
Кхане, кхане церан дагахь ю.
ХIокху цIентIе ирча Iуьйре еъна.
Кхана иза хьаьнга кхочур ю?
Амма, дахар… Цо тIедоккху шениг.
Ойла йойту таханлерчу ден.
Цо юха а карзахвоху къениг.
Миска-адам, дуй-техьа хьо къен?
Дера хаьа ,дерриг дуьсур дуйла.
Цунна тIаьхьа даха дезаш ду.
ХIетте лаьа, дахаран кад мийла!
Баккха лаьа кхин цхьа лекха гу!
Баккхийчеран, кегийчеран ойла
ХIинца юхайоьрзу шен-шен цIа.
Хиндолчунах кхерамаш а байло,
Карахьдолчо толам боккху цкъа.
Дицло царна шаьш даьхкина тезет.
Дицло царна нехан ирча вуо.
Дагахь лаьтта тахана дан дезарг.
ХIинца цара цуьнан гIайгIа бо.
Кхачош лаьтта цхьаннан кертахь докъар.
Кхуьнан «Волгин» оьшу керла чкъург.
Везаш ву и ваха гена новкъа.
КхозлагIчунна дагахь ю юург…
…Массеран а ойланаш а хедош,
УьйтIа йогIуш керла тоба го.
- ДоIа делаш! – ира чIениг эгош,
Къанвеллачу стага доIа до.
…Иштта де ду. Дуьне серладаьлла.
Хезна хир бу цхьанна-м мерза кхаъ.
Цхьаъ ца кхии сахуьланга вала.
Дуьне Iадо кечлуш хир ву цхьаъ.
1978ш. Март бутт. Мартанчу
Кхоьру со
Со кхерарх ма мотта
Экханах кхоьру.
Со ларвеш ма хIотта
Тхойшинна юккъе:
Барт хир бу сан цуьнца
Муьлххачу ханна…
…Кхоьру со, лаьтта тIехь
КIуьрзан дохк хIоттарна,
Адаман сибатехь
Акхарой гIовттарна,
Йоккха топ набарха яларна,
Вайн жима дуьне цо Iадорна,
БIаьстенан маргIал-га кагдарна,
Ирсечу беран йиш хадорна.
1978ш.
Дуьххьарлера чхар
ГIенан кхоьлах суна дуьххьалтуьйсуш,
Самах дагчуьра ца долуш дIа,
Бакъдерг лела, харцонашца къуьйсуш.
Бакъдерг шениг дитина ца Iа.
КIордийна а хир бу буьйцуш хийла
Шиннан къовсам, цуьнан йоцу йист.
Хилла-кх наггахь бакъдерг дуьсу гIийла,
Харцдерг тулий, ца хилалуш дист.
ТIулган бIешо долалучу хенахь,
Акха адам хьехахь декхачохь.
Ваьлла хир ву цхьаъ эзарнах, бIеннах,
Ша ву бохуш массеран а бохь.
Цхьана буса, лоьман цIока йоькъуш,
Я къевссинчохь овкъарх дуьзна пхьор,
Харц луьйш волчо, дешан иэшам боькхуш,
Тоьхна хир бу дуьххьарлера чхар.
ТIулган дагарш, тIулган арсаш кечдеш,
ХIетахь дуьйна доладелла дов.
СхьадогIуш ду вовшашна ца гечдеш,
Марсадолуш наггахь, тIаккха довш.
Нанойн гIийла белхар хеза вайна,
Герзан пхьар а левси кховсуш ву.
Харцо йоцург ца гуш бIаьрса дайнарг
Харцо шех а яхна вуьсур ву.
ГIерта иза кIуьрзах дуза дуьне,
ДIовш а детташ бехдан хIордаш, хиш.
Аьчкан серех дохнакерташ йина,
Адам цу чу лалла гIерта и.
Хир дац цкъа а адам горахIуьттуш.
Йохор ю хьан пхьалгIа, герзийн пхьар.
Ткъа машаран сирла хIусам юттуш,
Юкъа гIур бу мацахлера чхар.
1978ш.
Замане
… Ойланийн кIоргенехь,
Йист йоцчу есаллехь,
Схьалаца тIам боцуш,
ДIахIотто бух боцуш,
БIаьргашна васт доцуш,
Куьйгана кеп йоцуш,
Канашкахь ца соьцуш,
Iийдало хи санна,
ПIелгашна юккъешха
Хьерсало гIум санна,
Мичахьара я стенга …
Схьаоьху… дIаоьху…
Хьо, Зама?..
1978ш.
Шира шо
ДIалелха шампански тIассаш –
Керлачу, керлачу шарца!
Кедаш а хIиттадо дассош.
Дохадо уьш ирсан цIарца.
Хедадеш гуш доцу доза,
Ирсениг кханенга волу.
«Хуьлда хьо декъала, гIоза» -
Керлачу шаре ас олу.
Iехало хьох санна тховса
Нускалах, дуьххьарчу берах,
Делахь а, шу юхахьовса
Ширделла доьдучу шаре.
Дерриг а схьаделла вайна,
НеIарехь лаьтта и гIийла.
Со, цуьнан сибат а дайна,
Цецваьлла гинашшехь хийла.
Шира шо…Къанъелла нана…
Хебарша яздина йоза…
Селхана…Тахана…Кхана…
Мичахь ду…Шу къастош доза
1978 ш.
Йиш хилча…
Кхачалур дац моьттуш хилла,
Ма сиха чекхдели Iа.
ЦIевзина дIаяха чилла.
Еттало бIаьстенан Iаъ.
Селхана кIайн яра аре.
Тахана уьдуш ду хиш.
Ца хаьа: малх муха ларий
Къарзйина дIахIотто и?
Ца Iебаш, дIахуду лаьтто
Ло дешна и шийла мутт.
Ткъа кхана кху арахь гIоттур
Ду бецан баьццара хутт.
IиндагIехь кIайдаргаш къиэдош,
Хаало ширделла ло.
И Iилларх, ша ирсен хиэташ,
Цунах а ца хьоьгу со…
…Йиш хилча, ло санна Iана,
ТIекхочуш тIаьххьара де!
Со воцуш хинйолчу, кхана
Даймахках иэвелла Iиэн!
1979 ш.
Йочана
Хьан лергаш, сан лергаш
ЦIийделла догура
Хьан матто, сан матто
Дуьйцучух эхь хеташ.
Хьан бIаьргаш, сан бIаьргаш
Кхолийра бодано,
Хуьлдира мархаша,
Хинйолчу йочано.
Царна чохь ткъес детташ
Наггахь нур догура…
…ДогIанан тIадамаш…
…ЦIанделла дегнаш…
1979ш.
Керла шо
Адамо. Адамо хадош бу заманан барам.
Аьрхачу ойлано йоруш ю йистйоцу аре.
Керла шо. Керла шо – мацах цкъа гIаш лелла пекъар.
Хотталахь, ченалахь хийла ахь идийна некъаш.
Эмкалан боларца гIамаршлахь тиэкхна хьо гIийла.
ЙоргIачу говрашкахь Идалал сехьа а дийлла.
Буьрсачу хIордаца Колумбан хин- кема хилла,
Ихна хьо Малхбузе, хаьржинчу некъах а тилла.
Аьрхачу ойлано аьчкачу некъа тIедаьхна,
ХIаваан кемано айина мархашка даьхьна…
…Олу вай тахана «шо шаре ма сиха долу».
Космосан заманан ду цуьнан ракетийн болар.
Маьлхана гонаха хаддаза хьийзаш ду Латта,
Йиш йоцуш сихдала, йиш йоцуш сецна ша латта.
Адамо. Адамо ша шена сихйина зама.
Цундела теша со – ю иза цо караIамор.
Цундела олу ас: «Керла шо, догIийла марша,
Маьршачу лаьтта тIехь машаран сирла аз даржош!
1979ш.
Ловц
Дукха дезна жима долуш дуьйна,
Я ц1аьххьана евзаш цуьнан хьу,
Ц1ена безам ц1енчу дагах ийна,
Вовшахкхетта хила мега шу.
Доцу анташ вовшашкахь ма леха,
Мерза дешнаш аш ма кхоаде.
Хуьлийла шун дахаран некъ беха.
Ирсе, бертахь хуьлда х1ора де.
Цу г1ург1езийн оьзда доьзал санна,
Беркат долуш хуьлда дахар шун.
Комаьрша не1 йиллина массарна,
Дуьзна лаьтташ хуьлда хьешан шун.
Кхане хир яц таханчул а атта,
Кхуьур дац вай массо х1ума ган.
Ши т1ам боцуш олхазар ца г1отту –
Ма к1ордаде вовшийн хама бан.
Сонтачуьнга
КIеззигчу ханна хьоь кхаьчначу гу тIехь
Ма кхарда, цхьаъ пекъар ву алий.
Аьттоне хьаьжжина, массо а веха.
Ойлае кханенан:
Вай мичахь гур- техь?
Ма гIерта айхьа хьуо Iехо.
1979ш.
Дахаран йоькхане де
Нагахь ас яздахь а йоза
Кху кIайчу кехата тIе,
ГIерта со хьо гергаозуо,
Дахаран йоькхане де!
Кийча ву хьан дуьхьа ваца,
Кхочушдан соь далуш дерг,
БIаьргашца цкъа хьо схьалаца,
Дахаран йоькхане де!
Хууш ву хьо кхочур дуйла
Дех-ненах ца хьоьгуш бер,
Лаьтта тIехь стаг воцуш гIийла
Дахаран йоькхане де!
Лаьтта тIехь хир бац кхин бохам.
Самукъане къинхьегам бен.
Де хир ду йиш йоцуш доха,
Дахаран йоькхане де!
1979 ш.
ГIАН
Буьйса кхочу,
Буьйса йогIу,
Лергаш Iадош.
Iаьржа бода,
Мара къуьйлуш,
Хьерча сох.
Iаьржа бога,
Со дуьненах
ДIа а хадош,
ТIекIелдолу,
Гуро санна
Лоцуш со.
Шийла куьйгаш
Соьга кхийдош,
Хьийза гIаларт.
Халла къаьста
Цуьнан бIаьргийн.
Сийна нур.
Ша ду, боху,
Сох цкъа мацах
Даьлла гIалат.
ТIаьхьа догIуш
Ду гIалатийн
Доккха сур.
Кхема боцчу
Жоьра-Бабин
Санна дека,
Шок а етташ.
Балдаш иэгош,
Цуьнан аз…
…Сан ирсана,
Цхьаннан кертахь
Котам диека.
Цуьнца цхьаьна,
Реза йоцуш,
Iоху гIаз.
Седарчаша
Iаьржа бога
Серладоккху.
Уьш лийчадеш,
Ловзадуьйлу
Ломахь хиш.
Со Iаламо
ГIенан кхоьлах
Хьалхавоккху.
Делан кхиелах
Хьалхавала
Яц-кха йиш!
1980ш.
ОЦУ НЕIАР ТIЕХЬА…
ХIор дийнахь оцу неIар тIехьара схьахеза къаьхьа къап-къарс. Вовшийн къардан гIерташ санна, дека боьршачу стеган а, зудчун а дехна аьзнаш.
Отучу пхьегIийн гIовгIанна юккъехула хезаш бу, маларо эвхьаза баьккхина, сийдоцу мотт. Арахь соне дIа а тебна лаьтта пхи-ялх шо хирдолу йоI. Iадийча санна хьоьжу иза цу неIаре.
Хеназа хаьддачу бераллин къора арз хеза цуьнан бIаьргаш чохь.
Кхойкху и
Массо а дега,
Массо а нене:
Ларделаш
Экаме дегнаш
Хьомечу берийн!
Ларделаш
Цу берийн лергаш
Маьттазчу маттах!
Ларделаш
Цу берийн бIаьргаш
Ишттачу суьртех!
1980ш.
Iиеха ма луолахь
Шерачохь тилало адамийн некъаш.
Дахкарлахь гIургIезо шен накъост лоьху.
Хир бу кху дуьненчохь со санна пекъарш.
Хьо царах ларлолахь, ас хьоьга доьху.
Мел шийла, мел дорце тIеярах суьйре,
Мел йовха цIе хиларх сан дешнийн кхерчахь,
Хьасталахь ахь хьайна кхоьллина туьйра,
Йижалахь и туьйра мара а хьерчош.
Кхане ма йилла
Хьайн бIаьра тахана хьажийта со.
Кхин суна Iиехавеш, кхане ма йилла.
Ца хаьа, тешаме йоцучу цо
БIарзвина со вуьтий, некъах а тилла.
Тахана хазийта хьайн мерза аз.
Ма ала, къамел дан йогIур зама.
Хьан эзар дашах а хIун дийр ду ас,
Лергаш а къарделла, со висахь кхана!?
Иллино ницкъ белла
Зевнечу мукъамо,
Оьздачу дешнаша,
Башхачу эшарехь
Уьш цхьаьнаийча,
Дерриге дицдойтуш,
Дог-ойла юткъеш,
Чолхечу дахарехь
Къайленаш йоцуш,
Шийлачу шовданан
Хьаъна хи санна,
Чекхсагуш гайтина
Заманан мур.
Жималлин башха сурт
Дуьхьал а туьйсуш,
Эханехь листина
Дахаран уьйриг.
«Йитахьа, - боххушшехь.-
Со къена гуьйриг»,
Иллино хьистина
Къан ца лун дегнаш,
Кхаълара а бахна,
ГIелбелла богIучу.
Баккхийчу нехан.
МостагIий совбевлла,
Луьрачу тIамехь
Де иэшна бисначу,
Яхь йолчу кIентийн
Майрачу дегнашка
Шиеконаш йиссича,
Кортошкахь хьаьвзича
Ойланаш гIийла,
Лаьмнаш а декийна,
Иллино ницкъ бела,
МостагIий иэгийна,
Вайн дайша хийла.
Маьршачу дахарехь
Безаман сатийсам
Къоначу дегнашкахь
ЦIе лието баьлча,
Юха а гIаьттина
Ницкъ болу илли.
Цу шиннан гIо хилла,
Байбина бала.
Зевнечу мукъамо,
Оьздачу дешнаша
Кхачийна вовшашка
Цу дегнийн алу.
ТIулгийн мукъамаш
БIов лаьтта,
Мокхазан бердах
ДIаийна,
Мазкъдоьлла
Наж санна,
Орамаш тIулгех
Чекхдийлла,
Адамийн куьйгаша
Мацах цкъа
Йоьттина хилла,
ГIар йоцчу
Пондарчас
ТIулгашца
Кхоьллина
Илли.
БIов лаьтта
Мокхазан бердах
ДIаийна.
Даьссачу
Корашца,
БIарзвелла
Илланча санна,
Гена дIахьоьжу и
Лаьмнашна дехьарчу ара.
Стенна
Сатуьйсу цо,
ЛадоьгIу
Мила схьаваре?
БIов лаьтта
Замано
Юкъ йиъна,
Хара-поп санна.
Яьсса чарх –
Лаьтта и,
Шийла дарц
Син метта
Чухула хьийзаш.
БIешерийн
Мацалло
Бакъийна,
Цкъа буьзна
Лаьттина, кхийра,
Хьо юха
Хьан бузор-техьа?
БIов лаьтта,
ТIулган юьхь
Заманан дорцаша аьгна.
Доьшу ас
Хьан чевнийн моьнаша
Яздина хьаьркаш…
БIов лаьтта,
Аьрзунан
Бен санна.
Мархашка яьлла.
Ю иза сан халкъан
Ирсечу таханен теш.
Цецвала меттиг бац,
Цхьана дас
Мацах цкъа
Хьо йуотта, аларх.
Хьо юттуш
Къахьегна,
Куьйгаш ду
Сан дагахь дерш.
1980ш.
Кхийра кхаба
Садаьржачохь
Муьшка йина,
Самавоккхий,
Яссаелла
Кхийра кхаба
Каралой,
Со хийлазза
Хьажавора,
Новкъа воккхий:
– Хи да, - олий, -
Шовда долчу
Хьала гIой.
Юьзна кхаба
Голех къиза
Етталора,
Доккхуш наггахь
БIаьргаш чуьра
Дуьра хи.
КогашIуьйра,
ГIорасиза
Со вогIура,
Сайн ма- хуьллу,
Ласта ца ян
ГIерташ и.
ТIулгаш, коьллаш,
Со галвохуш,
Тийсалора.
Эхе яьлла
Кхаба йохьуш,
Кхаьчча цIа:
– Шовда кхачош
Ма дац , - бохуш,
Сатедора.
Амма суна
Бехк хетара
Берриг сайн.
Гена новкъа
Вала дагахь,
Кечам бечохь,
Бертте кхаччалц
Хих юьзира
Кхаба сайн.
Юхаъ новкъа
ГIерташ яра
Суна коьллаш.
Лиета жIаьлеш,
Кхуьссу тIулгаш
Хийла дай.
Юхаъ эхеяьлла
Йоьду
Кхийра кхаба.
Мича даха
Ас хьо юьзна.
Шийла хи?
Хьан чу хьаьжча.
Бухахь лепа,
Куьзга санна,
Дагалецам,
Дагалецам –
Хьаьъна хи.
1980ш.
* * *
БIаьстенан Iаьбна со валале,
Даима дагахь ас лелийна,
Цхьа башха, цхьа башха илли
Безамах лаьцна ас алале,
Диканиг хIу-буьртиг дIатаса
Цхьа жимма латта ас ахале,
Тов йохьуш тIекхечи аьхке.
Зезагийн патарш цо лаьхки,
Баца тIе ченан кIур билли…
…Сихвелла вогIучохь
Ас лаьтта тесначу буьртигах
ГIад кхиъна, кан буьзна
Бала а кхиале,
Шийлачу дерзаца
ЦIаьххьанна тIекхечи
Гуьйре…
Тиешам
Олу соь: «Ма теша нахах».
ХIораннан къайлаха айп
Девзар дац мел дукха вахарх.
Ткъа, муха тешар вац сайх?
Ма теша, - юха а олу, -
-НеI чIаьгIнехь, хир вац хьо чохь.
И чIогIуш, хьо гина волу,
Со муха тешар вац хьох?
Сан ирс
Заманан сихаллехь гIуллакхийн чалхо
Хьийзочохь адамийн-зингатийн сур
Хьо-м хийца ца велла цхьацуьрриг, мелхо
БIаьргаш чохь догуш ду ткъашеран нур.
Ткъа хьо-м сох цецваьлла, ца вешаш, воьлу.
Боху ахь: «Къанъелла, сиръелла борз».
Къера ву:дукъ ца луш, чоьш нилха дуьйлу,
Iарж ца луш, кIайлуш бу сан гиччойн бос.
Боху ахь: «Хеназа болийна доьзал,
И кхио гIоьрттинчохь вужур ву хьо».
ХIуммаъ дац , ца хIотторх суна чурт йоьзан,
КIенташкахь яхь хилахь, ирсе ву со.
1982 ш.
Ненан дог
КIанта-м ша, кхиъначу цIахь санна,
Дика Iаш ву, бохуш, яздора.
ХIетте а цу ненан-мисканан
ГIийла дог са ца туьйш Iийжара.
Цу даго вониг дIатоьттура.
Цу даго диканиг хьоьхура.
ГIенахь цхьа чалх дуьхьалтесначохь,
Мерза кхаъ хир бохуш туьдура.
Цу дагна хаьара шал шера,
КIант вуйла луьрачу меттигехь.
«ХIумма а дац, - олура ша-шега, -
Къонах зоь халачу киртигехь».
Цо ша а аьллера шен кIанте:
«Мегар дац , хьо хилахь осала,
Ер ма яц со хьуна къинтIера,
Хьоьгахь цхьа ледарло туосалахь…»
… Собаре хилалахь хIай, нана!
Эшначохь юьртана, махкана
ДIавала ахь хьоме кхиийна,
КIант вели лийрбоцчийн дарже…
1983ш.
IиндагI
Маьлхаца къийса
Хьенан хир ду гIора?
Маьлхаца къовса
Стенан таро ю?
ДегIал хьалха
Хьо ма лелха
IиндагI.
ХIоранан а
Шен-шен меттиг бу.
1986ш.
***
Ма хаза хан яра
Мацах цкъа
Вай цхьаьна яьккхинарг!
Ма хаза хан яра!
И юха хир йоцу дела,
Дуй-техьа и мерза хетар?
Хилларг а,
Хиндерг а! –
Цхьабосса хаза ду.
Карарниг! –
Тхан ирсе дакъа,
Селханлера хиндериг,
Кханалера хилларг.
Тхо маца Iемар ду
Хама бан хьан хазаллехь,
Хама бан карарчу хенан?
1987ш.
***
– Дуй буур барий ахь,
И Орга хьала доьду, аьлла?
– Ца баахь хьо тхоьца вац.
Хьайна кхин некъ лаха,
Юьстах а валий…
1993ш.
Къематде
Атта ду, атта ду
Тентакна ваха.
Да валар – белам бу –
Дуьненан сагIа.
Вала а тентакна
Атта ду, атта.
ХIун до вай хьешна а
ХIара къена латта?
1994ш.
Ирсан хIайкал
Хьан лазам сан дагах кхиета.
Сан бIаьргех боьлху хьан бIаьргаш.
Iохкуш ю, беттасехь лиепаш,
Йоьхначу пхьиэгIанан гаьргаш.
Дара и вайн ирсан хIайкал,
Вайшинна хиеташ сов хьоме.
Оьший-те мохь бетташ кхайкха
Бистхуьлуш боцучу ломе?
Хьенан бу вайшинца бала
Зуламех дуьзначу лаьттахь?
ХIун ду вайн кхечуьнга ала,
Шен гIайгIа цо вайна ястахь?
ХIорамма шен дукъ дIакхоьхьу,
Иэшаеш рогIера киртиг.
КъинтIерадала некъ лоьхуш,
Къовла вай бохаман бертиг?
Дагчуьра шеддаш а достуш,
БIаьрхишна паргIато елла,
Даха вай вовшийн а хьостуш,
Доьзалшна дела а дела…
Хьан лазам сан дагах кхиета.
Сан бIаьргех боьлху хьан бIаьргаш.
Iахкийта беттасехь лепаш
Ирсана яьржина гаьргаш.
1994шо
ДоIа
ХIай веза Дела,
Ас доьху хьоьга,
Тилвелла лиелахь
Нийса некъ лоьхург,
Ахь цунах къинхетам биелахь.
БIаьрзечунна серло луолахь.
Къорчунна мерза аз луолахь.
Сиханиг собаре виелахь.
Парталниг жимма сихвиелахь!
1994ш.
Синхаам
Суна гира лекха лаьмнаш херцаш.
Суна хези воьлхуш Воккха Стаг
Къардеш деса хабарш, деса дешнаш,
Иэхь-Имано леци церан лаг.
Цу шийлачу, къизачу февралехь
Ца даьллера цуьнан баьргех хи.
Ткъа тахана хунда ву и балехь?
Хьан хадийна цуьнан деган хир?
Къурдаш сецош, доIа деш ву Къано.
Къуьйсучаьрга боху: «Ойлае!
Дела дагалаца я цо кхана
ОьгIазлонца вайна Iаткъам бер!
Йицъе моттаргIанаш аьшпаш, харцо,
Хьестабаларш, хастамашбар, хьагI.
Даиманна даха Делан цIарца,
Дагахь лелош Нана, Даймохк, Яхь!
Ницкъ кхочийла берзан багара довла,
Кхетам лойла шинна агIонна:
ГIертачарна халкъан коьрте бовла,
Цу гун буьххье кхаьчначарна а».
Даго хьоьху: вац и Нохчо-Къано,
Деле доьхуш хIинца воьлхуш верг.
Йоьлху кIанте сатийсана нана!
Доьлху дуьне ганза дисна бер!
Стигал цIанъеш, еша Iаьржа мархаш.
Суйнаш туьйсуш, дIадов седарчий.
Хазаза ду шу, Нана-Латта доьлхуш?
Ганза ду шу Къаночун бIаьрхиш?
ХIоранна а Дала бийр бу бекхам-
ДIасалестош мархийн луьста кхес,
БIаьрзечунна Iаьржа стигал къекъа,
Къорачунна лепа нуьре ткъес!
Суна гира лекха лаьмнаш херцаш!
Суна хези воьлхуш Воккха Стаг!
Къардеш деса хабарш, деса дешнаш,
Иэхь-Имано леци церан лаг.
1994-чу шеран август беттан 19-гIа де.
Ден лазам
Вирбекъа бацалахь керча,
Малхо шен зIаьнарш тIе кхоьрзуш.
Кхиарца йолу и эрча,
Вирбасе, амале йоьрзуш.
Iоху и хан йоцчу хенахь,
БаьIашна юккъе и гIерта,
Ша бай тIе лаьллинчу, дена
Ца догIу и цкъа а берта.
Ша беъна мохь бууш шена,
Цунах а ца хуьлуш хайра,
Вир деха къандаллалц къена,
Ца бузош хIусамден тайра…
…Бер дара, Дела тIехьаьжна,
Ден-ненан ойланаш хьоьстуш.
Тахана гIайгIано хьаьшна,
Биси уьш, цо дегнаш цоьстуш.
ШайтIано, мотт буьйцуш шера,
Iехийна, корта дIаийци.
Ойланаш, хьовзийна хьере,
Мерзачу йийсаре лийци.
– Ма делаш дас-нанас аьлларг,
Уьш Iеса копарш бу, - бохуш,
Галваьккхи жиммаъ галваьлларг,
Да-нанна гена а вохуш.
ЦIеххьана кIант хили воккха.
МеркIело Iаржъяла юьйли.
ЛадоьгIуш ша хилла стохка,
Да-нана – ду хIинца куьйла.
Боху: «Шу ца даьхна нийса.
Аш хIинццалц динарг ду эрна».
Хала ду бераца къийса
И кхиош ваьхначу дена.
КIант деца эвхьаза вели.
ХIоано котамна хьоьху…
…Ткъа кертахь чорда мохь бели –
– ГIаддахна мокха вир Iоьху.
Иккхина оьгIазе ара,
ГIаж тухуш вир даьккхи кеха.
КIантана ша хIун дийр дара,
Ца хууш, лаьтта и вехха.
ХIораннах, ша хила лиънарг,
Хуьлуш ву массо а ханна.
Доьзалехь вир хьалакхиъна,
Дакъаза ма валда цхьа а.
I997ш.
***
Маршалла
Ду хьоьга,
ХIай маьлхан Iуьйре!
Кху дахарх
Ца хьоьгург
Ву вижна Iуьллуш…
…Беркате хилалахь
Хьийкъина гуьйре…
…Хиларо велийнарг –
– дацаро велхавеш,
Цхьа дуьне ду-кх хьо…
…Инзаре дуьне…
I998ш.
***
Дуьненчохь адамо лиелоза
ХIун дисна те?
Дийцаза хIун дисна?
Аланза дош дисний –те?
Ткъа хьо мича гIерташ ву?
ХIун алв, хIун дийца воллу?
Хьахор ахь:
Седарчий, биезам.
Даймохк, Нана,
Хеназа цхьаъ кхалхар,
Кхечуьнан ларйоцуш
Дахделла дахар,
Езачун ши бIаьрг,
Хьомсарчу ненан
Мацах хьо хьистина куьйгаш,
Машаран тийналла,
Луьрачу тIеман
ГIар-гIовгIа…
Хазаза хIума дац.
Адамийн лергаш гIелделла.
Делахь а хьо гIиерта,
Цхьаъ ала-м…
ГIиерта со!
Боху ас: хIорамма
Ша шиега ладуогIа!
Детталучу даго
ХIун боху техьа?
Баьццарчу хаьлгаша
Вовшашка хIун дуьйцу техьа,
Вовшашна тIеттIа а тиеIаш?
Зевнечу нIаьвлано,
Сийначу хIаваэхь кхозуш,
Дуьнене хIун боху техьа?
Цецдийла юха а Iама!
Биен доцуш гондахьа
Шу хьиежар –
Iиеткъа сан дагна…
ДегаIийжам
Iаьнах шаьш девллийла хууш,
ЧIенг юсуш, доьлхура гаьннаш.
Малх бара мокха луо дууш.
Бус-буса дахлора денош.
Хотешкахь еш гIоргIа гIара,
ТIекхочуш юй хиъна бIаьсте,
Шен гIала лоьхуш сай бара.
Ткъа хIунда шу дIасакъаьсти?
Ца кхоош шегара йовхо,
Iаламо вайн лаьмнаш хьаьсти.
Шелйина хIусаман товха.
Ткъа хIунда шу дIасакъаьсти?
ГIовгIа
ГIовгIано ойла ца йойту,
Iадабо синтем.
Хиламийн бIарлагIаш гойту
Йозано хин тIехь.
Мичахь ду и шийла йоза,
И горга гуонаш?
Мичахь ду заманан доза?
Диканаш, вуонаш…
Ас муха къастаян йиэза
Бакъонах харцо?
Массо а буохамал деза
Ду бIаьвнаш харцар.
…ХьакълагIаш гIовттур ю юха,
ГIаланаш хилла.
Ткъа муха дендийр ду, муха
Дайх дисна гIиллакх?
Воккханиг воккха ца хилахь,
Жиманиг-жима,
Дуьсур ду ченашлахь Iилла
Дайн оьзда гIиллакх.
ГIарош ма ейша, ас доьху,
Жимма ладуогIа.
Карор ду хиллачо хьоьхург,
Хиндолчун догIа…
ГIовгIанаш лерах чекхъюьйлу,
Уьдуш ду сурташ…
Илланчас тийналлехь кхуллу
Мукъаме байташ…
Сихачуьнга
Соъ вара сихалло чиехош,
Аьрха дин санна,
Кху маьлхан дуьнено Iиехош,
Кхане цагарна…
…Дахаро шен массо агIо
Схьауьйхьи суна,
Йохийна къоналлин чIагIо,
Шарди сан гунаш.
Мискачу адамийн бала
Хьарчий сан синах.
Къизалла, ца воллу ала,
Хьуна ца гина.
Жималло вуониг дIатотту,
Ирчаниг дицло.
Кхуллур ду диканиг шортта
Къоначу ницкъо.
Сан буолар лагIделла хIинца-
Гуьйре ю гергахь.
Даржадеш беркате цинцаш,
Ахь елахь терго…
…Хьан дахар хуьлийла гIолехь!
Ирсе де-буьйса!
Сол хьалхавалий, дIагIолахь…
…Йожуьйтуш гIур со…
ГIенан кхоьлах …
…БIаьстенца
Даима санна
ЧIегIардиг диека.
Хьийза и,
Ца девзаш цIенош,
Ца карош бен а…
Тешамех
Шеконаш хили.,
Сатийсамах – бала.
Иэшамехь
Зама тIехтили..
Хьаьнга хIун ала?
…Суна гIан ду
Моьттуш хилларг?
Хиллера самах.
Самах ду и,
Бохуш, тиддарг.
Хиллера гIенах.
Юх-юха
Го изза гIенаш
Масийтта шарахь.
Юх-юха,
Чаккхие а йоцуш,
Уьш карладуьйлу…
Юха а
Со цхьалха висна…
Буьйсанан кийрахь
…Набарна
Тевжжинчохь йитна
Шайн догIмийн чархаш,
Синош ду
ХIаваэхь хьийзаш,
Лестаеш мархаш…
Лаьтта тIе
БIаьргаш а боьгIна…
ГIарйоцуш ду са……
ХIун ду-те
Суна ган доьгIнарг
Йиэкхначу буса?
БIаьргашна
СхьахIуьтту сарташ,
Мацах цкъа гина.
Лергашна
Схьахеза хабарш,
Цкъа мацах хезна.
ДегIана
Дан дола доцуш,
Кхетам бу хьаьъна.
Iуьллу со
Дан амал доцуш,
Лазамо хьаьшна.
Гуо туьйсу,
Урчакхо санна,
Кхолламан чкъурго.
ТIелуьсту
ДIаоьху зама
Оьмаран оьрго.
Ткъа лаьттахь-м
Дахар ду кхехкаш…
… БIал хорцуш,
Гуота а аьхна,
ХIу дIадий цхьамма.
БIаьстенца
Зазала яхна,
Лаьтташ ю гIаммагI...
…Хьомсара
Шен тIаьхье хьостуш,
Воккхаве денда.
Шен кIорнеш
ТIаьхьа яьхна,
Буолар до бедо…
…Цхьаъ воллу
Вукхунна тиебаш,
Герз караиэцна
ХIаллакви
Цуо и, ца Iебаш.,
Iалашо лаьцна…
…Кхин цхьа са –
– Iаьнаран тача –
Стигала дели..
Ткъа важа
ЦIех юьзна мачаш
ЦIанйина вели…
…Юх-юха го
Изза гIенаш.
Сан легаш къуьйлуш..
Юх-юха
Чаккхе а йоцуш,
Уьш карладуьйлу.
Хьийзаш бу,
Денош а луьстуш,
Дуьненан уьйриг.
Хиллачух
Хила тарлург хьерчош,
Кхоллало туьйра.
Исбаьхьчу,
Башхачу хьаьрма
Со дIа а вуьгий,
ГIерта сан
Сатийсам къарбан,
Харцахьа туьдий.
Самах ган
Йишйоцчу, махка
Со кхин ма вигахь.
И суна
Гинера хьалха.
Леллера цигахь
Гуо туьйсуш,
Дан амал доцуш,
ГIийлачун гIолаца,
Зуламхо човхо,
Аз доцу гIаларт а хилла,
Хьийза со цигахь,
Бевзачийн, безачийн
Дахар нисдан
Йиш йоцуш.
Догъиэца,
Довха дош ала,
Аьтто а боцуш.
Аз доцу мохь
Бетташ цаьрга,
Со карзах хьийза,
Тийналлехь
ДIаоьхучаьрга
Соьга а хьуьйсуш.
Къора ду
Церан схьахьежар
Бехкбоккхуш соьх…
–
..Тийналла..седарчий..
Бухбоцу стигал.
Беттасин тулгIенаш
Ю лаьттах хьиерчаш…
Седарчий вовшашка
Догдохуш, сиега,
Шайн нуьран эшарехь
Къайлах мотт буьйцуш..
Уьш делалуш санна,
Цинцаш а иэга.
Декхало, кхолало,
Беснаш а хуьйцуш…
Наггахьберг,
Иэхьхетий,
ЦIеххьана бов,
Цхьа кIеззигчу ханна
Йоцца лар юьтуш…
…Маре ма-бахханехь,
Серло дIайов
Декъазчу седанан…
Седарчийн лар санна,
Адаман оьмар
Чекхйолу, хила а
хиллий-те, олий…
ХIетте а цу мурстехь
Мел дукха кхуьу
ХIора стаг лаьтта тIехь
Шен лараш йита…
…Суна гIан ду
Моьттуш хилларг?
Хиллера самах.
Самах ду и,
Бохуш, тиддарг.
Хиллера гIенах…
…Дохийна
ЧIегIардиган бенаш
Лаьтташ ду эрна…
…Юх-юха
Го изза гIенаш.
ХIун де ас царна.?
2003ш.
Оьмар
Хьо стенца дустуш ду,
Адаман дахар?
Шерашца …
Амма, стаг
БIешарахь вахарх,
Лар йоцуш,
Д1аваха
Тарлуш ду…
ХIун до цу дахарх?
КIеззигчу лаамийн
Кхиамаш бахарх,
ДегI дузорх,
ДегIана тамберриг
Лиехарх,
Ала йиш юй-техьа:
«Со нийса веха!»
… Хуьлийла хIоранан
Оьмар а еха,
Нагахь цу хIорамма
Диканиг лиехахь…
…Хьо стенца дустуш ду,
Адаман дахар?
ГIулакхца-
И динехь массеран дуьхьа;
Тиешамца-
Адамаш хьох тиешаш хиллехь;
Безамца-
Нахана хьо виезаш хиллехь…
***
Де догIу
Массарна
Юкъара,
Ткъа буьйса –
ХIоранна
Шен-шена
ЙогIу.
Мила ву
Карийнарг
ХIинцалца
Хиламийн
Къайлаха
ДогIа?
Хаза дош,
Iехориг
Жима бер,
Цу беран,
Нана,
Къоначу,
Дагчохь ахь
Масане
Сатийсам
Кхуллу?
Карзахе
Ойла ахь
ДIаюьгу
Генарчу
Пана.
Я, юхахьа
Хьовзайой.
Лазаман
Йийсаре
Вуллу.
Хаза дош,
Хьо ду-те
Цу ирсан
Къайлаха
ДогIа?
Йоьллу ахь
Деган неI
И хиларх
Къевлина
ЧIогIа.
1998
***
Пхенашкахь
Уьду цIий
Малделча,
Къоьжалло
Корта хьан
Шелбича,
Жималло
Iодика
А йича,
ЦIеххьана
Тийналла
ХIоьттича…
Дахарх а,
Леларх а
Токх хилла,
Iаламан
Хьожанаш
Артъелча,
Хьо мел ву,
Хьо хIун ю
Хьаьий-те
Хьуна, хIай,
Декъаза
Сан ваша?
1999
***
…Йочанийн
Iовраша
Дадийна,
Хьийзадеш
ДIакхоьхьу
Чамхалгаш…
2000
***
«Дайх бай хилла,
Байх дай хилла»
(нохчийн кица)
Гушдерг бен ца хилча рицкъа,
Мацалла лийр дара вай.
Чамхалгаш теIадо ницкъо.
ЦIеххьана байх хуьлу дай.
Дуьненан да ву ша, бохург,
Вуьсуш ву, шех хуьлий буо.
Замано вайн яххьаш оху.
Онда наж махо а дуо.
МаргIалшлахь дойна наж Iуьллу.
Цуьнгахь ду декъаза де.
МаргIалша кхин дахар кхуллу,
Кхочушдеш весет шайн ден.
Иштта ду кхоллламан некъаш.
Юха а сенлуш бу бай.
Юха а Iалам ду хьиекъаш.
Юха а байх хуьлу дай!
I998 ш.
Герз
Къуонахчо ларбийр бу мотт,
ХIора дош терзанца узуш,
ХаьнтIера шаьлтанан ботт
Кхелинчу макъарца юзуш.
Сонтачо лебийр бу мотт,
Ша дуьйцург шена ца къасташ,
Яссийна шаьлтанан ботт
Хенаца дIаса а лестош.
Къуонах хир ву лиерамие,
ГIовталца герз хьулдеш хаьнтIехь.
Кхиерамие ю, кхиерамие
Сонтачо яьккхина шаьлта.
Вай а, уьш а
…Ма хала,
Ма хала
Тарло вай
Кху лаьттан
Шуьйрачу
Букъа тIехь…
… Ма паргIат,
Ма бертахь
Iохку уьш
Цу лаьттан
Готтачу
Кийрахь!…
2001ш.
***
…Харцонах цецбаьлла,
ЦIийбелла хьоьжуш бу малх…
…Башламан баххьаша
Эхьхеташ, Iожа бос ийци…
…Ламанах бухдуьйлу шовданаш
ЦIий хилла дети…
…ЦIен гIаш а ца лесташ
Дитташ ду тийналлехь лаьтташ…
…ГIа-буц а дIатийна…
…Олхазарш диэкаш ца хеза…
…ЧIерий а дистхуьлуш дац…
2004ш.
Башломан бIаьрхиш
…Стигала кховдийна наьртан
ПIелгаш даржийна куьг санна,
Лаьтта Башлам…
…Мацах цкъа наьртийн
Нанас, ца хууш, тIе
Шура Iанийча санна
Ду цуьнан кIайн баххьаш…
…Я абаде хьаьддачу кIайчу динан
Кхес ю-те и?…
…Я цуьнан тархах дIавихкинчу
Пхьарматан къоьжа месаш
Яржий-те заманан мохо?…
… Я вайн къеначу лаьтто, эзар
Шерийн бала ца лайна, хьаькхна
Мохь бу-те и шийла тIулг
Хилла лаьтташ…?
…Къорачу Башламна бен ца
Хаьа шен къайле…
Ткъа вайна хеза тархаш тIехула
Охьа ледачу цуьнан бIаьрхийн мукъам.
– Башламан бIаьрхиш – Даймехкан хиш –…
…Хулхуло… Орга… Марта… Гих…
… Соьлжа… Роьшна… Валарг…
…Валарг… Валарг…
…Башламан бIаьрхиш…
I994ш.
***
Iу воцу бажа санна даьржина,
Дуьне ма-дду дIасадекъало,
Шен мотт бицбелла,
Шен орамех хаьдда,
Шен дайн оьздангаллех
Херделла долу, халкъ…
…Адамийн реманах
Хир дуй-те къам …?
Ненан сибат, ден гIиллакх
Дицдина лелашверг
Нехан махкахь веха,
Нехан маттахь виека,
Нехан меттахь Iуьллу,
Нехан кхерчахь вохло,
Нехан шуьнехь вузу…
…Ша космополит ву,
Бохуш и лиела …
2004 ш.
Бакъуой, харцой
Дашна говза хуьлуш ю-кха харцо.
КIеда йуду – вижа хала ду.
Аьтто болу вуонан дика харцо.
Ницкъах хьерчаш иза лелаш ду.
Дависа-яI! И хилча сан карахь,
Йостур яра лерга хIутту потт.
Диканна ас доьналла лур дара,
Бакъдолчунна Iамор бара мотт.
ЖIаьлин дахар
(лачдийцар)
Жима кIеза долуш,
Лергаш а, цIога а хадийна,
Дера а, къиза а хилийта,
ЗIе коча оьллина,
Бехачу серах а тесна,
Чудаха бун йина,
ХIусамдас гIароле
ХIоттийра борз лоцу жIаьла.
Даьсса ца хуьлура цуьнан гуй.
Даима доьша деш,
Шайх йисна даьIахкаш
Жаьлина хуьлуьйтуш,
Iаш бара доьзал.
Дийнахь а, буса а,
Цавевзарг туосалуш,
Нисъелча меттиг,
Доггаха гIалхъолий,
Лиетара гIаролехь лаьттарг.
Цу урамехула
Йортъетташ уьдучу,
Йовссарех хьоьгуш,
Йочана, йоькхана,
Шиело а, йовхо а,
Ца хоьржуш,
ЦIога лестош, хьасталой,
Шена дIакхоьссинарг кхоллуш,
ХIусамден, доьзалхойн
Хьожанаш кхечарех къестош,
Шераш дIаоьхура
Тешаме гIарол и долуш.
Эххар а шен жIаьла
Тишделла, гIелделла, аьлла
Хийтира хIусамдена.
Дац хьалха санна
Буьйсанна гIалхъолуш.
КетIахула тIехволург хьовха,
ЧувогIург а тергалван,
Чукхоссадала кархдалац.
БIаьрса а къийделла,
Мара а артбелла богIу.
Ша эрна кхобий те
И жIаьла, олий а хиета.
Кхин кIеза далийна,
ДIатеснехь, хIун дара техьа..
«Борзик, схьадола», -
ХIусамдас тIекхойкху жIаьла.
Буьн чохь ша Iуьллучохь
Меттах а ца дели и.
Ца догIучу дагца,
Цуо хIун до малхе а даьлла.
Цулла а гIолехь ду,
Салкхнечу IиндагIехь Iилла.
ЗIе лаьцна, озийна
Адамо схьатакхий жIаьла.
Итт шарахь, кест-кестта
Мал а деш, лелийна доьхка
Кочара даьстина,
Цуо жIалин сапаргIатдаьккхи.
Цул тIаьхьа хьаьстина,
Шен гIарол кел арадаьккхи.
Элира цуо тIаккха
Цецдаьлла лаьттачу жIаьле:
-«Баланаш ахь дукха лайна,
Iазапехь доллуш.
Къахиета, доглозу хьох.
Хеназа тищделла,
ГIелделла. ДIакъаста тхох.
Маьрша ду.
Мукъа ду.
ПаргIат ду.
ХIинцачул тIаьхьа
Хьайн лаамехь хила.
Йиш ю хьан,
Мичча а даха.
Даррехь я къайлаха
Айхьа сатийсина маршо
Хьоьгахь ю.
Дуолало,
Рицкъ лаха.
Тергалде Iалам.
Йочана, йоькхана.
Буьйса а, де а,
И коьллаш, бIогIамаш,
И хIаваъ, и хиш ,
И лекха лаьмнаш,
Аренаш шера –
Дерриге а хьан ду.
Гой хьуна и йоьду
Йовссарийн гIера?
Йиш ю хьан ма-луъу
Цаьрца сакъиера».
ДIадаха ца туьгу,
ДIадаха ца лаьа,
ДIадаха ца хаьа.
Итт шарахь дихкина
Лаьттина, жIаьла
Ца кхиета адамо дуьйцучух.
Шегара хIун даьлла,
Ца хууш, бехкала дахна,
ЦIога таIош, таба а тебна,
Шен буьнчу лечкъира жIаьла.
–
ПаргIатонах хIун до,
Шен хенан йохаллехь,
Коча зIе а тесна,
Даима дихкина
Лаьттинчу жIаьло?
2007шо, март
Анайист
Стиглара сийналла
Лаьттарчу соьналлех ийна.
Мичахь ю анаюх?
Муьлха ю лакхе я лахе?
Iаламан тийналло
Масаннан къордина лергаш?
Iаламан хазалло
Масаннан кхолийна бIаьргаш?
Сан дог, хьо хилахьа дист.
Дуй-техьа хIуммаъ хьо Iехо?
Мичахь ю и анайист?
Алахь, и ас хIунда лоьху?
Чехка догIа
Корах детташ серий,
Карзахдуьйлу догIа,
Корта хилла хьере…-
Чекх ца болу могIа…
Бутт а къайлабели,
Седарчий а ца го…
Iаьржа мархаш евли
Ялтийн хьиекъар маго.
Нур ду лиепаш геннахь,
Серлайохуш Iаьршаш.
ХIун хили дуьненах,
Бода лаьттах хьаьрчаш?
НиIмат ду и Делан
Охьадоьлхуш вайна.
СапаргIат а дели,
Ойланаш ю тайна…
Мангалхан
Цана ю дахкарлахь тийна.
Мангалан шок бен ца хезаш.
Сан хечикогаш тIадийна.
МаггIара дуьжуш ду кесарш.
Ша кхиъна кIелхьарадала,
Бен боьхна лекъ деди хьалха.
Маржа-яI! КъинтIерадала.
Башломан бохь къагий малхо…
…ЦIеххьана мох бели сама,
Уьду и, мацбелча санна:
ДIахьаьвзий, дуькъа дохк кхоллу,
Схьахьаьвзий, бецан тхи молу…
Бераллин доттагIчуьнга
Мацах цкъа яра цхьа ойла,
Вайшиммо юьхьаралаьцна:
Лаьара кхин мехкаш гойла,
Некъаш дан, гIаж караэцна.
«Ваьшшимма хинкема дина
ДIагIур ву, пийсак а а хьоькхуш»,-
Бехира вайша цу дийнахь,
Юх-юха лаьмнашка хьоьжуш.
Ца тиги кху лаьмнех довла,
Декъаза вайшиннан синош.
Цундела хастам бу Далла!
…Ткъа кема дIадаьхьи хино…
…Вайшимма алаза диснарг
Замано хьахор ду лохо.
Вайшимма ца хьекхна пийсак
Дакъор ду мелачу махо.
Дуьненан бохь
Суна а хиетара:
Со ву-кх дуьненчу ваьлла,
Кхуьнан и бохь белахь,
Дезашверг цу боьххье вала.
Мичахь бу дуьненан бохь?
Гайтийша суна и!
Бийцийша цунна тIебоьду некъ.
Уггаре лекха лам.
Джомолунгма шех олуш болу,
Баьккхина хиллера
Сол хьалха масийттама.
Iапказ чохь уггаре кIорга Iин
Марианан чоргIие толлуш,
Чекхбевлла хиллера
Къардайнарш сол хьалха.
Стигланийн Iаьршашка,
Латтанийн кIоргене
Сол хьалха кхийдина нах.
Уьш цига а кхаьчна,
Юха а бирзина цIа.
Ткъа мичахь бу техьа
Кху нана-дуьненан бохь?
Я бан буй техьа и?
Бохь бу-кха, ахьа хьайн
Доьналла эшначохь гайтахь,
Хьан хьуьнар, адамна
Дика деш, беркате хилахь.
ТIаккха хьан йиш хир ю,
Хозуьйтуш массарна мохь,
ДIакхайкхо: «Баххьаш дац
Дуьненчохь коьртаниг.
Коьртаниш орамаш ду.
Дай баьхна лакхенаш,
Цара мийлина шовданаш,
Царах дисна гIиллакхаш,
Цара вайга бийцина оьзда мотт бу!».
И дерриг дагадогIий,
Дог карзахдолий.
Суо нохчо хиларах воккхавеш,
ТIамарш а яржайой
Аьрзунан курачу хотIехь,
Къоьжачу Башламна хьалха
БугIу ас хелхаран бохь!
2009, июль
Куьзга
Чухьаьжча куьзгана,
Схьахьоьжу цадевза сибат.
Цкъа мацах гича санна
Хиетало маьттаза и бат.
Ас цунна хичашйо.
Дуьхьала хичашйо цуо.
Йист сеттош, бIаьргаш а къиерзош.
Хьажа юккъе шед хIиттош,
Дегаза хьоьжу и соь.
Со аьшнашвеш ву и.
Мила ву, суна цавевзарг,
Я вовза ца луург?
Ас лоьхург вац иза.
И сибат дIадайна ткъеитт шо хьалха.
ДIаоьххьург схьаоьхьуш долчу,
Куьзганан хIун бехк бу?
Боху цуо: «Ма хIитта холча.
Со хьо ву, хьуна ца вовзарх.
Я вовза ца лаарх,
Нисдала хIума а дац».
..Дера дац.
ХIай, къоьжа корта!
Забаръян ца мега?
Йиш ма яц вайн вовшахкъаста.
Хьо со ву.
Со хьо ву.
И ю-кха куьзганан бакъо.
Хилла ю.
Хир а ю, вайшиннан зама дIалаккъалц.
ТIаьххьара, со шена велакъежча,
Иза а велакъежира.
Ас шена бIаьцайича,
Цуо соьга а таIийра бIаьрг.
Иштта дIа барт хилла,
Вовшашка ластийна куьйгаш,
Тхо дIасакъаьстира,
Маццаъ цкъа юха гур, аьлла.
2009, июль
***
Цхьа илли алахь, ГIапур,
Вайшинна бераллех лаций,
Ларйоцуш яхначу,
Аьрхачу жималлех лаций.
Ма дуьне дара и…
Ма зама яра…
Ма бесаш дара уьш…
Ма басарш дара...
Ма хIаваъ дара и..
Мартанан хьаъна хи,
Iаббалц вай мийлина,
Сендаллалц лийчина.
И стенга дахана?
Мичахь ду и хIаваъ?
Мичахь ду и Марта?
Вай «тIамах» левзина
И Iаннаш, и басеш,
Бакъболчу цу тIамо
Чахчийна, човхийна,
Iадийна лаьтташ ю.
Лаьтташ ду Дами дукъ,
Мусин ирзе, Лечан хьиехь.
Ламазан тIулг а бу,
Баьццарчу корсаман кузаца
Кечбелла, некъахо тIевоьхуш,
Заманан теш хилла лаьтташ.
Вай хIетахь идийна,
И некъан тачанаш
Къухалахь, коьллашлахь
Ларйоцуш, дIаяйна боху.
Цу Орцан кешнашкашкахь
Баьрзнаш а совдевлла догIу.
Къастадеш оьмарийн дозанаш,
Яздина терахьаш доьшу ас.
Хеназа кхелхинчу нийсаройн
Йицъяла ца туьгу, цIераш ас йоьшу.
Кхин дуьне, кхин дахар
Кхехкаш ду Мартанан кху йистехь.
Хуьлда и адамаш
Вайшлиннел дуккха а ирсе!
Уьш гIоза дехийла,
Кхин юха ца хезаш
Цу тIеман гIовгIа.
Цу тIеман къах ца гуш,
Цу тIеман къизалла,
Цу тIеман юхьйоцу сибат
Царна кхин ма гойла!
Царна ма хезийла!
Декхначу кху дийнахь
И дерриг диц ца деш,
Карла а ца дохуш,
Дог карзах ца доккхуш,
Юткъелла ойла ца хиедош,
Цхь а илли алахьа, Гапур,
Вайшиннан бераллех лаций,
ТIепаза яйначу
Аьрхачу жималлех лаций.
2009шо, июль
Нохчийн мотт
Хьох лаьцна суна а дуьйцуш,
Башломах лиешара хиш.
Зарзарша вовшашка буьйцуш,
Хьо хестош, лоькхура йиш.
ГIа-патаро шабарш дора.
ДIаихначу шерийн лар
Суна вайн тархаш тIехь гора,
Озийча набаран тар.
Хуьлура наб санна ховха.
ДаI санна хуьлура хьо.
Сан лазам, сан дегайовхо,
Сан иэшам. сан туолам – хьо.
Хийла къам дехачу меттехь
Буьйцучохь юкъара мотт,
Сан дагна хьо хийра хеттехь,
Бицбелла хир бара хьо.
Кхин стаг ца хилча хьо бийца,
Ас сайца къамелаш деш,
Хийлаза хьан марзо ийца.
Дела ву оцунна теш.
2009ш.
ТIаьхиене
Ас хIун туьйра дуьйцур ду-те шуна?
ХIун хазалла шуна гойтур ю?
Башха Iуьйре йогIу дийначунна.
ХIара зама шашах хаза ю.
Тхо къанъелла гужамаш ю хIинца.
Тхан бехкенна бохийнера мохк.
Шу тахана ду и денбеш дохкуш,
ДIасаяржош и кхагарие дохк.
Шун бIаьргаш чохь лиепа маьлхан дуьне.
Инзарениг шорта кхуллу аш.
Тхо кхайкхалаш токхечу шайн шуьне.
Диканна шайн дегнаш дасталаш.
Цу тIеман къахь кхин ма гойла шуна.
Бода цоьстучу кеманан гIугIа
Ма хезийла, ма хезийла шуна,
Бохуш, Деле доьху ас юх-юха.
Шун цIеналлех дог сан доккхадиедо.
Шун ийманах хьоьгуш Iаш ву со.
ХьагI-моданца дегнаш бех ма делаш.
ДогцIеналла даим тоьлур ю.
Поэмаш
КIуркIмани.
(сингаттаман илли).
ЦIийелла Iуьйре.
I.
Набаран барлагIа хилла,
ЧIажа чохь дижна ду дохк,
Ца дуьтуш тийналлехь Iилла,
И гIаттош болало мох.
Хедадеш хIаваан пардо,
Схьахеза дуьххьара шок-
Цхьа башха олхазар хир ду
Йиш лакха шаръеш шен зIок.
Еттало дахаран жиргIа,
ЗIаьнаршца бекабеш лам.
Ижуна гIаьттина гIиргIа,
Баржийна шен шуьйра тIам.
Iуьйре ю, Iуьйре ю йоьлуш
ГIертачех наб яхъян шайн.
Массеран чоьхьа а юьйлуш,
Хедадо набаран тай.
Боху цо: «ДIахьовсал ара,
Кхиалаш и саннарг ган!
Сутарчу бIаьргашца яра
Уггаре шайн хаза хан.
Генара, тийналла цоьстуш,
Схьахеза тракторан аз.
Дека и дог-ойла хьоьстуш,
Хьоькъуьйтуш дахаран хас.
Iуьйрено маршалла хотту,
Чекхйолу буьйсанан рагI.
Трактор дIаюьгу накъосто
Болар ца долуьйтуш лагI.
ЦIанйой, шен мачаш тIеюхий,
Воьду и чермина тIе,
Шийла хи юьхьах а тухий,
Даладо метта шен дегI.
Мовлади садаIа дагахь
Вирзина хIусаме шайн.
Цхьа ирсе мукъам бу багахь,
Ойла ю хIуо санна яйн.
Дахаран йозалла сецош
Шуьйрачу белшашна тIехь,
ВогIу и, халонаш эшош,
Шех хуьлий кху лаьттан иэхь.
Сатуьйсу беркат тIедаре,
Халкъана совгIаташ дан.
Тергалйо йист йоцу аре, -
Ву иза кху мехкан да,
Ду цуьнан къонделла лаьмнаш,
Цу лаьмнийн кийрара хиш
Цундела, декадеш Iаннаш,
Хезаш ю Мовладин йиш:
«Со санна ирс долуш
Стаг хир вуй теша?
Кху лаьттан да волуш
Хилча хIун оьшу?
Сан латта! Сан безам!
Баркалла хьуна,
Хьайн къа-ницкъ, хьайн дезар
Даларна суна.
Кхин хIуммаъ ца хилча
Везара ваха
Буьйсанна сахиллалц
Хьо, латта, аха.
ГIелвелла, ховха наб
ГIоьртинчу хенахь
Тракторан гIовгIано
Къехкадеш гIенаш.
Шийлачу хIаваах
Бузуьйтуш кийра,
Цкъа а ца Iаба хьан
Iуьйренаш мийла.
Цкъа иштта гIелваллалц,
Везара ваха,
Буьйсанна сахиллалц
Хьо латта, аха.
Нахаран куьзганаш,
БIал карчош, къегаш,
Беттасе буьйсанаш
Оханца тега.
Сан латта! Сан безам!
Баркалла хьуна,
Доггаха хьуо дезар
Даларна суна!»
3
Сахьийзаш, бахьана доцуш,
Тамара чохь яра ша.
Берриг а кийра дIалоцуш,
Бижнера даг тIера ша.
Чекхдаьхна Iуьйренан дезарш,
Юьзна ша есаерг хих,
Шен дагахь долчух ца тешаш,
Чухула хьийзара и.
Ягаеш цIийелла беснеш,
Къегара цуьнан бIаьрхиш.
Халла бен ца къаьсташ дешнаш.
«Йочане йоьрзуш ю
ЦIийелла Iуьйре.
Цо хIунда хьийзабо
ГIайгIанца кийра?
ХIун дахьаш йогIу-те,
Кхане, хьо суна?
Со хIунда кхоьру-те
БIаьрхьажа хьуна?
Шех вада йиш ма яц
Цхьана а стеган.
Шело а, алу а
Цхьаьна ца мега…»
Мовлади (чохьа а волуш)
ХIунда ю кхоьллина
Сан хIусамнана?
ХIун цатам хилла-те?
Ахь соьга ала.
Тамара
Яц дера со-м гIийла,
Ахь хIунда хоьтту?
Амма суна моьтту.
Мовлади
(куьг ластош)
КIант стенга вахана,
Гуш ма вац иза?
Тамара
Луларчу берашца
Ву уьдуш хьийзаш.
Мацвелла хир ву хьо.
Яахьа хIума.
Мовлади
ХIун ду а ца хаьа,
Ца еза суна.
ХIумма а дарий хьан
Соь ала хIинца?
Хуьлу вайн кIезиг хан
Дагара дийца.
Ма-ярра суна хьо
Хаалахь гойла,
БIаьргаша ца хьулйо
Коьртера ойла.
Тамара
Корта а, бIаьргаш а,
Синкхетам хилча,
Стаг мегар вуй-техьа,
Ойла ца йича?
Сан дагахь хIума дац,
Хьан дагахь доцург.
Кхин бала, гIайгIа яц,
Хьо цхьаъ бен воцург.
Къахета суна хьох, -
Шераш дIаоьху.
Ткъа моьттуш яра со,
Дахар ахь лоьху.
Вайшиммо дийцинарг
Дицделла хьуна.
Аса сатийсинарг
Ца хилла суна.
Мовлади
Кхета со. Дицдина
Ца хилаъ мега.
Замано хийцина
Ойланаш деган.
Хетара цу хенахь
Дерриге атта.
Тамара
Дарий-те и гIенах?
Мегар дуй хатта?
Бохура соьга ахь:
«Дехар ду гIалахь.
Шимма а доьшур ду…»
Со дешна яьлла.
Сан дешар – даьхни ду,
Хьоьхург – марнана.
Хотталахь ехаш ю,
Оьшу со хьанна?
Мовлади
Сих ма ло! Собарде.
ЛадогIа соьга.
ХIун доцуш хьо ю-те?
Хьо нахах хьоьгу?
ХIун оьшуш еха хьо?
ХIун деза хьуна?
ЦIенош ду. Оьшург ду!
Езаш ю суна.
Кхузахь ду сан дахар –
Юьртахь со вина,
Iамийна со ваха,
Хьалакхиийна.
Дуьтур дац тахана,
ГIийлачу дийнахь,
Къанделла да-нана,
Сайх дIахердина.
Тамара
Ца боху хьоь аса
ДIакъаста царах,
Кест-кеста кхуза схьа
Вай догIур дара.
Мовлади
Хьовсур вай. Замано
Гойтур ду иза.
Ткъа хIнца диц а дай
Дита и дижна.
(Тамара арайолу)
Иштта ду цкъачунна
ГIулакх сан кертахь.
Ма-хуьллу со цунах
Зуда ян гIерта.
Халонехь, аьттонехь
Тешаме агIо
Ца хилча вовшашна,
Ца хуьлу чIагIо.
Безамах кхуьу стом
Бу бертахь доьзал.
Ткъа цунах хилча тIом,
ХIун лело деза?
Нахаца йолу яхь
Ларъян дац атта.
Тахана суна ахь
Ницкъ лолахь, Латта!
Кхоьлина суьйре
I.
Хиллачун агIонаш листи.
Ца карош и бехке зил,
Лаьтта и Мартанан йистехь,
Ойла ю чехка цу хил.
КIуркIманехь хьийзадеш, хиэ
ДIахьулди цхьа бецан хал –
ТIекхаьчна декъаза де,
Иштта ду цуьнгара хьал.
Хиэ санна, хьийзайо чехка
Замано дахаран хьер.
ХIаваан аганахь техкахь,
Цо сиха воккхур ву хьер.
Мовлади вацара кхиъна
Къаьстина кху лаьттахь дIа,
Хьацаран туьха а диъна,
Iемина лан шийла Iа.
КIантана даима гуора
Ялтин сий-хама беш дас.
Воккхачу стага лардора
Массо а буьртиган арз.
Новкъара схьаоьцур бара
Токхечу беркатан кан.
Лерина хьакхабой карахь,
«ХIуп», - олий, дIайоккхуш чан.
Диц ца ло воккхачу стеган
КIен буьртиг хастийна дош:
«Хьо доцуш адам ца мега,
Цундела ас хьан сий до.
Тахана кхоамза хьоьшуш,
Хьох боьлуш цхьа могIа го,
Уьш лела мерзаниг хоьржуш».
Хьоьгура тхо-м хиларх пхьор.
Паччахьан даарал тоьлуш
Хетара нисбелча мукх,
Карара баларна кхоьруш
Буткъбелла заманан мукъ.
Да волчо бицбина доьзал,
Доьзалша бицбина дай,
Хийла да вайина доьза
ТIеман мур бицбина вай.
Iожаллин луьрачу болехь
Вай дахар лардина, халкъ
Диц ма де, аттачу хьолехь
Махьарах язъяларх кхалкъ.
Цундела кIантана хаьа
Кху лаьттан йовхонан мах,
Лаьтта тIехь ваха а лаьа,
Эшабеш заманан мох.
* * *
Тергалъеш тIейогIу суьйре,
Тамара ю цхьалха Iаш.
БIаьргаш чохь кхерсташ ю гуьйре.
Сацамо чIачкъийна хьаж.
Ша доьшуш хиллачу хенан
Сурт цунна юха а го,
Шех къесташ дIабахна гена
Накъостий-мехкарийн гуо.
Дара и цхьа ирсе дахар,
Керланиг, башханиг луш.
Мерза гIан санна дIадаха,
ДIакъастар ган а ца гуш.
Диц ца ло генарчу дийнахь
Шаьшшин дуьххьара гар.
Ялх шо а заманах ийна
Чекхдели, ца юьтуш лар.
Цхьаннах а тера а воцуш
Цу дийнахь хийтира и.
БIаьргаш чохь, хIилла а доцуш, -
Дог цIена ламанан хи.
Бохура даго цу хенахь:
«Иза ву ахь лехна кIант.
Ма ваккха и хьайна гена,
Ма леха тIехь доцу ант».
ХIоттийра шиммо а мерза
Хиндолчу дахаран сурт,
ЙоI йинчу гIали чу дерза,
ДIатесна кIант кхиъна юрт.
Замано кханенаш йохкуш,
Го гатбеш кхоьхьура берд,
Мовлади бехке ван догIуш
Цуьнгара ца долуш дерт.
Кхунна-м, ткъа, лаьара: иза
Верриг а хуьлийла шен.
Тамарин «безам» бу къиза,
Ловр доцуш кIеззиг а зен.
…Суьйренца самукъадаьлла
Адамаш лиелаш хир ду,
Серлонца ела а елла,
БIаьстенан гIала хир ю.
Тховса и ер яра ара,
Дуьйлина духаран герз.
Нийсархойн тоба хир яра
Лоькхуьйтуш яхь йолу мерз…
…Бацара Тамара елхош
Безаман лазаран бух,
Бара и айина лелош
КIеззигчу лаамийн бухь.
Тахана ша ойла йича,
Хетало цхьа ирча гIан,
Шена и везаш ца хилча,
Лар йоцуш яйина хан.
Мовлади даима гора
Кху цIийнах дIаийна са.
Доьзалах къинхетам бора,
Кхуьура дан диезарг дан.
Ялх шарахь цкъа охьахиъна
Къамел дан ца хилла йиш,
Цкъа мукъне клубе а йигна,
Цигара хазийта йиш…
…ЙогIура Тамара йолчу
Луларчу зударех цхьаъ.
Дуьйцура кху юьртахь долчух,
Боккхура самукъне кхаъ.
Йоккхура цо кхуьнан лерехь
Мерзачу къамелан тир.
Бохура: «Хьо езаш велахь,
Ву иза хьан карахь хир.
Дацара хьан дахар юьртахь,
Хьо санна елара со,
Жима ю, тера ю суьртах,
Хьо хIунда ца лору цо?
Бехьа хьайн цхьажимма кхоам,
Хотталахь йовш лаьтта хьо,
КIеззигчух ма хила тоам.
Къуоналла замано хьо.
Тахана, хьо жеро хилча,
Цхьаьнгге а ца дугIуш ла,
Цхьа кIант ву хьо йига кийча,
Хьан дуьхьа дерриг а лан.
Ву иза гIали чохь вехаш,
Юьртахойх тера а вац.
Театрехь, концертех Iехош
Лелор ю – сагатлур дац».
Лулахо йолура ара,
Iанадой и мерза дIовш.
Тамара ша йолччохь Iара
Ойлаеш, меттахь ца хьовш:
«Шах йина хиллера гIала…
Моьттура бу ирсан бен.
Ткъа кIантах хIун дина яла
Еза со, ца хеташ бен?
Хала ду елла дIаяллалц,
Сайн даге ца хуьлуш йист,
Ишттачу хуорамехь ялла…
Еза ас яккхийта йист.
Кхин дIа и хIун лиело гIерта,
Хьожур со тахана цкъа.
Нагахь и ца вагIахь берта,
Дуьтур ду ас цуьнан цIа».
(Чохьаволу Мовлади)
Мовлади
Тамара, со кхийти хIинца
Бехк хиларх берриг а сайн,
Ца бевзаш цхьа кIезиг цинц а
Чолхечу дахарах вайн.
Сайн безам ца кхайкхорх чIогIа,
Ца бицбарх суо кхиъна мохк,
Ма мотта тилвелла вогIу,
Вац со дIахервелла хьох.
Боху ахь соь, юьртах вала,
ДIатасий ширделла нох.
Со муха вехар ву гIалахь,
Бицбина кхузара нах?
Хаалахь, уггаре хьалха
Кху наха вина сох стаг.
Хир вара уьш боцуш цхьалха,
ГIайгIано къевлина лаг.
Тамара
Ас хьоьга хIуммаъ ца боху.
И ду хьан кхетаме вар?
Iе хьайна, латта а охуш,
Лаьтта тIехь йита хьайн лар.
Мовлади
Собарде, хоалда хьуна,
ХIоранна шен меттиг ю.
Карийна сайниг а суна –
Юьртана вина со ву.
Лаьтто тIеийзайо йовхо,
ДIахуду догIанан хи.
Гуьйрено, дерзадой зовкхе,
Халкъана юха ло и.
Цу халкъо суна а делла
Шен деган йовхонан аз.
Со хIинццалц декхарехь лелла.
И декхар дIалур ду ас.
Тамара
Ткъа суна, кIантана хьалха
ХIун декхар ду техьа хьан?
Дерриг а дахар ду балхахь,
Бала а ца кхочу тхан.
Адамна, цхьа бепиг доцург,
Оьшуш дерг дукха ду кхин.
Дахаран оьмар ю йоца.
Ма мийла даима хи.
ХIинца со кхета ма гIерта,
Дуьйцучух ца кхета ерг.
Еттар яц кхин ас хьан кертахь
Таханналц йиттина берг.
КIант а ас дIавуьгу сайца.
Мовлади
Вуьгур вац! Иза бакъ дац!
Тамара
Кхузахь и вуьтур ву хьаьнца?
Хьан нанас и лиелор вац.
КIентачул хьоме а хеташ,
Леладо йоьIан бер цо.
Ткъа сайниг сан нанас виезаш
Кхиор ву, тешаш ю со.
Хьо нахал ваккха ца лаахь,
Йитий цIе тасалахь сан.
Мовлади
Юьтур яц. Бегаш а хаьа,
Тоьар ду, чекхдаккха гIан
(Тамара араэккха, Шеца ши лулахо а валош, чуйогIу иза).
Тамара
Кху шина кхонахчун хьалхахь
Йита со, ларде хьай сий!
(И дешнаш хезачул – кхалха
Атта ду, Iанадеш цIий!)
Мовлади
…Исс елахь, иссе цIе хьуна,
Кхоъ елахь – ас тосу кхоъ,
Хьарам ю хьо цхьанна – суна,
Массарна хьанал ю хьо…
2.
Дахаран цхьа хьаса хаьдда,
И ийжа, ца туьгуш тен.
Дитт лаьтта, ткъесо бохь кхаьдда,
Цуьнгахь а ду ирча де.
Стигалан цхардоьлла бога
Ладаршца тIедоьлхуш ду.
Iемина и хийла вуо ган, -
Мовлади цунна хIун ю?
ВогIу и, ша-шена хезаш
Сецабеш кийрара мохь,
Эсаро човхийна месаш
Ловзаеш, хьоькхуш бу мох.
Маржа-яI! Сатийсам деган –
ТIекхача йиш йоцу нур!
Хьо боцуш каглур бу стеган
Лаамо айбина кур.
Хьо бацахь, хьан лохур яра
Доьхначу кху дийнан чIир,
ДIайоккхуш, ца юьтуш лар а,
Бохамо йиллина гIир?
Мокхазал чIагIлолахь, ойла,
Даге ма баккхийта чIикъ,
Хаалахь, сатийсам буйла
Боданехь схьагойтуш некъ!
Боху цо: иштта ду
ГIуллакх сан кертахь.
Ца ларди ирсан хIу,
Мел чIогIа гIертарх.
Къаьхьа дош. Iаьржа дIовш –
Цхьатерра хуьлу,
Цхьабосса Iовжадой
Дагах чекхдуьйлу.
Осалчу лаамийн
Йийсарехь велахь,
Со хIунда вехаш ву,
Со хIунда лела?
ХIуммаъ дац, тахана –
Декхначу дийнахь –
Шелоно чахчйина,
Сан безам бийнехь.
Латта! Ахь ницкъ лолалахь
Кху балех вала,
Тхи хьарсий, яйалахь
Кийрара алу!».
I978
Дахаран гуонаш
(шийла элпаш)
Малхбален календарца
дуьстича, кхушара шийтта
шо кхочу Нохчийчохь зулам
гIаьттина. Кхушарахь а,
I99I шарахь санна,
газанан шо ду. Диканиг
хиларе сатуьйсу вай
массара а, дахаран цхьа го
чекхбаьлча мукъане а.
КIУР
Хьан арахийцира,
Шишанан
Бертиг а йостуш,
Эзарнаш шерашкахь
Йийсарехь
Даьллина
ШайтIа?
Ши шиша,
Кхо шиша…
Шишанаш
Ма дукха хилла…
…Мичхьара елира теша
ШайтIанийн тоба?
БОЖ
…Ирзехула
Дежаш лелаш
Жа хиллера.
Хьалха яьлла
Йолу мокха
Кирша бож,
Буц а йитна,
Варшахула
ДIатиллера,
Шена тIаьхьа –
ДогIу ах жа
Iин чу хьош…
МОТТ
Шалхонаш,
Шеконаш
Кегаеш
Декара дешнаш.
Дош-дашера
Доллушехь,
Къаьхьа даш Iеттадеш
Екара
БIаьрзе «калашник»
ЖАIУ
… Шен жен жIаьлеш,
Шок а тоьхна,
ТIаьхьахецна,
Газа юха
Ерзийнера,
Лаьцна маж.
Ирзо ма-дду
ДIасаяххал
Муш а тесна,
ЖаIуьно
ДIайихкинера
Аьрха бож…
ТОЙ
Шун шуьне
Ца хийша,
Ца мийла
Эмкалан шура,
Дашочу цIузамах Iийдалуш
И лаьтта Iенаш,
Кхоам а хетташехь,
Сатоха, собар дан
Ницкъ сайна баларна,
Хастам бо Далла!
Ца воллу ала,
ДIабаьлла
Тахана
Бахьаран
Бала.
БУЬЙСА
…Iаржъяларх а,
Хила веза
Даим сема.
Хьенан йиш ю
Тховса билла
Аьхна мотт?
Хезий хьуна
Барзах угIуш
ДогIу кема?
ЛадогIалахь:
ЖIаьлех лета
Автомат…
ЙИЛБАЗАН МОХ
ХIинца а
Ца Iебаш,
Карзахадуьйлуш ду
Йилбаз.
Адаман дахар а
Ца хеташ
Шина шайнан меха.
Шал шера
Хуъушехь,
Ша тола йиш йоцуш дуйла,
ШайтIанан мох хьовзош,
ГIерта и
Вайн кортош Iехо.
ЖЕН ЖIАЬЛЕШ
… ЖаIуьно
Шен жIаьлешна
Латтадо доьша.
ТIаккха цара
Iалашдо
ЖаIуьнан туш.
Ма гIаддахна,
Карзахдаьлла,
Хьийзаш ду шу?
Тхуна ца гург,
ХIун ду теша
Шуна гуш?
ХIун ду теша
Шун дегнашна
Гилгаш дохург?…
Стен самукъа
Даьккхина те
Тахна шун?
Маца хир ю
Техьа вайна
Бакъо бохург?
Маца хIоттор
Ду техьа вай
Мехкан шун?…
ШОВДА
Шо шаре мел дели,
Серлоно
Эшор бу бода.
Шен шира
Шабар деш,
Лиешар ду
Шал шийла шовда
ЖОЬЖАХАТЕ
… КхоалгIа гуо
Бу цкъачунна
ДIаболийнарг.
Ткъа и гуонаш,
Исс бу, бохуш,
Хаам бо.
Муьлхха хало,
Къар а ца луш,
Лан Iамийна,
Нохчийн къуонах
Нохчийн нана –
Вайна го…
КХАНЕ
Мискачун догдика
Хилла де
Кхочур ду –
Тиеша!
Шайн шийла
Iодика
Хуьлда шун,
ШайтIанан хьеший!
ПИРДОЗ
…Цхьаболчарна
Пирдоз хилла –
Маьлхан дуьне.
Ткъа кхечарна-м
Жоьжахате
Хилла хьох.
Хьан хоттур ду,
ХIун хоттур ду
Аш жаIуьне?
Йиш юй тIаккха
Буйна лаца,
Хьоькху мох?
МоттаргIанийн
Йийсарера
ПаргIатдевлла,
Вешан догIмийн
Элий хилла,
Делан – лай,
Кху дуьненан
Жоьжахатех
Чекх а девлла,
Ялсамане
Кхачаре
Сатуьйсу вай!…
1991-2003 шераш
Эдал
(бохаман илли)
Ламанан эвлан йист. Ирзо.
Схьахезаш ду котамийн декар.
Цхьанхьа уьстагIий а ду Iоьхуш.
Кхечанхьа жIалеш а лиета.
Таррашха гIожмашца къуьйсуш,
ханна итт шераш хир долуш,
ши божабер гучудолу.
ГIаж охьа йохуьйтуш,
цу шиннах цхьамма олу:
Тапа
СадаIа вайша кIеззигчу ханна?
И уьстагIий, гезарий
ТIаьхьо схьаерзор ю.
(Кхура кIел бай тIе охьахоу).
Эдал
Зезагаш гулдо ас-м.
Тапа
ДIаяхахь дIа
Карах а долу хьан-м,
Зудаберийн хIуьмалгаш лиело.
Цул а схьаволахьа,
Урсех ловза вайша?
Эдал
Со тховса дIавоьду
Нажа волчу, лома.
ЦIа маца вогIур ву,
Ца хаьа цхьаннаъ.
ЛадуогIал аьзнашка,
Ю моьтту суна
Кхуза схьакхочушъерг
Билкъазца Селахьат…
Тапа
Нажа волчу воьду хьо?
Ирс-яI хьан, Эдал.
Со-м цига ца вуьгу,
Мел чIогIа лаарх.
Эдал
Хьан ваша ца хилар,
Ду цунна бахьана.
Иштта ду-кх
Вайн дайша
Лардина Iедал.
Кху цIахь а ду хьуна
Дан гIуллакх шорта…
…Цаьрга ма алалахь…
(Кондаршна тIехьахь къайла волу Эдал.Зевнечу аьзнашца ела а йоьлуш,ирзу тIехь гучуйолу жима ши йоI. Ша Iуьллучура хьалаэккха Тапа)
Селахьат
Маршалла ду хьоьга,
ВагIалахь таккхал.
Жа стенга дахна шайн,
Хууш вуй, Тапа?
Билкъиз
Цулла а хаттахьа,
Мичахь ву Эдал?
(елалой дIаэккха)
Селахьат
(оьгIазе кеп хIоттош,муьшка йо йоIана)
ДIаялахь, хIай шайтIа.
Тапа
Шу марша догIийла.
Дежаш ду жа а.
Iу а схьакарор ву.
Самагатде.
(Зезагийн курс карахь гучуволу Эдал)
Эдал
Билкъиз, шу схьадаьхки?
Билкъиз
Маршалла ду хьоьга, Эдал.
И зезагаш…
Суна деи ахь?
Дукхаваха хьо!
(схьаоьцу зезагийн курс)
Тапа
(ловзадеш, буйнара урс лаьттах а детташ)
Вайн Iодика еш ву и.
Билкъиз
Муха? Ахь хIун дуьйцу?
Тапа
Нажа волчувоьду
Лаьмнашка хьала.
Билкъиз
Дукха Iийр вуй хьо цигахь?
Тапа
Кхиберш а санна
Иттех шо чекхдаллалц
Iа мега иза,
Бакъволу бIаьхо шех хиллалц.
Билкъиз
Ткъа вай хIун дан диеза?
Тапа
Вай кхуьнга ладоьгIуш
Iийр ду-кх. ХIун дийр ду?
Соъ вара кхуьнцаний
Ваха лууш чIогIа.
Сан ваша вац,
Ден-ненан доладеш
ЦIахь Iан. Цундела
Ца вуьгу со…
Эдал
( Тапин белша тIе куьг дуьллуш )
Со ву-кх хьан ваша.
Билкъиз хьо а хир ю
Йиша санна суна.
Билкъиз
Ткъа Селахьат?
(зезагаш накъосте кховдадо)
Эдал
(цхьажимма соцунгIа а хуьллуш)
Кхунна ваша хилалур
Вуй техьа сох?
Бехк ма билла.
Ца хаьа, лаьий-те кхунна
Сан йиша хила.
Билкъиз
Лаьий хьуна, Эдалан
Йиша хила?
(Селахьат лаьтташ ю, лаьттан бIаьра хьоьжуш)
Ца оьшу кхунна,
Эдал, хьан вошалла.
Тхо хьо цIа варе
Хьоьжур ду…
…Же, шимма дерзаде
ЦIехьа шайн жа,
Хилале маьркIажа хан…
* * *
Цул тIаьхьа иттех шо долу.
ГIаролхо виер
Дозанан гIаролехь.Чардакх ду лекхачу кхура тIехь генашна юккъехь схьагуш.Лами бу кхураца ирахIоттийна лаьтташ. Ши бIаьхо ву оцу кхурах баккъаш а тоьхна,Iаш. Цу шиннан мажарш а ю генех хьалаоьхкина кхозуш.
Маьхьта
Бакъдерг ца аьлча
Хьоьга, со Iан ца ло, Яндар.
Селхана хьоьцаний
Со ца вар бахьана дара
Суна и йоI езар.
Яндар
Хьо лечкъа гIертарх а,
Хьан ойла гуш яра суна…
…Цул чIогIа доьхнарг а
Хезира селхана.
Маьхьта
И хIун ду?
Яндар
Хин волчу марвешел башха,
Со хийра ца хиета шена,
соь эли-кх цу Адин йоIа,
Хьо йоцуш вехар вац,
ас шега аьлча.
Маьхьта
(воккхавеш хьалаэккха)
Бакълуьй-кх, ткъа!
Сан вешин метта,
Ас лоруш ма ву хьо.
Яндар
(куьг ластош)
Вайшиъ вац, цо вуьйцург.
Сан ваша Эдал,
Суна схьахетарехь,
Ца виц ло цунна.
(хьалагIотту)
ХIун дер ткъа,
Вешица а
Къовсур ю-кх езахь.
Бос хаза Селахьат
Яьккхинчун хир ю.
Маьхьта
Оьзда йоI къовсур вай
Нийсачу хьуьнаршца.
Дог дилла йиш яц сан
Хьо доттагI велахь а.
Яндар
И кхечо хьоьстур ю,
Бохушверг хир вара
Сан луьра мостагI.
Къовса аш Селахьат соьца
Сан ваша,
Сан хьоме доттагI…
…Цкъа хьала а ваьлла,
гондахьа бIаьрг тоха ас?
(Лами тIехула хьалаволало иза.Мажаран тата хеза.
Некхах катухуш, мохь болу Яндаре:«Сан Дела!»
Цунна тIехьаьддачу Маьхьтас гIо а деш, воссавой,вертан тIе охьавуьллу и)
Маьхьта
(гондахьа дIасаводу)
Хьан туьйхи Яндарна мажар?
(Хьуьнан юккъехь къайлаэккхий,шен мажар йожайо цо.
Юха а гучуволу)
Ца леци чехкачу хIоьо
Гуш воцу мостагI…
Яндар
Хи…хи лохьа суна, Маьхьта,
Маьхьта
(Яндарна тIе воду, канаш чохь шовдан хи а оьций. Хи маладо. Шен коч а ятIайой,чевнна тIе тIаIайо горгам)
Яндар, шек ма ваьллахь.
Вай хIинца лоцур ву мостагI.
(и кIегархааван гIурту)
Яндар
Ца оьшу, Маьхьта…
…Виталахь иштта …Ма тийна,
Тийна ду дуьненчохь…
…Хийлаза мостагIчун
ТIаьххьара садолуш хьажаро
Човхийна дацара
Кху кийрахь тIаьххьара
Детталу сан дилха дог.
Ма хала, ма шийла
Сахьт хилла - Iожалла бохург,
Йист йоцчу дуьненах
Дан хIуммаъ а доцуш висар!
Маьхьта
Яндар, шек ма вала,
Вай кестта
Хьан ловзар дуур ду.
Ас-м аьшпаш буьттурий
Сайна и йоI еза бохуш,
БIаьрга ян ца еза
Суна и.
Тховссехь хьуна вай
Ялор ю Адин йоI Селахьат.
Мал ма ло, доттагIа!
Гой хьуна,
Дуьнено кхийдадо
Хьоьга шен беркат?
Яндар
Маржа яI,
Цуьнан мах ма беза,
Ма беза хилла.
КъинтIера валалахь суна,
Хьомсара Маьхьта.
Маьхьта
(Яндар схьалоций ластаво)
Собар, собар цхьажимма
Собар де Яндар.
Ас хIинцца лор волчу
Кхачор ву хьо.
Яндар
Лоьро ян гIоле яц.
Кхин цкъа а хи лохьа суна.
Маьхьта
(канаш чохь хи а луш)
Шек ма вала, Яндар! Вай хьуна…
(канаш чуьра хи охьа а Iанош,
ши куьг хьалха а тосуш)
Яндар!!!
(тIекхетий ластадо Яндаран дегI).
Яндар! Хьан вала
Йиш ма яц, Яндар.
Хьан дега хIун эр ду ас?
* * *
Серлоно иэшайо
Боданан гIиело.
Iуьйрене сатуьйсуш
Мила ца ваьхна?
Къабилан IиндагI ду
Iаьрчашкахь лиелаш,
Хьабилан Iожалло
Синтем дIабаьхьна.
Адамна, зингатна
Цхьабосса боьлуш,
Схьакхета дашо малх
Дахарна аьхна.
Йист йоцчу замано
Къаьхьа кад мийлош,
Лелар ву даима
Адам ден ваьхьнарг.
Адамаш, адамаш!
Аш диц ма делаш
Бакъдериг луьттучу
Замано баьхнарг.
Къабилан IиндагI ду
Цу стиглахь лиелаш.
Хьабилан Iожалло
Синтем дIабаьхьна…
Заманан аьзнаш:
Геннара схьахеза
Еттачу жиргIанан гIовгIа.
Цхьалхачу озаца
ГIаларто болабо узам.
Я-лай-лахI, я-ла лай,
Я-лай-лахI, я-ла-лай
Я-лай-лахI, я-ла-лай
Я-лай-лахI, я-ла-лай…
Цул тIаьхьа меллаша
Бекало дечиган пондар.
Шина озо юха а
ДIаолу болийна мукъам.
ТIаьхь-тIаьхьа карзахе
ГIовгIанаш, йолало хотехь
Зурманаш, жиргIанаш
Iадхьокхчу пондарийн цIийзар
Кхо аз ду юх-юха
Ийабеш мукъамаш
Дешнаш а кар-кара оьцуш
Лаьмнашна тIехула
Даьржина хазанза илли:
«Эзар шо чекхдели
Лаьтта тIехь
Цхьа де а хилла.
Адам, хьо
ГIийлачух
Дог лозуш
Хьийзина,
Некъах а тилла.
Мичахь бу нийса некъ?
И гинарг мила ву
Мацах я хIинцца?
Хиндолчух
Хьажарх чекх,
Юха а Iехаво
Харцонан цинцо.
Иэделла адаман
Синтем ца бевзачу
Жимачу дагчохь—
--Хьоькх йоцу цIаналла,
Ямартло, хьагI а».
…Хуотерчу ирзу тIехь
Буьйсанан кийрахь
Даточу беттасехь
Лаьтташ ву жимха
Ткъа шо ду Эдалан.
Мила хили цунах?
Ша шега а,
Наха а
Хоттур ду кестта.
Цецваьлла хьоьжу и
Екхначу стигла,
ХIаваэхь диекачу
Аьзнашка ладоьгIуш.
Эдал
Шу муьлш ду?
Схьагайта, йиш елахь
Суна шайн яххьаш…
(Беттасан серлонгахь гучуйолу кхо туьтмIаьжг.)
Хилларг
Хьан халкъан
Селхана
Чекхдаьлла
Де ду со
Карарниг
Со ю шун декъаза
Карара хан.
Хиндерг
Дуьненчохь дехачу
Массо а къаьмнийн
Кхане ю, кхане ю-со.
Эдал
Ткъа муха?
Цхьана муха кхетта шу?
Хилларг
Орамо дитт санна
Кхобу ас дахар.
Карарниг
Ткъа со ду
Дахаран дитт.
Хиндерг
Цу диттан генашкахь
Къона гIа хоьций,
Зазаца и кхолуш
Хьан дагчохь кхуллу ас
Генара,
Хаза
Сатийсам.
Кхаамо а:
Цундела
Даима
Цхьана тхо лиела
--Йист йоцчу заманан тIийриг.
Лаьтта тIехь
Садолуш ши адам мел ду,
Мел деха
Дахаран дитт --
--Тхо хилла,
Долуш ду,
Тхо хир ду цхьаьна.
Хьо цунах тиешар ву кестта.
Хьан бакъдерг диезар ду къесто.
Даиман халонехь довза.
ЛадогIа заманан озе…
…Тхо хьоьца…хьоьца ду тховса.
…Кечлолахь, харцонца къовса.
Маккхалан амал.
Ламчохь цхьа чIаж.
Амфитеатр санна басах тIегIанаш даьхна.
Юккъерчу майданахь гучубовлу детташ тарраш а долуш,
Дуьхьал луьйцуш тIергамаш а йолуш, къона бIаьхой.
Аьрру агIорчу маьIIера сихочу боларехь гучуволу Маккхал.
Эдал, ша Iачуьра хьалагIоттий, меллаша тIегIанаш тIехула охьаволало.
Маккхал
ТIетоха! ТIетуоха!
Ма кхоа вие!
Ахь хьалха ца туохахь,
Тухур ю хьуна.
(ца вашарца)
Сацийта! Сацийта
Шу довла делла…
Ницкъ бериг адам ду.
ГIийлачух дан хIуммаъ дац.
(баттара тур схьаоьккхуьйту)
Шаьш каде хеттарг.
Схьа юккъе вала.
(Цхьа жимха юккъе а волий,ший а лата волало).
Схьахила! Схьахила!
Иштта, дIаиэца.
(Пхьаьрсах чов йо).
ХIуммаъ дац. Майраллин
Къизалла оьшу.
Экхалла ца хилча,
БIаьхо хир вац.
(Дарвелла чуьхьаьддачу кIантана шолгIачу пхьаьрсах а чов йо.
Жимха юьстах волу.Маккхал тур ловзош лаьтта).
Маккхал
Муьлха ца вилхина шун беран хенахь
Вижале когара кIохцалш а дохуш?
(Кхин цхьаъ а юкъа волу).
ШолгIаниг
Маккхал хьан и бегаш кхоабе ахь
Кхана тIехинйолчу тIаьхьенна хьайн.
Маккхал
ХIай, хIай! Со диезаш ву дерзина тур!
ШолгIаниг
Ондачу буйнахь и кхиерамие хуьлу.
(тур тухий чов йо Маккхална).
Маккхал
(цергаш хьакхайой)
Ас гойтур ду хьуна
ХIай, зуьдан кIеза
Хьайн хьехархочуьнца
Лата муха виеза.
(Дарвелла Маккхалчухьаьддачу хенахь Эдала, тур тухий,
юкъаэккхий дожадоцуьнан карара тур.Гучуволу Нажа. Цунна тIаьххье, бIаьллинга серана тIе а хиъна,гучуволу Букъарш. Цу шинне а го тIаьххьара сурт).
Нажа
(цецваьлла лаьттачу Маккхале)
Воккхачу ас аьлларг тергал а ца деш,
Хьайн бешахь кхиийра ахь къаьхьа бIаьIаш.
Легашка-м ца хIоьтти хьийкъина стом?
Чомана реза бац, хьан къиега бIаьргаш.
Букъарш
(шен «дин хохкий» Маккхална хьалха соцу).
Дош дийца ца хуург
Герзашка волу.
Массарах кхоьруш верг
Хьулуш ву холчахь.
Стешхачух ларлолаш—
Эрна ца олу.
Цуьнан дог деттало
КIажин пха болччохь.
Маккхал
ДIаяла хьалхара
Iовдала тентак.
Ас мийра а тоьхна
Оьккхуьйтур хьо.
Букъарш
Хьовсийша кху вире,
Беттийца мийраш,
Амма сан «кхело» а
Тухур бу цIингаш.
(Ша дIавоьрззушехь, ша тIехь Iачу серан юьхьиг Маккхалан настарех а тухуш дIаэккха. Важа цунна тIаьхьаводу. Ший а
къайлаволу. Нажа цунна реза воцуш тIаьхьа хьожу).
Нажа
(кегийрхошка)
ТIаьхьа довдий сацаве иза—
Тарло цо и пекъар виен.
(Кегийрхой Маккхална тIаьхьабовлу).
Сан хьоьца гIуллакх ду
Схьавоьл цкъа, Эдал.
(Эдал воккхачу стагана тIевогIу. Нажа лахарчу терхи
тIе охьа а хоий, Iаса а ловзош Iа).
Дийцал ткъа Iемий хьо
Ларвала а, лата а.
Эдал
И-м хала дацара. Ойла йо ас
Адамийн сел чIогIа биен-берса хиларх.
Вай муха деха те и санначаьрца
Кхоьру те? Я чIогIа биеза уьш вайна?
Нажа
Дуьненчу массо а
Цхьатерра волу.
И тайпа Маккхалаш
Дахаро кхуллу.
Эдал
Ткъа царна хIоранна карайо маIарш
Массара сийсазбеш ца лохку дела.
Нажа
Тахана и саннарш а
Оьшуш бу вайна.
ХIан-хIан, ас ца боху
Цунах хьоъ тарло.
Делахь а зама ю-кх
И хьоьга бохург.
Эдал
ХIун де ас, сай даго
Кхин бохуш хилча?
Нажа
Сов кIеда ду хьан дог.
Мегар дац и.
Заманаш луьра ю,
Вон кхаьънаш хиезош.
МостагIий сема бу.
Вай а хила диеза.
Эдал
Царна хIун оьшу те?
ХIара готта Iаннаш?
--ХIара лаьмнаш?
Нажа
Шен сина паргIато
Массарна лоьху.
Эдал
Ахьа ма бохура:
Латта а шорта ду
Стигал а, хIаваъ.
Массарна тоьур ю
Хьаннаш а, хиш а.
Нажа
Кегийра лаамаш
Хьалха а баьхна,
Массо а бIарзвелла
Доккханиг ца гуш.
Эдал
Суна а гой техьа
И дIаьвше бакъдерг?
Нажа
И къасто хала ду.
Делахь а суна
Хетарехь адамал
Доккха хIума дац,
ХIоранна массо а
Адам дуй хаахь.
Цхьаммо а цхьаьннан а
ЦIий Iанор дац.
Эдал
Ткъа муха кхиета со
Нахах а, сайх а?
Нажа
(шен карарчу Iасанца лаьттах сиз хьоькхуш)
Дахар – и цхьа хIоз бу.
Яц и юьхьиг, чаккхе.
Лаьттах схьадаьллариг
Лаьттие а доьрзу.
Жимчунна ца хаало
Къеначун лакхе,
Хетало къанвелларг
Бералле воьрзуш.
Ткъа иза юха а
Хиллачие кхочу.
ЦIеначу ойланца,
Шеконаш йоцуш.
Эдал
Аттачу дешнашца алахьа, Нажа.
Нажа
Берана а хууш ду:
Башламе хьала
Дерзалур доцийла
Вайн чекха хиш.
ХIетте а къанваллалц
Къахьоьгу цхьамма
Бакъдолу и хIума
Даг тIе ца оьцуш.
Эдал
Ткъа, ахьа хин дуьхьала
Диний-те нека,
Я цуьнан тулгIеша
Схьакхехьна хьо?
Нажа
Массарна дуьхьала хилар-
-Майралла яц.
Кхин дара сан гIиллакх.
Со хIинца кхочуш ву
Дахаран йистте,
Сов диеза кхоьллина
ХIара маьлхан дуьне
Ма-хетта ца дууш,
Ма-торру дии ас,
Безам а, дикалла
Адамийн дегнашкахь гIиттош.
Эдал
(Хьалаэккха)
Ахь соьгахь кхиийнчу цу дикаллах
ХIун де ас тахана?
ХIун мах бу цуьнан,
ТIемаш бан Iамош тхо хилча?
Герзан мотт бицбина,
Хазачу дашца
Вовшашца къамелаш
Дан мегар дац техьа
Массо а наха?
Оьший те герзаш?
Нажа
ТIом бан хьо ца гIертарх,
Хьайн маьрша дахар
МостагIчух лардан а,
Оьшуш ду герз.
Эдал
Доккхачу дуьненчохь
МостагI сан-м вац.
Нажа
ЦIеххьана гатлуш ду
Дахаран некъаш.
Адамаш массо а
Хьох тера дац.
МостагIий хьан хир бу,
Безам ахь боькъуш.
Ткъа кхиэлан къайленаш
Вайн карахь яц.
Эдал
Цхьаъ дуьхьал нисвелча
Готтачу новкъахь
Юьтур ю цунна ас
Цу некъан маршо.
Нажа
(велакъежаш)
Хир ду тIаккха хьуна чIогIа хала,
Цу готтачу меттигех чекхвала.
Эдал
(карзахе)
Ткъа хIун де? ХIун де ас?
Массо а агIо
Кху ирчу туьро бен
Йостуш ца хилча?
(Баттара доккхий тур ластадо. Говран бергийн тата хеза.
Майданехь гучуволу жима стаг-хьадалча).
Хьадалча
Де дика хуьлда хьан, Нажа.
Шу марша, кхелхина
Оьздамаран кIант Яндар.
(Нажа хьалагIотту. Эдал Iадийча санна лаьтта).
Нажа
Маржа-яI! Ткъа муха
Нисдели иза?
Веза хинволчу Дала
Гечдойла цунна.
Хьадалча
Шен доттагI Маьхьтица
Ваханчохь ха дан…
Маьхьтас схьадийцарехь…
МостагIчун мажаро
Вожийна и.
Ткъа наха дуьйцу…
Маьхьтас ша и вийна,
Бохуш…ца хаьа хиндерг.
Цкъачунна тезета ца
Буьтуш бу уьш…
Iодика йойла шун…
КIотара кхача сан деза.
(Хьадалча дIавоьду).
Нажа
Кечлолахь, сан Эдал.
Собаре хилалахь.
Ирча кхаъ кхечи хьоь
Кху маьлхан дийнахь.
Оьздамар волчу дIа
Хьо кхачан веза.
Ткъа хьайн ден лаам ахь
Кхочуш бан беза.
* * *
(Бода булу. Юккъехь лаьттачу
Эдалан юьхь серлайоккху беттасехь).
Эдал
(мохь тухуш)
Хьан вийна сан ваша?
Яндар! Итт шарахь ца гина
Суна хьо. Сан цхьаъ бен воцу
Ваша. Хьан вийна хьо?
Мила ву и ???
Везан Дела, гайта суна и!
Аьтто бехьа бекхам бан!
Хиндерг
(хиллачуна а, карарчунна а тIехьажош)
Цара вийна и!
Ши аз
Дерриг а гуш делахь а тхайна,
БIаьрзе а, къора а ду тхо.
Бехкениг гойтур ву кханено.
Кхо аз
Мичахь бу нийса некъ?
И гинарг мила ву
Мацах я хIинца?
Хиндолчух хьажарх чекх,
Юха а тилаво
Харцонан цинцо.
Тезет
Оьздамаран кертахь
Лаьтташ ю тезет.
Барми тIехь Iуьллуш дуЯндаран дакъа.
ТIе тесна верта а долуш.
УьйтIа вогIу Нажа.
Эдал а ву цунна тIаьхьахIоьттина.
Нажа
Ассаллам Iалайку, Идарз!
Ахь доIа дехьа!…
(ДоIа диначул тIаьхьа,
Оьздамар волчухьа воьрзуш)
Дала гечдойла цунна!
Дала ийманца собар лойла шуна!
Оьздамар! Цхьабосса юкъара
Сингаттам бу-кх хIара вайна.
Оьздамар
Баркалла, Нажа!
Вай массо а ду Делан карахь.
(цхьа жимма собар дой)
Нажа
ХIара, хьан кIант ву.
Теша со,
Кхунах хьан
Къаналлин гIортор
Хир, аьлла.
Iусам
(Эдална юххе а таьIий)
Хьажа цуьнга.
Дагахь латтаде цуьнан сибат.
Хьан ваша вийна…
Бехкениг мила ву хаац.
Маьхьта хила мега бохуш
Шеконаш ю.
Амма, Дела воцчунна
Хууш дац бакъдерг.
Ткъа ахь…
Ахь чIир екха еза…
Хьажа цуьнга.
Дагахь латтаде цуьнан сибат.
Хьажа…дагахь латтаде.
Цо Iаббалца
Маланза дисинчу
Шовданаша кхойкху
Бекхаме.
ХIокху тархаша, ломан некъаша,
БIаьвнаша, хьаннаша
Кхойкху бекхаме.
Ваха везаш вара иза.
Къона вара иза.
Хьан цхьаъ бен воцу
Ваша вара иза.
Кара а вина,
И вийнарг
Виен веза ахь.
Виен веза ахь…
(юха а бода, хеза зуькар).
Хьуьнан ирзу
Кондарш ю схьагуш. Дехьо гуш ду кхура тIера гIаролан чардакх. Шен «кхела» тIехь гучуволу Букъарш. Цуьнан коьртахь харцахьа баьккхина месала куй бу.
Букъарш
Тпр-у-у. ХIара хIун жиний бен бу, хьажа веза.
Кхузахь цхьаъ кIиело а йина
Iийначух тера ду.
Буц хьешна.
Бустам а бу Iуьллуш.
Ма йоккха Iовдал а хилла,
иштта хаза кечбина бустам
охьа а кхоьссина вахнарг.
(схьаоьций бустам чета лачкъабо).
Кхин хIуммаъ йожийний-техьа? ХIан? Цхьаъ схьавогIучух тера ду. Лачкъа веза.
(кондаршна тIехьаволу. Гучуволу Iусам. Гора а хIуттий цхьа хIума лаха волало).
Iусам
Мичхьа божийна теша ас иза.
Кхузахь-м божийна хир ма бац.
Дала ма дохьийла.
Цхьанний кхузахь и карийнехь?
(гучуволу Букъарш шен гIожа тIе а хоий).
Букъарш
Оцу бацалхула хIунда тиекха хьо, Iусам.
Сту байна-м ца лиела хьо?
Iусам
(кхералой хьалаэккха)
А? Хьо мичар вели?
Дукха хан юй, хьо кхузахь волу?
Букъарш
ХIинца схьакхечи-кх.
Сайн кхелан хи а малийна,
хьуна гIо дийр ду ас.
Iусам
ХIан-хIан.
Яхийта, яхийта кхузара, Iовдал.
Хьайн кхелан хи а маладе.
Новкъа ма гIерта.
Хьан гIуллакх дац.
Букъарш
ХIан-а-м. Хьажа делахь.
Кхузахь берзалой-м хуьлу хьуна.
Мажар юьйлина юй хьан?
Бустамаш чохь хIоъ-молха а дуй?
Iусам
Соьгахь шаерг ю.
Яхийта, ас мажар тоьхна,
Хьо вожавале.
Букъарш
Йохуьйту, йохуьйту.
ХIара санна волчо
боккъала вен там бара
Со санна волу Iовдал а.
ДIаваха веза кхузара.
Ткъа хIара бустам ас
Сайн доттагIчунна
Эдална лур бу.
(Букъарш дIавоьду. Iусам лохуш ву. Гучуволу Маьхьта).
Маьхьта
Ахь хIун лоьху кхузахь, ва Iусам.
Iусам
ХIан? Хьо ву и?
ХIоккхуза…
ХIоккхуза…
Яндарна мажар тоьхнарг
Кхузахь кIел хиъна
Хиллий техьа,
Аьлла хеташ,
Цхьа а лар ца йитинтехьа цо,
Бохуш, воллу-кх.
Маьхьта
ХIун юьтур яра цо?
Iусам
Ца хаьа…ца хаьа.
Хьо кхузахула ма лела.
Хьо бехкен хиета
Дукхахболчарна.
Маьхьта
Далла гуш ду-кх, сан бехк ца хилар.
Iусам
Хала ду
Цунах нах тиешо.
Цхьа Дела воцург,
Кхин теш вац хьан.
Яндар вийнарг схьалаха!
Маьхьта
Муха карор ву и?
Iусам
Со хьох теша.
Хьайн доттагI
Хьоьга велур вацара.
Ас айса а лохур ву.
Ткъа хьо цкъачунна
Къайлавала веза.
Сан кIанта Куьйрас
Хьех долчу
Вуьгур ву хьо.
Цо цига юург а
Кхоьхьур ю хьуна.
Хено гойтур ду…
ХIинца оцу кондаршна
Юккъе дIалачкъа,
Ас кIант схьавоуьйту.
Бехкениг гучуваллалц
Хьох шек бу нах.
Оьздамаран кIант
Эдал цIа веъна.
Иза ондда, майра а,
ТIахъаьлла а ву.
Хьо лохуш а бу уьш.
Кхузахь Iие.
Ас кIант схьавоуьйту.
(Iусам дIавоьду)
Итт шо даьлча цхьанакхетар
Хьуьнан ирзу.
Гучуволу Эдал.
Къеначу кхуранна кIел охьахоу.
ЦIеххьана хьалагIотту.
Пхьаьрсах тесна кIудал а,
карахь чам а болуш гучуйолу Селахьат.
Эдал
(вуху цуьнан хазаллех цецволий)
Суьйре дика хуьлда, хьан
Ца евза йоI.
Ца хууш нисвелла
Кху метте со.
Ма билла бехк суна.
Селахьат
Диканца вехийла
Даима хьо.
Хьуна со йицъелла,
Бераллин доттагI.
Ткъа суна-м схьагушшехь
Вевзира хьо.
Эдал
(ойлане)
Итт шо чекхделира,
Со юьртах ваьлла.
Диц ца лун бералла
Ма гена даьлла…
…Цхьа доттагI яра сан
Цу хазчу хенахь
Адин йоI..Селахьат хьо юй?
Бакъдуй? Я гIенах
Хьо суна гуш ю те?
Алахьа соьга!
Селахьат
Вайшиннан ловзараш
ДагадогIий хьуна?
Кху ирзехь лелар а,
Гезарий яжош.
Ахь гулдой дохьура
Зезагаш суна,
Аса уьш дIакхуьйсура,
Бацалахь даржош.
Эдал
(карзахе)
Селахьат! Селахьат!
Сама ца воккхуш,
Дийцахьа, дийцахьа
И мерза гIан!
Селахьат
(чамица кIудал хьалаюзуш)
Мерзачул дукхаха
Къаьхьаниг дара.
Дагара ца йолу
Хьан гIийла нана.
Вайшиъ цо хьоьстура
Къуьйлуш шен марахь,
Кхоьрура: хIун дер те
Вайшиммо кхана?
Эдал
Тоьур ду. Ма дийца.
Ма даръе чевнаш.
Селахьат
Ца лаахь, дуьйцур дац
ДIадаьлларг ас,
Еш хилча дешнаша
Хьан дагна вас.
Ткъа айхьа лелийнарг
Дийцахьа суна.
Эдал
Итт шарахь Iамийра
Къеначу Нажас
ТIемало ван гIиерташ,
Декъазчу сох.
Хууш ма-хиллара,
Да волчу кертахь
ХIинца вахар ду.
Селахьат
Ма чIогIа гIелвелла
Бос баьхьна хьан.
Стенгара вогIуш ву,
Эдал, хьо хIинца?
Эдал
Цхьанна а хуур дац
Сан кийрахь дерг.
Лаьмнашкахь лийли со
Мажар а карахь.
Стешхачу экханан
Лар толлу бохуш.
ДагтIера гIайгIанаш
ДIаяха гIерташ.
Селахьат
Со яла хьан делаI,
Сан миска-иччархо,
Ца леци мажаро
Ког маса экха?
Эдал
Хийистехь лу дара
Хи муьйлуш лаьтташ
Сема ла дугIура
Къурд моссаза бин.
Суна тIе буьйгIира
Шен Iаьржа бIаьргаш.
Оьзда дегI дегийна,
Дедира и.
(гучуволу Тапий, Куьйрий. ТIаьххьара дешнаш хеза царна)
Куьйра
(кхардаме велакъежаш)
Суьйре дика хуьлда шун,
Барт хуьлда цхьаъ.
Лохьа цхьа хин чами
Хьогалла яйа.
(Селахьата чами кховдабо хих бузий)
Хан йоцуш кхачарна,
Ма билла бехк.
Хи дезаш волчунна
Езийла хьо.
(хи молу)
Iодика йойла шун…
…Цхьа хIума-м ду
ХIун экха дара и
Вайшинна гинарг?
Тапа
Масане дара уьш.
Ахь муьлха дуьйцу?
Куьйра
КIайн дин а хьовзабеш
ТIехъиккхинарг.
Тапа
Реманна юккъехь а
Бевзаш бу и-м
Лурвоьлла лелачу
Маьхьтин кIайн дин.
Куьйра
Цхьа болу иччархой
Мажар а буйнахь,
Гезарий тергалъеш
Лелачу хенахь,
Шен дола берзийна
Берриг а лам,
Шек доцуш лелаш ду
Цхьа цIоькъа лом.
(ший а велалой дIавоьду)
Селахьат
Тергал ма делахь ахь
Цу шиннан хабар.
Эдал
Хууш ву, Селахьат,
Сайна тIаьхьа дуьйцург.
Ткъа хIинца дуьхьала
Схьаэли соь.
Хаалахь: вац хьуна
Сайн декхар кхочушдан
Дезийла ца хууш.
ХIетте а хийлаза
Дехна ас Деле
Маьхьтина дуьхьал а
Ма нисве бохуш,
ХIун ду а ца хаьа…
Селахьат
Сан хьуна цу декъехь
Дан хьехар дац.
Амма со даима
Цецюьйлу хьох
Массо а нах санна
Хьо воцу дела.
Эдал
Йиш яц сан, Селахьат
Массарах тарвала.
Ге юьзча ша цкъа а
Мацлур вац моьттуш.
Мацвелча милла а
ГIийланиг эшош,
Iовдалниг Iехавеш
Каетташ лелачех
Ца хьоьгу, ца хьоьгу со.
* * *
Ца дина талор.
Оьздамаран рагIу кIело. Истангаш тIехь миндарш кIел а дехкина Iаш бу Идарзий, Iабдий, Оьздамарий. Оьздамаран зудчо дехьа чу хьо пхьегIаш.
Идарз
АлхьамдуллилахIи.
Дала сагIайойла
йиънарг а, мелларг а.
Цкъа а ма хедийла
ЦIен тIера беркат!
Оьздамар
Дела реза хьулда шуна
Массо а хIусамехь лаьттийла и.
Идарз
(жимма Iийна)
Со кхета хьан чIогIа лозучу чевнех,
Хьоьцаний и боккха сингаттам боькъу.
ХIун дийр ду? Ницкъ болчу кхелах
Цхьаьнан а вада йиш яц.
Цуьнцаний хилар бен бехк бац цу Маьхьтин
Декхаре доьжна и дерриг а тайпа.
Цара тхо хьовсийна: со теша дуйнах.
Ца теша йиш йоцу дела.
Оьздамар
Идарз, хьо стенна тIеван гIерта гуш ву.
Хууш ву, тахана эзар стаг верах,
Денван йиш йоцийла цкъа велла стаг.
Iожаллех цхьа а стаг ца волу хьалха.
Сан яккха езар ю йисина зама
Нахаца, ткъа церан мотт къаьхьа бу.
Шуьшиъ ас даима лерина ву.
Кхел е аш – хир ву со реза.
Iабди
Цаьрга схьа кхайкхарна хIун дийр ду вай?
Оьздамар
Дерриг а къаьстинчул тIаьхьа
Дуьйцур ду вай цунах лаьцна.
Ца хаьа хIун эр ду наха.
Сихо ян ца оьшу моьтту.
Идарз
Оьздамар, дог цIена долчо
Диканиг бен хьахор дац.
Ткъа кийрахь шен мекха йолче
ЛадегIна дан хIума дац.
Оьздамар
Хуьлда иштта.
Гечдийр ду ас цунна.
Амма кхана
Ямартло тIеялахь.
Ирча бекхам
Хир бу мостагIчунна.
Идарз
Дала сий долда хьан.
Баркалла, Оьздамар,
тхан сий ахь дарна.
Маьхьтин нах болчу
И хаза кхаъ
Оха дIакхачор бу.
(хьеший а, хIусамда а хьалагIовтту)
Оьздамар
Цу дешнех тахана сан хIун мах баьлла.
Хуур дац сийлахь цхьаъ воцчунна…
Адамийн маьттазчу дашо, кхане ма къахйойла.
Идарз
Хуьлда иштта.
Оьздамар
Ас новкъа воккху шуьшиъ.
(кхуьй а араволу)
Ойланийн йийсар
Нуьйр яхьаш схьавогIу Эдал.
Хьостамах хьалауллу говран гIирс. ДIасхьаволало.
Эдал
Аьрцнашкахь, Iаннашкахь
Тем байна кхиерсташ,
Гуш йоцу Iалашо
Боданехь лоьхуш,
Деза те лиела сан,
Харц-бакъо къестош,
Сайн йоцчу замано
Къиза юьхь оьхьуш?
Бералла дIаели.
Сан доттагI Тапа а кхин ву.
(шен «дин» хохкий гучуволу Букъарш).
Букъарш
ЙоргIанна дика ю
Сан кхелан-тоьрмиг.
ГIебартойн махкара
Ялийна хIара.
Эдал
Я тIаьхьа висна те,
Халкъаца воцуш,
Я хьалха ваьлла те
Массарел со?
Нахана мегаш дерг,
Ас схьа цо лоцу.
Берана гуш дерг а,
Суна ца го.
Букъарш
(шен буйнара боца сара Эдале а кховдош)
Хьо тIаьхьа кхиийта,
Сайн кхело йина,
ХIара жима дин-бекъа
Ло аса хьуна.
Эдал
Нийсаршна, мехкаршна
Со хиета Iовдал,
Ткъа, дас соь кхиетаме
Хьиехар ца до.
Цкъа Нажа вара сан
Эшначохь гIортор,
Цо соьга олура
Дог цIена дош.
Букъарш
Нажаъ ас лоруш ву
Сайн цIийнан хьалхара.
Эдал
ХIуммаъ дац, ца хила
Мегий и-м иштта,
Цхьаъ хир ву дуьненчохь
Сох кхета стаг.
Эрна дац тахана
Шовданан йисттехь
Селахьатах бIаьрг кхетча
Лазийна дог.
Букъарш
Дера ю Маьлх-Аьзни
ВорхI ломал дехьа.
Эдал
ХIан-хIан, и яцара
Цхьаннех а тера.
Тамаш, и кхиънехь
Кху лаьтта тIехь.
Цуьнан аз хIинца а
Дека сан лерехь.
БIаьргаша вагаво
Хоьтуьйтуш эхь.
Букъарш
ХIараъ сайн тобанах
ДIатоха веза ас.
Эдал
Дерриг а кIеззигниг
Дицло и йолчохь-
-ЦIеначу ойлано
ДIалоцу корта.
(Гучуволу Оьздамар. Охьахуу).
Оьздамар
(жимма Iийна).
Мичхьаша лийли хьо?
ХIун ду дуьненчохь.
Эдал
Акхаройн некъашца
Лийхира суо.
Оьздамар
Гин хьуна цхьа а?
Эдал
Генара совдегар вара схьавогIуш.
Оьздамар
Кхерийна сай санна
Къаьхкина хир вара хьо цунах.
Эдал
ХIунда? ВогIура иза шен новкъа.
Оьздамар
Ха дарий цуьнца?
Эдал
Дацара. Ша вара иза
Мухь бахьаш ши бIарза а йолуш.
Оьздамар
ХIун ийци ахь совгIатна хьайна.
Эдал
Талор дан йиш ярий сан?
Оьздамар
Ткъа цара вайна дан мегий?
Эдал
Ас сацо безий уьш?
Оьздамар
Лелийта, ялийта ял…
Куьйрано стиглара охьа
Беъна бу-м ца моьтту хьуна
ХIара вайн берриг а бахам.
Иза а, адамийн ларам
Даькхина аса кху куьйгаца
Ирачу, болатчу туьраца.
Эдал
Ца кхиета, ца кхиета
Кху нахах со.
Виен везаш хилла те
Ас некъахо?
(юха а гучуволу Букъарш)
Букъарш
Хьо нахах ца кхиетахь,
Схьакхиета сох.
Оьздамар
Адамаш ницкъо бен кхетош бац.
Дашца уьш ахь цхьа а Iиехор вац.
Эдал
Схьадаккха диезна те
Цуьнгара нуьцкъах
Шена цо гулдина
Дуьненан рицкъа?
Букъарш
Кхечара-м доккхур ду,
Шайн аьтто балахь.
Оьздамар
Баьпкан мехах кхиетар ву хьо кестта.
Диезар ду хьан лаьтта охьавосса.
Къелла йовза ца лууш хьо велахь,
Диеза даим тур дерзина лиело.
Эдал
Кхин дара, нагахь и
Герз карахь долуш
ТIамца тIегIоьртича,
Со кхеравеллехь.
ТIаккха со ма лара
Цхьаммо а къуонах
Валийта, дIахервай,
Мискачу къеллехь.
Къу хила ма ала соьга.
Оьздамар
Сацийта, зуьда-кIеза,
Сов шера ву хьо.
Хууш вац, хьо хьанах
Схьаваьлла, со…
* * *
Ямартло
Хьуьнан ирзу. Къеначу кхура кIелахь Iаш ву Тапий, Куьйрий. Цу шинна хьалхахь Iохку гали а, тоьлсаш а. Сихвелла царна чуьра кIадеш а, дато пхьиегIаш а схьайохуш, уьш йоькъуш воллу и шиъ.
Тапа
Хара дари тоьур ду
ТIаьхьарчу тIаьхьенна.
Куьйра
ТIаьхьено-м шен гIайгIа
Бийр бара ша.
Тапа
ХIара муха йоькъу вай?
Куьйра
И Iуьллу машин туп
Юьтур ю хьуна.
Ткъа хIара кийсик ас
ДIаюьллу сайна.
(дарин туп гали чу юьллу).
Тапа
Нийсо яц ахь лелорг.
Куьйра
(виелало)
Ма элира-кх ахь и,
Ас хьалха а ваьлла,
Цу эрмалочуьнгара
Озийна ца яккхийнехь,
Хир ярий хьуна
ХIинца хьайна кхаьчнарг а?
Тапа
Мегар ду, мегар ду,
Екъал кхин дIа а.
Куьйра
ХIара кад а хьуна бу,
Чорпа а муьйлуш,
Iийр ву хьо, сан ваша,
Со дага лоьцуш.
(шена дато гIумгIа дIаюьллу).
Тапа
Ма кхиеравелера
Декъаза эрмало.
Куьйра
(велало)
Хаьара ас шиегахь
ХIоттон долу хьал.
И, «иъ-миъ», аьлла,
Вистхиллехь,
Садоккхур долуш,
Вара со боьхачу,
Iаьржачу жIаьлин.
Тапа
Куьйра, хIара хIума
Йитахьа суна.
Куьйра
ХIун ю и? Схьагайтал.
(Тапас дIагойту чIурам чухIоттош йолу хIума. Куьйра
велало).
Кхунах хьо хIун дан воллу?
Тапа
Хьалдолчу Барзин чохь
Пенаха йохкуш ю
ХIара санна хIумнаш,
ЧIурамаш дагош.
Куьйра
Хьо Барзах ваций кхин?
Делахь а йита хьайна.
Чоь серла а яьккхина,
Чорпин кад мер бу ахь…
ХIара суна дика ю.
(кхин цхьа хIума а дIалачкъайо).
Тапа
Кху чохь-м хIара а хилла.
(гали чуьра жима куз схьабоккху).
Куьйра
Схьагайтал. Кхин буй цу чохь
ХIара санна куз.
Тапа
(гали охьадерзадой ластадо).
Кхин бац.
Куьйра
(ойлане)
Кхунна хIун дийр дара?..
Бекъа беза хIара
Сан шаьлта аьрта ю,
Схьалол цкъа хьайниг.
Тапа
(шаьлта дIакховдойо).
Куз муха боькъур бу?
Куьйра
(куз дIа-схьа хьийзош).
Пурх бекъа мегар дац.
Йохалла бекъа…
(куз тIе охьа хоу).
Жимма садоIур вайша…
…И бIарзаш йоьхкина деши
мичахь ду, ва Тапа?
(Тапас четара схьадоккхий дIало бохча).
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ!
Пхиъ бен ца делира цо?
Тапа
Хьо вацара соьца?
Куьйра
Мах бан ца хаьа хьуна.
Дика ладогIалахь.
Ткъа кхо деши – хьан ду.
Ткъа и Iуьллу ши деши а,
ХIара куз а сан бу.
Тапа
(ирхкхоссало)
И хIун ду ва Куьйра
Ахь лелош дер?
Со Iадда мел Iийна
ТIехволуш воллу хьо-м.
Пхи деши-м цу кузах
Шех а лур ду.
Я деши, я куз
Цхьаццане кхочу.
Куьйра
(хьалаэккха)
Кхин къамел ма делахь
Хьан ворхIе да а
Ца лелла, кху тайпа
Куза тIе хуьйшуш.
Тапа
(хьалаэккха)
Сан ворхIе да-м
Хьайначарал оьшуш
Ца хиллера цкъан а.
Гехь хьаьмцаш кхоьхьуш
Лелла хьан дендан
Ца вицвелла нахана.
Куьйра
Кхин цкъа а ала ахь.
Хьан ден неIалт хиларг.
Тапа
Дена а, нанна а
НеIалт а хуьлда хьан.
И тайпа къамелаш
Соь ца ден делахь.
(шаьлтанах ка туху. Еса ботт а карайой, дIасахьаьвза).
Куьйра
Ас ворур ву хьо хIинца!
(Тапин шаьлта схьа оьций цунна чухьоду. Ирзу тIехь гучуваьллачу Эдала, тIекхетий пхьарс а лоций, сацаво Куьйра).
Куьйра
ДIахиеца! ДIахиеца!
Хьан дена неIалт хилар.
Эдал
(пхьарс Iовдий, Куьйрин буйнара шаьлта охьа а йожайо)
Ас иштта сацор ю
Хьан дIаьвше бага.
(буй тухий тIехьа лаьттачу кхурах дIалатаво. Куьйра меллаша кхураца охьавоьду. Тапа шен шаьлта схьа оьций дIахIутту).
ХIун ду аш къуьйсуш дерг?
ХIорш мичара евлла?
Цхьа миска дакъаза
Ваьккхина-кха аша.
Тапа
Даима массара
Лиелош дерг ду-кха
Охашиммо динарг…
Хьо а декъа воуьйтур ву,
ТIеIоттаваларна.
Эдал
Шун хIоьскаш ца оьшу суна.
Сайн даьхни кхиийна,
Дебийна жа,
Цунах ас оьцур ю
Оьшуш ерг сайна.
Цу кескех, цу пхьегIех
Шу даха ховша.
Тапа
ХIонц ю хIара. Совдегар
Вегийра охьашиммо.
Эдал
Шуна бакъо хьан елла
ХIара болх лело?
Тапа
ХIун бакъо юьйцу ахь?
Хьо лартIехь вуй?
Куьйра
(ша Iаччура жимма метта вогIий)
Ахь хIун дей, хIай къуонах.
Хьайн гIуллакх доцчу а,
Ца гIиерташ хIинца,
Хьайн ваша вийначун
ЧIир иэца цIийца.
Эдал
Хьоь кхочуш хIума а дац.
Ас айса къастор ду
Вита виезахь вита а,
Вен виезахь вен а.
Иза сан карахь ву.
(ластайой чхарах тухуш шаьлта кагйой дIаволало).
Куьйра
Иштта тхан а дар-кха
ХIара гIуллакх тхешан.
Хьайн новкъа дIагIохьа
Тхойшиъ а витий.
Эдал
ХIун дуьйцур ду шуьца,
Декъаза пекъарш.
Куьйра
Хаалахь готта ду
Ламанца некъаш.
(Охьахоу. Схьаккхойкху Тапига).
Схьавола. Бегаш бора ас.
Тапа
И тайпа бегаш со оьшуш вац.
Кхуза цхьаъ вогIуш ву.
(ший а хьалагIотту. Гучуволу Iусам. Яржийначу хIумнашка хьожий, охьахуу кхура кIел).
Iусам
Хьеха чу дIавигний ахь иза?
Куьйра
Вигира.
Iусам
Юха а берийн гIуллакх долийна аш…
Катоххий цIа а хьой, къайлаяха…
(Куьйрий, Тапий сихонца хIуманаш галеш чу йохка волало).
Дика ду шуьшиъ цхьаьна волуш.
Ирча кхаъ хезна суна.
(шиммо а леррина ладугIу).
Оьздамар ву, боху,
Вита гIерташ Маьхьта.
Тапа
Дика дац и? Хууш ду, бехкен и воцийла.
Iусам
Жима ву хьо,
ХIораннах а тешаш,
Ткъа гIуллакх-м ду хоьх а хьакхалуш.
Тапа
ХIун дина ас?
Iусам
Яндаррий, Маьхьтиний санна
Селахьат езарна хьуна.
Ткъа иза-х цу шинна а
ЦIийнах тIехъяьлла товр яра
Хьан да Iабди волчу кертахь
Нус хилла хьийзаш.
(Тапа лаьтта хьоьжуш соцу).
Iусам
Хууш ву со хиллийла хьо лиелаш
Иза дагахь, кхаччалц ирча де.
Нагахь Маьхьта паргIатвалахь кхелах,
Диезар ду хьан йицъян цуьнан цIе.
Куьйра
Алахь, дада, хIун дан деза оха?
Iусам
ХьагI бахьана долуш, Маьхьтас Яндар
Вийна хилар аша бакъдан деза.
Куьйра
Иза гина цхьа а адам дац.
Iусам
Ткъа ган тарлуш дара.
Тапа ша а хила мега и.
Хьайн ирс нехан кара ма дахийта.
Готта бу некъ ирсе вуьгуш берг.
Тапа
Ямартло ас цкъа йийр ма яц.
Iусам
Даим бала хьоьгуш лелар ву.
Куьйра
Со хьожур ву кхуьнан гIуллакх дан.
Iусам
Шуна гира талла ваханчохь
Маьхьтин, Яндаррий цхьаъ къуьйсуш воллуш,
Ткъа Маьхьтас, ша оьгIазваханчохь,
Мажар тоьхна Яндар вожийра.
Кхетий шуьшиъ?
Куьйра
Кхета. Иза оха бакъдийр ду.
Iусам
ТIаккха дерриг меттахIуттур ду.
Эдала шен ваша вийнарг вехь
Тапа ,хьуна нускал кхочур ду.
Же, катохий, и бакъболу кхаъ
Массанхьа а дIасакхачабе.
(Тапий, Куьйрий галеш а оьций къайлаволу).
Iусам
(куьгаш хьекхош)
Оьздамар, кханене ладиегIа!
Кечдеш ду цIий Iаьнна шун.
Кескаш еш Эдалан дегIах
Маьхьтас хIу кхачор ду шун.
ДIабовр бу кхерч цуьнан. Шен
Дукха дац дисина денош.
Цул тIаьхьа лулахо санна,
Гергара со хилар лоруш,
Со цхьаъ бен да хир вац
Цу берриг бахаман.
Оьздамар вицлур ву нахана…
…Маьхьтий, Тапий ши мостагI хир ву.
Цул тIаьхьа…Гойтур ду хено…
Iабдин хIун цу Тапех дозу.
Виъ кIант ву
Лардийриг Iусамин сий,
ХIорангахь кхиехка
Сан карзахе цIий!
***
Доццачу дахарехь
Катоха, яккха!
Дузаде сутара геш!
Дуьзначу кисанахь
Меттиг ца тоарх,
Ма хеца буйнара шай
Иштта дуй техьа и?
Хиндолчо хIун боху?
Хиндерг
Цхьаьна а заманчохь
Дуьненан дохно
Вина вац стаг воцчух къонах.
Сонталло йоьттина
ГIаланаш йоьхна.
Дикалла ю даим къона.
* * *
Питана
(Оьздамаран хIусамехь. ХIусамда ойланашка вахна истангаш тIехь Iаш ву. Чоьхьаволу Идарзий, Iабдий. Оьздамар хьалагIотту).
Идарз
Оьздамар, доьху ас хьоьга,
Вайн зама чекхйолуш йоллу,
Тахана хиндолчун ойла
Ян еза. Хьайн сийдеш,
Адамаш лоруш,
Маьршачу дахарна бакъо а юьтуш,
Гечдехьа Маьхьтина.
Тоьур ду цIий! Нехан тоба
Хьан уьйтIахь сужданехь лаьтта.
Валахьа ара!
Оьздамар
Харцонна айса со Iехийна,
Къобалвеш адамийн тобана,
ЦIан муха лур вара теша,
Шеконаш, сан деган лазар,
ДIадала гена. – ДIавало Идарз
Со араволу.
(вехьа а вехьаш чуэккха Iусам).
Iусам
(куьйгаш а даржош)
Собарде, Оьздамар!
Оьздамар
ХIун хилла? Бос баьхьна ма ву хьо.
Iусам
Бахьа ас цхьа ирча кхаъ.
Оьздамар
Дисна техьа кхин а къаьхьа денош.
Моьттуш вара со – Iожалла бен
Дуьненчохь сан кхин мостагI ца висна.
Iусам
Охьаховша, дерриг дуьйцу ас
Iабди, хьо ву и? Суна дика хета
вайн бераша доттагIалла лелош.
Iабди
Вайшиннел бен вовшех тера бац
Цу уьйраша сан ойла ца хьоьсту.
ХIун деи ахь? Схьадийций вала.
Iусам
Сихвеллера ца алийта гIерташ
Оьздамаре Маьхьта вуьтуш дош.
Сан ваша, и лан йиш йоцуш ду.
Оьздамар
Хала веъна со цу зила тIе.
Идарз
Иза юха дийца оьший те?
Чекхдаккха вай хIара гIуллакх.
Iусам
Сайн хуург, хезнарг ас дIабоху.
Хьайна луъург дан хьан карахь ду.
Бакъдолчунна къовлалур яц неI.
Ларамаза ца вийнера Яндар.
ХьогIо бIарзвеш, карзахдаьлча цIий,
ДоттагIалла, сий дицдина Маьхьтас,
ЙоI бахьана долуш вийна и.
Iабди
Бакъ дац и, Iусам. Дита
Ца даржош и эладита.
Iусам
Хьан кIант Тапа хилла цунна теш
Хьуьнхахь Маьхьтин керах Яндар леш.
(неI дIайоьллий, мохь туху)
Схьачувола. Дийца гинарг шайна.
(чоьхьаволу Куьйрий, Тапий).
Оьздамар
(оьгIазе)
Вистхила!
Куьйра
(шек воцуш)
Сарахь тхойшиъ ирзун йисте кхочуш,
Шиннан чIогIа къамел дара хезаш.
Юххе хилча ши иччархо волчу,
Юьйцург яра башха йоI Селахьат.
Шек воцуш лаьтташ вара Яндар.
Амма, Маьхьтас дагахь доцург дира,
ЦIеххьана цо тIеерзийра мажар.
Оьздамар
ХIа-а-н! Яхийта кхузара
Массара, массара!
Идарз
Уьш аьшпаш бу. Гирий хьуна, Тапа?
(Тапа вист ца хуьлуш лаьтта. Iабдис хьалаойий кIентан коьртах туху шен карара Iаса).
Iабди
Яхийта кхузара, гирзийн тIуьйлиг.
(Тапа чуьра араэккха).
Оьздамар, и бакъ дац, хьуна.
Iусам, хьо жимаъ вацара.
Дуьненах хIун хуьлуш лаьтта.
Идарз
Оьздамар, цу хабарх ца теша хьо!
Дицде и, ара а валий,
Нахана лохьа хьайн жоп.
(чоьхьа волий, неIарехь соцу Эдал).
Оьздамар
ХIара ду кхийринарг со.
Идарз! Iабди!
Шуьшинна гуш ду
Тахана сан и дош дала йиш яц.
Цхьаннах теша меттиг а сан бац.
Сан кIант вийна.
Цуьнан сино кхойкху.
Нехан бIаьра хьажа
Юьхь а юьтуш,
МостагI виере.
Вай массо а цIанвеш,
Хир ду Маьхьтин валар.
И ю кхел!
(пенах кхозу мажар схьаоьций Эдале дIакховдайо).
Вало! Лаха!
Цуьнан корта боцуш,
Суна дуьхьал
Кхин ма хIуотталахь!
* * *
Вовшийн ца эшалуш,
Шеконаш къийсало
Готтачу кийрахь.
Малх хьожуш, дохк хьуьлуш,
Дукхаза хийцало
Декхначу дийнахь.
Мичахь бу нийса некъ?
И гинарг мила ву.
Мацах я хIинца?
Хиндолчух хьажарх чекх,
Юха а тилаво
Харцонан цинцо.
* * *
Цхьа шо даьлча.
Юьртан майда. Геннахь гуш лаьмнаш ду. Го бина Iаш а, лаьтташ а ду адам. Зударий цхьана агIор лаьтта. Аьтто агIор кечйина айаелла меттиг ю. Къаной бу цигахь Iаш. Лахахьа хевшина Iа кхиболу баккхий нах. Даар-малар ду царна хьалхахь лаьтташ. Царна юккъехь гуш Оьздамар а ву. Къаношна юккъера хьалагIотту къануо Идарз.
Идарз
Вай цкъа а дицдийр дац
Дайх дисна ламаст.
Тахана бIаьстенан
Кху дезчу денца
Декъала хуьлда шу,
Ткъа къена лаьмнаш
Теш хилла лаьттийла
Шун къонахаллин.
Къонахчо даима
Сийдина ненан,
Йиша а, зуда а
Лерина вай.
ХIинцалц а санна,
Ю харжа езаш
Хакъ йолу хаза йоI
Вайн «Мехкан нана».
Мила ю гIиллакхца
Юьртахь цIе яхна?
Ткъа хьенан хазалло
Дог хьоьсту вайн?
Даггара къобалъеш,
Хоржур ю тахна
Халкъо цIе яьккхина
Йолу йоI вай.
(Маьхьарий хеза: «Селахьат!», !Селахьат!», «Селахьат!» Идарз къаношкахьа воьрзу. Цара резахьулий кортош таIадо. ЙоIе тIекхойкху. Зезагийн кочар уллу Идарза цуьнан коча. Къаной Iачу меттигна дуьхьал нислуш кечйина йолчу метте дIахьажайо йоI. Селахьата шен меттиг дIалоцу. Цу хенахь юккъерачу майдана схьагуллой, дIахIуьтту кечбелла кегирхой).
Идарз
Къанъеллачу ненан
ХIусамехь кIант оьшу.
Тайпана оьшуш ву
Яхь йолу ваша.
Дерриге халкъана
Массо а дийнахь
Эшна ву, оьшуш ву
Тешаме гIарол.
ХIинцалц шу кхиийна
Наноша, дайша,
Сатуьйсуш, шух хилла
Къуонахий ган.
Хьовсур ду тахана:
Мила ву тIамца,
Дин хьовзабарца а
Хьуьнаре кIант?
Хьовсур ду: Муха ю
ТIекхиъна тIаьхье?
Кхочуш а далур дуй
Декхараш бIаьхойн?
Нийсачу къийсамехь
Хуьлда шун аьтто!
Дала шу массеран
Лоцийла гIо!
(Шатлакх хеза. Идарз охьахуу. Юкъаволу човс).
Човс
Ши тоба а хилий,
Декъа а лой,
Хьалхарчу тобано
ДIахахка дой!
(Цхьа тоба дIа йоьду. ДIахаьхкинчу говрийн бергийн тата хеза)
Хьовсур ду герзаца
Мила ву каде.
Шиъ юкъа валал цкъа
Кху майданна.
(Туьраца беакIов сиз хьокхуш, майда билгалйо. Шиъ таррашца вовшахлата волало. Уьш ира-кара хIиттош маьхьарий детта наха. Цхьаъ сизал арахьа воллушехь, човсо куьг ойбу. Арахьа ваьлларг эшна лору. Кхин шиъ а юккъе волу. Цул тIаьхьа цхьаммо мохь туху: «Хьаша ларварх ловза!».
Човсо туьраца го боккхуш сиз хьокху. ГIожа тIехь буйнаш докхуш кхаж тосий, «хIусамда» хоржу. Иза гонна юккъе охьахуу. Юьстах а бовлий юха а кхаж тосий «хьаша» хоржу. Иза а «хIусамдена» юххе охьахоу. Човсо куьг ластадой ловзар долало. Гондахьарчара куйнаш детта хьешана. ХIусамда цунна куй ца кхоьтуьйтуш и ларвеш хьийза, куйнаш арахьа а кхуьйсуш. Маьхьарий хеза: «Ларве хьаша!», «Хьо вон хIусамда ву», «Ахьа стаг кIелхьара воккхур вац»)
(шен «говрахь» хьийзаш Букъарш а ву)
Майданехь гучуволу бIаьрзе илланча ГIонта. Цунна хьалхаваьлла ву шийтта-кхойтта шо долу кIант.
ГIонта
Ассалам Iалайкум!
Де дика хуьлда шун,
Сий долу къаной!
Тахана санна а
Хуьлда шун кхание!
Идарз
Ва Iалайкум салам!
Вехийла дуккха хьо,
Яхь йолу ГIонта!
Алахьа тахана
Самукъне илли.
(Ниха чу дуттий, маIа кховдайо ГIонтига)
ГIонта
Нийса кхел лиелочу
Къаношна тIера,
Кхерчахь цIе ларъечу
Наношна тIера,
Майралла къуьйсучу
КIенташна тIера,
КIенташка хуьйсучу
Мехкаршна тIера,
Шун бIаьргаш хьоьстучу
Серлонна тIера,
Молу ас тахана
Шуьца хIара кад.
(ДIамолу. Маьхьарий хеза: «Йойт гора кIант-яI!» ГIонтас, шен дечиг-пондур кара а оьций, илли олу).
ГIонта:
Буьйсанна хан яьлча
Буьйса юкъал тIехъиккхича,
Леча цIевзира, бах,
Массо а маьIIе хьийзаш,
Леча цIевзира, бах,
Массо а маьIIе цIогIа детташ.
Цунна дуьхьал дистхилира
РегIан кIайн куьйра.
Дуьхьал цIогIа туьйхира
Цу регIан куьйрано:
«Ламанах ва дуьйлуш,
Аренан олхазарш,
ЦогIанца самадохуш,
И хьуьнан акхарой
Маьхьарца самадохуш,
Хьо хIунда цIийза
Ламанан хьо леча?
Хьо хIунда тийжа
ТIам Iаьржа хьо леча?
Буьйсанна хан яьлча
Хьо хIунда тийжа,
Де дуьзна дахча?»
ТIаккха дистхилира, бах,
Ламанан и леча,
ТIаккха цуьнга элира, бах
ТIам Iаьржачу лечано:
«Со дера цIийза,
РегIан кIайн куьйра,
Со дера кхойкху
РегIан кIайн куьйра,
Букъ сийна догIу Терк
Вайшинан доза ду бохуш,
Юьхь сийна хIутту Терк
Вайшиннан юкъ ю, бохуш».
Цунна дуьхьал цIевзира, бах,
РегIан и кIайн куьйра,
Цунна жоп делира, бах,
РегIан кIайчу куьйрано:
«Ахьа доза ма детта.
ХIай ламан ва леча,
Ахьа доза ма детта,
Хьо кура ду, бохуш.
Бакъ ма ду, ламанан хьо леча,
Ийдалал лахо хьо дуьйлуш,
Ижонна хьо лиесташ
Кхин лиеларг ца хилар, хьо леча».
ТIаккха цIогIа туьйхира, бах
Ламанан цу лечано,
Дуьхьал цIевзира, бах,
Курра каден и леча:
«РегIан кIайн куьйра,
Дагца йина чIагIо ю сан,
РегIан кIайн куьйра,
Хьоьца дан къамел ду сан…
Ламанан сос бууш
Соьлжан хи ва муьйлуш
Хьуьнан кIоргIе ва буьйлуш
Ша гIийла ва цIийзаш,
Басна та ва белла
Къоркхойкха ва санна,
Хьох нускал ва дина,
Хьо къиге маре дала.
Кхин хьо дист ма хилалахь
ХIай регIан кIайн куьйра!
Кхин хьо схьа ма цIовзалахь,
РегIан хьо кIайн куьйра».
(Илли олучу хенахь а хеза маьхьарий. Гучуволу Эдал. ГIийла
Iачу Селахьатан бос хийцало цунах бIаьрг кхетташехь. Эдал
юьстах сецна лаьтта. Оьздамарна юххехь Iаш ву Iусам .)
Iусам
Массо а кегий нах
Дог айаделла,
ТIахъаьлла хьийзачохь
Юьстах а ваьлла,
ХIун эхь-бехк ду техьа
Эдала лелорг?
ХIунда ца гойту цо
шегара хьуьнар?
Оьздамар
Сакъерале хьалха
Дан дезарг кхин ду.
Iусам
Дан лууш волчуьнан
Аьтто а хир бу.
Оьздамар
Хьанна хаьа хIун дина
Кхечи и хIинца.
Кхайкхал цкъа цуьнга схьа
Хоттур ду вайша.
Iусам
Схьавола хIоккхуза, Эдал!
Эдал
(тIевогIий)
Де дика хуьлда шун.
Шу декъала хуьлда.
Iусам
Диканца дуккха а
Вехийла хьо а!
Оьздамар
Дийцал цкъа мичара
СхьавогIу хьо?
Эдал
ЧIажа бертте кхаччалц
Некъ бира ас.
Оьздамар
Далийна хир ду ахь
ГIебартойн дой.
(Эдала корта ластабо)
Дуьхьал стаг кхийтирий
Цхьанхьа а хьуна?
Эдал
Гира суна кIира хьалха
Вайн ведда лай.
Оьздамар
Чуханца лаг къуьйлуш,
СадаIа ца юьтуш
Ялийна хир ю ахь
И боьха хIума.
(Эдал вист ца хуьлу)
Iусам
ХIуммаъ дац. Кхетар ву,
Шена цкъа кхетча.
Дахаро эккхор ю
Декъаза ойла.
Оьздамар
(оьгIазе)
ДIавала кхузара,
Нах а ца бийлош.
Къонахийн меттигехь
Бераш ца тов.
(Эдал дIавоьду. «Говрашкахь берш богIуш бу»,-- олий маьхьарий хеза. Массо а цу агIор дIавоьрзу.)
ГIенан кхоьлах
Хьуьнан ирзу. Кхура кIелахь вижна Iуьллу Эдал. Цунна гIан го: … Хезаш олхазарийн эшарш ю. Уьш хедош, геннахь мажаран татанаш хеза. Цхьа хан яьлча, леста а лесташ гучуволу дархо. Цуьнгахь герз дац. Корта а, маж а яьхъелла цуьнан. Бедарш цIийх юьзна а, эттIа а ю. Къеначу кхурах куьг гIортийна соцу иза, охьавужу. Цуьнан узарш а хезий, Эдал хьалаэккха.
Эдал
Мила ву хьо, адам?
Мичахь ву ала.
Дийр ду ас хьуна гIо.
Боькъур бу бала.
Маьхьта
Кхуза схьаверзахьа,
Ца вевза къонах.
Хьо хьенан, мила ву
Дийцахьа суна.
(Эдал Маьхьтина тIевоьрзу. Охьалахло)
Эдал
Оьздамар ву сан да.
Сан цIе ю Эдал.
(Маьхьта ша Iуьллучохь тохало)
Маьхьта
Хи хилча, цкъа Iаббалц мала…
Яндар! Хьан са мичхьа лела?
Сан карах хьо велла боху.
Со а дIакхета хьан сих.
(Эдал хьалаэккха)
Эдал
Ца хаьа, хьан баьхьна
Хьан синтем суна.
Маьхьта
Эраша лоьхкучу,
Экханах тарвелла,
Миска са дадийна
Суо лиелачул а,
Ма атта дара суна
Яндаран метта
Суо велла хиллехьара…
Эдал
ТIаккха кIезиг ирсе со хир вара.
Вовшех хьиега меттиг болуш вац.
Цхьаъ ду вайшиъ хьийзош долу дарц.
Маьхьта
Адамех хервелла, кхин кхерч а боцуш,
Де-буьйса далале уьттаза леш,
Лиела ма хала ду, дийна а воцуш,
Даима ша-шеца къамелаш деш.
Iожалла уьду сох – со цуьнах уьду.
Iожалла лоьху ас – ца карайо.
Эдал
Вистхиларх а хьаам хилла хьуна,
Iилла хьайна, со дIавоьду хIинца.
(Маьхьта текхий кхура юххе а воьдий, цунах букъ тухуш охьахуу)
Маьхьта
Собар. ДIа ма гIо.
Иштта меттиг вайна
Атта нислуш яц.
ТIаьххьарчу Iазапах чекхваккха со
Сама ца ваьнволчу набарна вожош.
Кхочуш де хьан декхар –
Яндаран чIир екха,
Бехкен со вацахь а.
ГIолехь ду валар.
Эдал
Нагахь ас хьо вийча,
И денлург хилча-м…
Маьхьта
Ву хьо сов къамелна тIиера.
Къонахехь кIедала ца тов.
Вие со я хьуо хIаллакво ахь.
Эдал
Дийр дац ас иза!…
(юханехьа волало)
Маьхьта
Яндар вара бакъволу къуонах.
ХIонце тхо дукхазза лиелла.
МостагIий хIаллакбеш къиза
Йойура хьогалла оха.
Дуьххьара дерриг а хала ду.
Амма цIийн хьожано,
Цуьнан алун басо
БIаьрса дойуш,
Ойла яхаеш,
Лоьмал майра
Вина хIоттор ву хьо.
Атта ду дерриг а.
ХIан, вала тохий!
Эдал
Сацийта! Хьо мел боьха хIума хиларх,
Ас ца туху хьан кхиелана зил.
Маьхьта
Кхин болчарал боьха со ца хилла.
Дахар ду и: ахь ца вехь, хьо вуьйш.
Эдал
Декъаза де ду хьоьхь,
Чевнаша хьийзош.
Хьуна и болх бинарг
Ца вевза суна.
Ткъа хьоьца нисвелла
ХIун дуьйцур дара?
Хьо валарх, Яндаран
ЧIир нислур ярий?
(дIаволало)
Маьхьта
Кху чевнех кIелхьара
Валар ца хуьлуш,
Сан кхалхар нисделча
Дуьсур ду шу,
ЧIир йиекха стаг воцуш.
Эдал
Кхиерам бац валаран
Хьо санна вериг.
ЖIаьло а ерзайо
Мотт хьоькхуш чевнаш.
Делахь а хаалахь
Кхин дуьхьал кхиетахь,
Герз карахь хьо хилахь,
Кхоор вац хьо.
Маьхьта
Ша мохо, гIаш лиестош, цаьрга ца алахь,
Хуур дац цхьанна а чекх муха баьлла
Къизачу дахаран сан боца некъ,
Хьан лараш дIайойуш доьлхур ду догIа.
Хьур ду ахь хьайн дена сов деза совгIат,
Дитина сан дакъа кху басахь Iилла.
Эдал
Къийгана массо а
Къийгаш ю моьтту.
Лоьмана чангIалкхах
Тарлур ду лом.
Ахь дендерг наха а
Дийр ду ма мотта.
Хьо санна со хиллехь,
Ас, оццул дах ца деш,
Хьажийна хир вара
Хьо кхечу дуьнен тIе.
(Маьхьта хьалагIатта тохало, юха а охьавужу)
Маьхьта
Ма дахде хьайн къамел,
Стаг вац хьо, Эдал
Сайн аьтто баьллачохь,
Вуьйр ву ас хьо.
Ткъа цунах хьан дена
Хетар бац эшам.
Эдал
Сан собар чIогIа ду.
Юха а гур ду вай.
Тешнабехк а боцуш,
Нийсачу тIамца,
Ницкъаца, герзаца
Дуьйцур ду дош.
Декар ду тIаккха хьан
ТIаьххьара аз.
Дезар ду дIакъаста
ДегIаха син.
Ирачу туьраца
БоIур бу ас
Ямартчу ойлано
Болийна шин.
(гучуволу Куьйрий, Тапий)
Куьйра
И цуьнга дог дохуш-м вац?
Тапа
Тера ду. Маьхьта цIех вуьзна.
Куьйра
Амма Эдал цIена ву. Вегавеш лаьтта.
ХIун до ахь? ТIетоха, тIетоха, хIай!
(Эдал цаьргахьа дIавоьрзу. Массо а агIор гучубовлу: Маккхаллий, Букъаршший, юьртахой. Маьхьарий: «Вара и. вара!» Гучуволу Нажа. Эдал цуьнгахьа воьрзу, амма Нажин юьхь меттаххьовш яц. Гучуойлу Селахьат. Цуьнгахьа туохало иза. Селахьат а йист ца хуьлу)
Эдал
(Мохь хьокхуш)
Собар де! Сацийта гIовгIа.
Со чалтач я хаспанча ма вац.
Шу адамаш дуй техьа?
Ца кхиета со.
(тоба кхунна го бан йолало: маьхьарий: «Иза хаспанча вац», «Иза чалтач вац», «Иза малик ду», «Иза бер ду». Тоба йоьлу. Ирча белар…белар…белар…ГIан дIадов. Эдал шийлачу хьацарлахь хьалаэккха. Юххехь хезаш ду говран терсар)
Эдал
Набаро синтем ца ло.
Дахаро, замано боху,
Бекхаме массо а кхойкху,
Яц соьгахь бекхаман алу.
Мила ву кху чкъоьргахь воллург?
* * *
Кхо аз
Хьо адам, адам ду
Хьайн сийлахь цIе
Ларъян хьо даима гIерта,
Ца хуьлуш харцонца,
Кеззигчу лаамца бертахь.
* * *
НеIалт
Оьздамаран бIаьвнан уьйтIе. РагIун кIелахь хиъна Iаш ву хIусамда. Юург а яхьаш, гучуйолу зуда. Оьздамарна хьалхахь лаьттачу кхаакогарчу стоьл тIе охьахIоттадо цо текх. Цу чохь сурила а, ю ниха а чохь лаьтташ. МаIа юьззина ниха дIа а молий хIума яан волало Оьздамар. Зуда дIанехьо соцу.
Оьздамар
Хааеллий хьуна
И боьрша хIума?
Зуда
И цкъа ца воьду
Цхьаьнгге а хоттий.
Мажар а эцна
Расхачу динахь
И кеха ваьлла
КхозлагIа де ду.
Оьздамар
Мегар ду, тIаккха-м.
КIант лиелаш товш ву.
Хьоь хатта оьшуш
ХIуммаъ а дац,
Хьажа хьайн гIуллакхе.
(Зуда дIайоьду)
Оьздамар
Декъаза ваьккхи со
Къеначу Нажас,
Цу кIантах кхиийна
Цхьа буьйда гIабакх.
Пхоьхана вала а
Юьхь йоцуш лела
Деза те тахана
Къанвеллачу дийнахь.
Со лиелла вацара
Наха пIелг хьиежош.
ТаIо ца дезнера
Цкъа а сан корта.
Со нахах кхаьрдинарг
Сайна тIе доьсси,
Хилла и тIекхочуш,
Кхочур дац муоттарх.
(УьйтIа вогIу Эдал. Нуьйр хьостамах хьалауллу. ГIеххьа бос баьхьна ву иза)
Оьздамар
Мичхьаша лийли хьо?
ХIун дуьйцу наха?
Ма атта ду хьуна
Цу тайпа ваха.
Эдал
Геначу лаьмнашкахь
Юкъачу хьаннашкахь
Экханан лар толлуш
Лийлира со.
Оьздамар
Ткъа хааделарий
Шинакоган экха?
Эдал
Гира суна…
(бIаьргаш охьахьажадо)
Оьздамар
(мохь тухуш)
Мила гира?
Эдал
Инзаре гIан гира суна,
Ирзу тIехь со агIор ваьлча
Оьздамар
Къеначу зударшка тидийта и.
Эдал
Цу гIенхх самаха санна,
Дуьхьал кхийтира и.
Оьздамар
Мила-а-а?
Эдал
Сайн ваша вийнарг
Оьздамар
(Хьалаэккха)
Сан Яндар вийнарггий?
Мичахь бу цуьнан корта?
Схьагайта чехкка,
Суна и оьшуш бу.
Хьажийта доггаха.
Эдал
(Хьала ца хьожуш)
Чевнаша гIелвина
Iуьллура и
цхьана а тайпана
герз карахь доцуш.
Оьздамар
Ткъа а тIекхетта
Баьккхина хир бу
Боьхачу лаьхьанан
Маьттаза корта.
Мичахь бу иза –
Кхин собар дац.
(Эдал вист ца хуьлуш лаьтта)
Муха? Бац? Кхин эхь ца хиеташ,
Лаьтташ а ву хьо. ДIавала гена!
Эдал
Иза гIенах ма дара.
Оьздамар
Хилийта и гIенах.
Амма ахь вийрий и? Вийрий?
Эдал
Дуьхьало ца ялуш, халонгехь вара и.
Оьздамар
Хьо санна кIант воцуш,
ГIолехь ду вийцийтар нахе.
Хьох гIенах ца хиллехь,
Самах а къонах хир вац.
Кхин ца гойтуш хьайн сибат,
ДIавала гена…
ДIаяла хьалхара
Декъаза кIалацIола!
Тахана дуьйна со
КIант воцуш ву.
Хьо лай ву схьаваьлла
Боьхачу лайх.
Велла со велара
Хьо хуьлучул сайх.
ЦIа доцуш, кхерч боцуш,
Лоьлийла хьо,
ДIаверзо стаг воцуш
Веллачу дийнахь.
Лоьлийла даима
Барзаха угIуш,
Хьийзавеш буьйсанна
Хьайн вешин сино.
Хьо гича, бераша
КIарлагIа югIуш,
НеIалташ кхайкхадеш,
Кхуьйсийла тIулгаш!
(Некхах каетташ, Оьздамар охьавужу)
* * *
Ненах дагаялар
Адин хIусамехь. Селахьат кIудал а йохьуш чуйогIу. ДIахIоттайо. ТIаьххьий чуэккха Билкъаз. Накъост мараюллу.
Билкъиз
Гирий хьуна кесталгIа?
Селахьат
Мила?
Билкъиз
Ца хууш санна.
Оццул хьиежа а хьиежна.
ХIинца-м цхьа шо а
Ма даьллера.
ХIун боху кхуо?
Селахьат
Тхо ганза-м дикка хан ю,
Цхьа ах шо гергга.
Билкъиз
Йига дагахь вуй хIара?
Селахьат
Ахь хIун дуьйцу, Билкъиз?
Цуьнан ойла ечохь ма вац иза и.
Вийна лаьтташ ваша ву.
Цхьанхахула лиелаш
Куьг бехкениг ву.
Билкъиз
И мила ву ма ца хаьа.
Маьхьтас и дина бохург
Бакъ ца хиета суна-м.
Селахьат
Суна а ца хиета.
Амма, наха маьI-маьIIехь
Эладитанаш дуьйцу.
Бехкениг Маьхьта ву боху.
Уьш массо а кхиеталур ма вац.
Билкъиз
Эдала хIун боху?
Селахьат
Иза воккха а хилла.
Онда а ву.
Делахь а
Са кIеда ду цуьнан.
Бер санна ву.
Билкъиз
Дика ду-кх ткъа!
Хьо йиезий кхунна?
Селахьат
Йиезачух тера ду.
Бералла дагалоьцуш Iийра.
Амма хIокху адамашна
Юккъехь ваха а,
Лиела а
Хала хир ду цунна.
Билкъиз
Ткъа хьо?
Ахь гIо лаца
Диеза цуьнан,
Йоккхаен еза хьо.
Селахьат
Тхан доьзалехь со
ЧIогIачу низамехь кхиийна.
Со ца кхета цуьнан
ДогкIеда хиларх.
Са чIогIа долуш
Хила лаьа суна иза.
Массо а нохчийн кIентех
Тера вац иза.
Ца хаьа суна-м,
ХIун дича бакъахьа ду.
Суна иза кхечу кепара
Хир ву ма моьттура.
Билкъиз
Со ца кхиета хьох.
Итт шарахь кIанте а хьиежна.
Хьуна хIун хаьа,
Цуьнан са муха ду?
ХIора синкъерамехь
Ирх мажарш а,
Тапчанаш а
Кхуьйсуш,
Шаьш динчу талорех
Дозаллаш дечу кIентел,
Уьттаза сов майра а,
Доьналла долуш а
Хила мега хьуна Эдал.
Селахьат
Тапас а тергал а ца ви иза.
Жима волуш чIогIа ши доттагI
Ма вара и шиъ.
Билкъиз
Куьйра санна цхьа боьха
ХIума ю-кх Тапа а.
Массарна а иза хууш а ду,
Хьиеха ца дахь а.
Селахьат
Ца хаьа суна-м, Билкъиз.
ГIо лацахь сан.
ХIун дие ас?
(Йоьлхуш, накъостан марахьаьрча)
Билкъиз
Собар дие, сатедие хьайн.
Эдал кхиечарах тера вац.
И дика ма ду.
Селахьат
ХIан-хIан, Билкъиз.
Иза вуон ду.
Кхиболу кIентий санна
И велахьара дика дара…
Билкъиз
(Коре йоьду)
И баккхий нах
Суна бевзаш-м бац
Луларчу эвлара
Хила мега уьш.
Шу чу богIуш а бу.
Со дIайоьду. Иэшахь,
Мохь туохалахь соьга.
* * *
АдагIеран хIусамехь. Дехьачу йоьдучу неIарехь лаьтта Селахьат. Юха а эккхий маьнги тIе южу. Чоьхьайолу Iабдат. Селахьат цунна дуьхьала йоду.
Селахьат
ХIун дуьйцу цара, ва нана?
Iабдат
(ЙоI мараюллуш, Iоьлху)
Боху: сан йоI йоккха хилла,
Луларчу юьртахь кIант а кхиъна.
Селахьат
Нана, нана,
Ахь гIо лаца оьшу
Хьайн мискачу йоьIан
– доьху ас.
ДIабахний, кхайкхаза
Кхаьчна, и хьеший?
Цаьрга хIун жоп делира сан дас?
Iабдат
(ЙоьIан сатедеш)
Шек ма яла,
ДIабахара уьш,
Кхин къаьстина
Хьан дас жоп ца луш.
Амма, уьш схьа юха бахкале,
Ойла йина, ала диеза ахь
Хьайн дагахь дерг.
Хьоьжуш ву хьан да.
Тхешан цхьаъ бен йоцчу, хьуна ас
Тхаьшшингера хуьлуьйтур яц вас.
Селахьат
Со хIинца а вуно жима ю.
Цуьнан ойла ас ца йина, нана.
Iабдат
Нахана гергахь нускал ду хьо хIинца.
Цунах ялалур яц, хIуъу а дийцарх.
Шен-шен рицкъа долчу кхочу хIор а,
Амма кхалхале, лаьа тхуна хьо а
Ирс карийна яха хиъна ган…
Дикчу цIийнан цхьаъ бен воцу воI
И ву божу. Ойла йиелахь, йоI.
Селахьат
Цуьнан хьолах сан дан хIума дац,
Дагчохь, кийра багош, биезам бацахь.
Iабдат
(араяла тохало)
Цхьа де-буьйса ду хьан. Ойла йие…
Селахьат
Собар, нана, дIа ма гIуохьа цкъа…
Кхин хьох мза лечкъа ца ло соьга.
Кхин ву, нана, кху даг чохь вехаш,
Карзахдоккхий иза ловзадеш.
Iабдат
Маржа-яI, маржа-яI!
..Хьан лере хазийнарг
Сов мерза илли…
И хьенан мила ву?
Дийцахьа соь.
Селахьат
(Хьала ца хьожуш)
Цуьнан цIе Эдал ю.
Вевзий и хьуна?
Iабдат
(Цецйолий)
Маржа-яI! Вевза те.
Хьанна ца вевза,
Юьртахь а цIе яхна,
Декъаза Эдал?
Ледара къуонах ву
Олу-кха цунах.
Хьаштдоцург дина ахь,
Ларлуолахь вуонах.
Селахьат
Цу наха дуьйцуриг
Бакъ дац и, нана.
И дуьйцучарал а
Къуонах ву и.
Iабдат
Со тиеша. Делахь а,
Дена дIахаахь,
Вайшинна и гIуллакх
Могуьйтур дац.
Суна-м синтем бара,
Хьо яха хаахь.
Реза а хир ю со,
Яхийтахь дас.
Селахьат
Ахь цуьнга дийцахьа
Хууриг хьайна.
Ахь карлаяккхахьа
Жималла шайн.
Дехьачу йолу со,
ВогIуш ву Дада.
ХIун хуьлу хьажахьа
Цкъа цуьнца хьайн.
(Селахьат дехьа чуйоьду)
Iабдат
Ца хаьа. Хьожур ю
Ма хала бала
Тахана боссий ахь
Сан белша тIе.
(Арахьарчу неIарех чоьхаволу Ада. Лохочу маьнги тIе охьахуу иза)
Ада
Схьакховдадел цкъа сан
Ширделла герзаш.
Пхьоьхане ладогIа,
ГIур вара со.
(Iабдата схьаоьцу пенах кхозу кхелина доьхка а, тур а, шаьлта а. Ада машин цуьрг а хоькхуш герз къаго хуу)
Ма чIогIа къехкаш ю
И «месаш» сох.
Йиний-те цунна ас
Цу хууш вас?
Iабдат
Вайна бер хиетахь а,
Йоккхахилла моьттуш
Ю со вайн «месаш»,
Цундела лечкъа и,
Эхь хиеташ хьох.
Цундела бегашца
Ца хоьсту хьо.
Ада
Ткъа хьанна хиъна
И йоккха хиллийла?
Мила ву хаьржинарг
Цуьнан даго?
Iабдат
Масане бу эвлахь
Яхь йолу кIентий.
Ада
Ша санна шера и
Ца хууш яц хьо.
И гIуллакх хилале
Схьадийца соь.
Iабдат
Цо соьга дийцарехь,
Иза ву Эдал.
Ада
Мила? Кхин ма дийца!
Хьаха а ма де.
Дедиса гIуллакхан!
ХIун ду ткъа хьехорг?
Мила ву карийнарг?
Стаг воцу Эдал.
Нах биелош лиелаш ву,
Когаш а текхош.
И вара сан хIусме
Кхачанза виснарг.
Iабдат
Уьш хIинцаъ бераш ду,
Iиехало стеннах.
Ас муха дохадие
ЙоьIан жима дог?
Эдал а вина ву
Дикачу дена.
Цаьршинна дуьхьала
Яцара со-м.
Ада
Ткъа наха аьндериг
Ца хууш юьй хьо?
Дицдайта. И гIуллакх
Хила йиш яц.
Сан-м дезий нахана
Юккъе а вала.
Ма кхера, хьан «месаш»
ЦIахь къанлур яц.
ХIинцале хьахийна
Масех а стаг ву,
Гергарло хуьлийла
Лаьара, бохуш.
Ткъа, лаахь Эдалнаъ
Некъ маьрша хир бу,
Стаг хилар цо гайтахь,
Шен чIир а йоькхуш.
Нахана ца хиетарг,
Лам санна и велахь,
Стиглах кур тийсарх а,
Стаг хуьлуш вац.
(Ада, хьалагIоттий, шен юкъ а йоьхкий, араволу. Чоьхьайолу Селахьат, ненан марахьаьрча)
Селахьат
Шун къамел дерриг а
Хезира суна.
Аса и Эдалах
ДIатухур ду.
Делахь а, ма хала
Кхел хила цунна.
Ма доккха, инзаре
ХIума и ду.
* * *
Пхьоьха
Юьртан пхьоьха. Суьйре ю. ТIулгаш тIехь хевшина Iаш баккхий нах бу. Гондахьа лаьтташ кегийнаш а бу. Геннахь леташ, наггахь хеза жIаьлеш. Кхин йолу эвлан гIовгIанаш.
Iусам
Суна схьахетарехь,
Къанвелла Нажа
Хабарийн йийсаре вахна
Ойланаш ян Iамош
Талхадо бераш.
ХIинца цо Iамийнарш
Бац хьалха санна.
Iабди
ХIун ала гIерта хьо?
Шеко яц сан къоначех. –
Хьекъалца, ницкъаца тахана вайл
Генна тIехбеввла уьш.
Iусам
Ницкъ хиларх, дегI диларх,
Стаг ца хьулу.
Нагахь и кIедачу
Ойлано хьестахь.
Вониг а диканиг
Ца лаахь къесто.
Хьовсал шу Эдале.
Да воккхавиевеш,
Ца лела тахана
Кху юьртахь и.
Iабди
Вайн Нажас теллина
Кху лаьмнийн некъаш,
Шега цо гулдина
Вайнехан хьекъал.
Iусам
Къамелех пайда бац,
Ша лиело дезарг
Стагана ца хиъча.
Iабди
Нажина хууш ду
Вайшинна ца хуург.
Хьан-сан а хьиехамаш
Цунна ца оьшу.
Iусам
Делахь, цо Iамийна
Оьздамаран Эдал.
ХIунда ву, ва Iабди,
Сел чIогIа ледара?
Ада
Стаг вац и, Оьздамар
ЮьхьIаьржа хIиттош.
Вити цо къена да
ГIийлачу байлахь.
Цундела баьсса бу и Iийна тIулг.
(Iасанца гойту тIулг)
Iабди
Эдал жима ву. Ца хаьа вайна
Цунах хIун къуонах хир.
Ада
Хиндолу олхазар
Бенахь ма декийца.
Iусам
Дера вац и-м жима
Iовдал ву-кх, Iовдал,
Нахах а, махках а
Къаьстина дIа.
Алмазашца тайна
И лиелаш ву боху.
Тарлора цо буохам
Юьртана бан.
Iабди
Мичахь, хьаьнгара хезна
Хьуна иза?
Ада, ахьа-м ца аьлла кхуьнга?
(Ада вист ца хуьлу)
Шу дуй тешаш,
Эдал джинашца гина?
( Нах бист ца хьулу. ТIехьа лаьтташ волчу Куьйрас гойту)
Куьйра
ДIахьовсал воьдуш верг
Вистхилар доцуш.
(Ойланашка а вахна, тIехволий дIавоьду Эдал. ГIаларт санна, боданехь къайлаволу иза)
Iусам
ХIун элира ас?
Лар тIехь волу стаг,
ТIех вер варий иштта?
Iабди
Хала ду стагана
Шен бала Iовша.
Атта ду нехан вуо
Дийцаре дан.
Кхана ша хIун лиелор
Ду а ца хууш,
Нехан сингаттамах
Мегар дац кхарда.
(Оцу хенахь Адин лере а воьдий цхьаъ дуьйцуш воллу жимха)
Ада
(ХьалагIотту)
Аш бехк ма биллалаш,
Генара хьеший кхаьчна сан хIусаме.
* * *
Заманан аьзнаш:
Кхолламо кечдина
Шен къиза тохар.
ГIерта и хадаян
ТIаьххьара зIе,
Къоначу дегнашкахь
Шийла дарц хьовзош
ДIаяйа безамо
Латийна цIе.
* * *
МаьркIаже
Хьуьнан ирзу. ЦIийелла суьйре ю. Гучуволу Эдаллий, Нажий.
Эдал
ХIун дича, бакъахь ду
Дийцахьа, Нажа,
Сан дахар ма-дарра
Гуш ду-кха хьуна.
Нажа
Массо а хIуманан
Шен-шен ду некъаш.
Массо а хIуманан
Шен зама ю.
Вайшиннах тера болу
Декъаза пекъарш.
Къеначу лаьтта тIехь
Дукха хир бу.
Делахь а сан бу бехк –
Ца кхечи ницкъ сан,
Лаьттах дIа ца хадош,
Хьан ойла сацо.
Эдал
Со бер ду, ма муотта,
Сийдолу Нажа.
БIаьрзе а ваций со-м
ХIуммаъ ца гуш.
Хьо вара сан доттагI,
Сан даге хьожуш,
Биезам а, тиешам а,
Ницкъ суна луш.
Нажа
Со велла дIа валлалц
ХIинца а хир ву.
Эдал
Нах суна биезара,
Тешара царах
Суо санна хиетара
Массо а стаг.
Тахана вели со
ЦIийнах а, цIарах.
Дерриг а дуьне ду
ХIинца сан мохк.
Нажа
(Малхе а хьожуш)
Эдал, хьо сиха ву,
Чубузу малх
Гой хьуна цIиййина
Стигалан агIо?
Ца тоьу, вайна и
Тахана гарх,
Кхана а схьакхиетар –
Ю цуьнан чIагIо.
Эдал
Со – малх а, седа бац –
Мурйоьлла гуьйриг.
Ца оьшу къийса ас
Дерриг дуьненца.
Цулла а дIагIур ву,
Марха а хилла,
Аьхкенан мелачу
ДогIанца воьлхуш.
Нажа
ДIахьажа гондахьа,
Схьабелла бIаьргаш.
Хьайн ойла гIуллакхца
Лаьтта тIехь чIагIъе!
Эдал
Лаьтта тIехь сан дисна
Кхин хIума дац,
Хьох эхь-бехк делахь а,
Цхьа безам бац боцург
Ткъа цунах сайн тиешам
Ас бойур бац.
Нажа
Дан хьайна луъург де –
ЛадогIа нахе,
Олуш ду дайх дисна
Вайнехан кица.
Бакъ хила мега хьо,
Къанбеллачарал
Хьекъале хуьлуш ду
ТIекхуьу чкъор.
Замано гойтур ву
Бакъверг я воцург.
Иза ю массо а
ХIуманан лор.
(Нажа дIавоьду.Эдала, шовдан коьртехь охьатаьIий, канашца схьаоьцуш хи молу. Къеначу кхурана юххехь соцу иза)
Эдал
Хаза ю, суьйре, хьо
Шен хIусам йолчунна,
Халонехь гIо лоцуш,
Безам а болчунна…
Сан дахар хIунда ду
Цхьа а лар йоцуш?
Сан дакъа Iуьллур ду
Дерзо стаг воцуш…
Схьакхаьчна ца йолу
Селахьат кхуза…
(ЛадугIу)
ХIан-хIан и кхочур ю…
ЙогIуш ю, йогIуш ю…
(Гучуйолу Селахьат, белша тIе лаьцна кIудал а йолуш. Буйнахь чами бу)
Эдал
Кхо де ду, Селахьат,
Хьо ларъеш со лиела.
Дийцахьа керланиг,
ХIун дагахь ю хьо?
Селахьат
Сан ойла , сан дог а,
Хийца а ца делла.
Ден-ненан къамеле
ЛадоьгIна ас.
Нагахь ахь кхочушдахь
Къонахчун декхар,
Соь даха дог ду хьан,
Боху сан дас.
Эдал
Ткъа ахьа хIун боху?
Реза хир юьй хьо,
Джинашца тайначу,
Соьцаний яха?
Селахьат
Хир ю со реза!
Эдал
Сох къуонах ца хиеташ
Нийсархой леларх,
Со санна хьо хиеташ
Мехкарий беларх?
Селахьат
Хир ю со реза!
Эдал
Дас шех дIахервина
Тергал а ца веш,
Йиша а, ваша а,
Тайпа а, доцуш,
ПIелг санна, цхьалха со
Къобал а вина?
Селахьат
Хир ю со реза!
Эдал
Нагахь ас Маьхьта виехь,
Бежана санна,
Ирачу туьраца
Iанадеш цIий,
Сох безам ца бовш,
Хьайн цIеначу дагца
Реза хир ярий хьо,
Соьцаний яха?
Селахьат
Хир ю со реза!
Эдал
(Инзарваьлла. ДIасахаьвза)
Стаг вийначу стагца…
Хьо муха ехар ю,
ЦIех дуьзна куьйгашца…
Хьоьстуьйтуш хьо?!?
(Ши куьг хьала ойбий соцу)
Дела! Ахь ницкъ луолахь
Кху дийнах чекхвала!
ЧIагIделахь мокхазал
Кийрара дог!
ДIаяла, хьалхара!
Гена дIаяла!
Цхьа жимма ойла ян,
Витахьа со.
(Виелало. ДIасавуолало. ЙоI, жима кхуьнга хьоьжуш лаьттий,шеен бIаьргех йовлакх т1ам а хьоькхуш, дIайоьду)
Ма хала кхийти хьох,
ХIай къиза дуьне.
Беза мах баьккхи ахь
Соьгара тахна.
Кхин хIуммаъ дац хуьна
Дисна сан хIинца.
Со верриг дIаэций,
Iабалахь хьо.
Тахана бехбина
Сан цIена биезам.
ХIуъу а хилча а
Суна биен дац.
Цу йоьIан дешнаша
Ницкъ бели диегIие.
Ткъа Маьхьтин, сох ваьлла,
Вада меттиг бац.
(Хьуьна юккъехь къайлаволу. Жимма Iийча кхечу агIора ирзу тIехь гучуволу гIелвелла Маьхьтий, шен «динахь» Букъарший)
Букъарш
Маьхьта! Сихло,
Схьакхочуш ву иза.
Маьхьта
Ша шех къайла вала меттиг бац.
(Шовдан йистехь хи молу. Ирзу тIехь гучуволу Эдал. Маьхьтех бIаьрг кхетий, цунна чухьоду иза. Букъарш цунах хьаьрча)
Букъарш
Эдал, ас доьху хьо!
(Эдала ластавой дIакхуссу иза)
Эдал
Тиеба ца оьшу хьо,
Тешнабехк бина,
Хьо виен йиш йоцуш-м,
Ца леларий со.
Схьадаккха баттара
Терсмаймал тур.
Хьожур ву со хIинца
Хьо къуонах вуй.
(Маьхьта гора вужу)
Маьхьта
Дахарца кхин къийса,
Ницкъ бац сан, Эдал.
Iожаллехь кхера а
Сан меттиг бац.
Эдал
ХьалагIатта цигара
ХIай, зудабер!
(Юьхь тIе шуьйрачу агIора туьран дитт туху.БIаьргаш а къарзош, оьгIазе хьалха эккхий, Маьхьтас баттара доккху шен тур)
Маьхьта
Маттаца санна вуй хьо герзаца говза?
Ларлуолахь!
(Тарраш детташ лата вуолало. Эдал юханехьа оьху. Букъарша, хьала а эккхий мохь бетта: «ХIай адамаш, орцах довла. Эдаллий, Маьхьтий вовшийн хIаллаквеш ву».
Маьхьта
Са доккхур ду ас хьан!
Эдал
Даккхалахь хьайга!
(ГIовгIа йолу. Гондахьа юьртахой гулло. Юха а тийналла. Вовшах деттачу таррийн тата хеза. Маьхьта юханехьа вуолало. Эдала цуьнан карара тур дожадо, шениг цуьнан некха тIе а хIоттош)
Маккхал
Туоха, туоха. Вей дIаваккха!
Масех аз
Тоха! Вие! Вие!
(Эдал юхаволу)
Эдал
Схьаиэца герз.
(Маьхьта, тур схьаоьций, чухьоду. Тур тухий белш хадайо Эдала Маьхьтин)
Букъарш
Ма вие и, Эдал.
И бехке вац.
Хьажал хIокху бустаме.
Суна Яндар вийначохь карийна хIара.
Маьхьтин бустам бац хIара.
Эдал
ДIавала, Букъарш.
Ца хаьа суна хIуммаъ.
Букъарш
Вайн хIинцца хуур ду,
ХIара бустам хьенан бу.
Собарде, Эдал!
Iусам
(ТIекхетий Букъарш юьстах а тоттуш, цуьнан карара схьабоккхий бустам шен кисна буьллу)
Катоххий ве и, Эдал!
Стаг хила цкъа мукъане!
Букъарш
( Хьалаайло воьжначуьра. Iусамина тIе пIелг хьажош, мохь туху цо)
И ву шуна Яндар вийнарг.
Ахь вийна и!
Хьо вара хIетахь бацалахь бустам лоьхуш.
Эдал, вие Iусам.
(Адамаша Букъарш юьстахтотту)
Маьхьта
(Дерригенах кхетий, Iусамина чухьоду)
Букъарш бакъ ву.
Суна а гира хьо, Iусам.
Цу меттехь.
НеIалт хуьлда хьуна!
Ас вуьйр ву хьо…
(Iусамина тур ластийначчохь вужу Маьхьта. Эдал цунна тIевоьду. Юха а воьрзуш карара тур охьа а кхуссий)
Эдал
ХIинца дIаиэца!
ХIинца со къуонах ву.
Хьа-хьа-хьа.
(юьртахошна хьалхахула волало)
ДIадовла кхузара!
Мичахь ю Селахьат?
Схьайола.
Къуонахе хьажа…
Сан да! Ахь дIаиэца
Хьайна хIара совгIат…
ХIан-хIа ца оьшу…
(куьйгашца цхьаъ дIакъехкош, юханехьа волало. Соцу)
Мила ву и воьжнарг?
Хьовсийша Iуьллучуьнга!
Туьха таса шайна!
Шун лаам кхочуш беш,
Верина ас и.
Схьагулло чангIалкхаш!
Схьагулло къийгаш!
Ас шуна хIоттийна
Сов тамехь шун.
Хьа-хьа-хьа.
***
Хуьнан хуотехь генна дIадоьду, цуьнан маьхьарна дуьхьал кхойкхуш долу, кхардаме аз. Эдал, лиеста а лиесташ, дIаволало. Букъарша, иза саца а вой, шен коьртара харцахьабаьккхина жухарган куй Эдалан коьрта а туьллуш, шен «кхела-тIоьрмиг» цуьнга дIакховдайо. Чубузучу маьлхан цIечу экъанехь къаьсташ, дIавоьду Эдал. Малх къайлаболу. Букъарш ирзу юккъехь лаьтташ ву корта а берзина.
1976 шеран апрель-июнь
Стихи и авторские переводы на русском языке
Предчувствие
Я увидел, как крушились горы.
Я услышал, как рыдал Старик.
Заглушив пустые разговоры,
Совести раздался тихий крик.
Тот февраль, жестокий и холодный,
Вышибить его слезу не смог.
В сердце том, железном, кто сегодня
Растопил слезящийся комок?
Молится седой Старик и плачет,
К мудрости взывая тех и тех:
– Помните Аллаха, а иначе
Гнев его обрушится на всех!
Пусть исчезнут ложь, обман, притворство,
Славословье, раболепство, лесть!
Пусть всегда горят в душе у горца
Имя Бога, родины и честь!
Дай нам вырваться из волчьей пасти!
Остуди холодною струей
Тех, кто вверх карабкается к власти,
Тех, кто уже катится с нее!
В августовском небе тучи тают,
Открывая нам мерцанье звезд.
Кто не слышал, как Земля рыдает?
Кто не видел стариковских слез?
Это плачет не старик-чеченец –
Сердце начинает понимать –
Плачет не родившийся младенец,
Сына не дождавшаяся Мать.
Обо всем Аллах предупреждает:
В темноте предгрозовой Ночи
Для глухого Молния сверкает,
Для слепого в небе Гром гремит.
Я увидел, как крушились горы.
Я услышал, как рыдал Старик.
Заглушив пустые разговоры,
Совести раздался тихий крик.
Вопиющие в пустыне
Нам с временем не повезло:
Не в те века, не в те года
Явиться в этот мир пришлось,
Чтобы исчезнуть в никуда.
И с местом нам не повезло,
Где возвели свое жилище:
Который год ликует зло
На этом скорбном пепелище.
И – тихим ужасом полны –
Взирают молча небеса
На этот злобный мир войны,
Где нету веры в чудеса,
Где места мало озаренью,
Где правит балом Люцифер
В благопристойном облаченье,
Сладкоголосый лицемер.
Где все не то, не так зовется
И понимается не так.
Когда, когда Добро проснется
И скажет слово? Где и как?
А может, слова и не надо?
К чему пустые словеса?
Как из сердец изгоним гадов,
Освобождая телеса?
Освобождая наши души
От лжи и призрачных надежд,
Научимся лишь Бога слушать,
А не всезнающих невежд?
И сможем ли, увидев солнце,
Понять, что это не луна?
Пробьем ли в вечности оконце,
Где много пищи для ума?...
Который год ликует зло,
И горем все дома полны.
Нам с временем, не повезло
«Так называемой» войны.
«Так называемые» пули
Летят в непознанную тьму.
Чечню конкретно бомбанули
«Так называемые «СУ».
Нам день лишь иногда приносит
«Так называемый» покой…
…И солнце, улыбаясь в просинь,
Играет тенью облаков…
Мы даже в небо зрим с опаской,
Ведь лихо не посрамлено,
Закрыв лицо под черной маской,
До сумерек лежит оно…
…Как только ночь на землю ляжет,
Под хриплый лай бездомных псов,
Ворвутся люди в камуфляже,
Сорвав прикладами засов…
…Что говорить! Они герои –
Среди детей и молодух.
– Стоять! Ни с места! Щас урою!
Вот это доблесть! Вот он – дух!
Что им Суворов и Брусилов?
И что нам горцев гордость, честь?
Ума не надо там, где сила.
В «калашникове» пули есть.
Затем, поиздевавшись вдоволь
Над беззащитными людьми,
Двух пацанов берут с собою.
Куда? Зачем? Пойди-пойми…
– Где мои дети? – вопрошают
Глаза их матери усталой.
– Зачем мне их не возвращают?
Не говорят, что с ними стало?
…Кто победит в зловещем споре,
Сыграв спасительную роль?
Так называемое горе?
Так называемая боль?
От боли разлетятся скалы.
От горя сердце разорвется.
Вы правду на земле искали?
Она не здесь, не так зовется!
В Чечне ликует зло поныне.
Ликует, пляшет в сонме буден.
Глас вопиющего в пустыне
Когда и кем услышан будет?
2002 г. февраль
Лесоповал
Вгрызаясь в могучее тело
Почти что столетней сосны,
Натужно пила заревела –
И не было сотой весны.
Качнулось бескрайнее Небо.
Куда-то земля поплыла.
Быль в прошлом. А в будущем – небыль.
И дышит спокойно пила.
Подмяв молодые побеги,
Березок верхушки сломав,
Закрывши незримые веки,
Ствол древа на землю упал.
И соки земли, что с любовью,
Она отдавала Сосне,
Как слезы, как капельки крови,
Застыли на правильном пне.
1978 г.
* * *
Приходит ли вечер холодный, как мумия,
Пылает ли яркий костер чьих-то слов –
Живи только тем, что себе ты придумала:
В объятьях мечты, давних сказок и снов!
* * *
Блуждают пути испытаний
В бескрайних просторах судьбы.
Прислушайся: лебедь в тумане
Подруге призывно трубит…
На свете немало скитальцев,
Таких же несчастных, как я,
Охваченных песенным танцем.
Ты их берегись, как огня!
* * *
Ту нить, что мы из паутины мыслей
Тянули так любовно, так давно,
За гранью лет и позабытых чисел
В клубки смотало дней веретено.
Клубки разлуки. Сколько их блуждает
По свету, в ожиданье наших встреч?
Их, кроме нас, никто не размотает.
Их не разбить, не выбросить, не сжечь…
* * *
Позволь мне заглянуть в твои глаза.
Назавтра мне откладывать нельзя:
Я обречен на вечные мученья,
Коль завтра вдруг свое утрачу зренье.
Твоих речей даруй мне благодать,
Не говори: «Успеем поболтать».
К чему мне сотни тысяч слов, мой друг,
Коль завтра я могу утратить слух?
1980 г.
Кровавый рассвет
Насилие тьмы разрушается светом
Каждый живёт ожиданьем рассвета.
И солнце встаёт: улыбается рекам.
Листьям, траве, муравью человеку.
В такое же ясное утро однажды
Мир заразился кровавою жаждой.
В безлюбных лесах, в неистоптанных травах
Глядел в небеса окровавленный Авель.
А Каин стоял над поверженным Братом,
Не осознавший тяжёлой утраты.
Читал приговор пламенеющий День:
«Твой дух облачился в бесплотную тень.
Страдай и лети в бесконечности рея,
Беда всех Народов пусть будет твоею.
Пред тобой, помещать не имеющим право,
Сотни тысячи раз умирать будет Авель.
Его боль твоё сердце пронзит многократно
-Потухающий взор убиенного Брата.
Этот Призрак тебя никогда не забудет.
Ненавидя, любя – не спасёт, не погубит!»
Прислушайтесь к голосу Божьему, люди!
Не будьте во власти у страсти орудьем!
Легенде библейской умы неподвластны,
Но всё ж омрачая сегодняшний день,
Несётся над миром, крылья распластав,
Каина тень… Каина тень…
Кто ты?
Как один день
Над землёй пролетели.
Тысячи тысячелетий.
Человек! Ты всегда
Состраданье имел
К беззащитным и детям.
Где правильный путь?
Кто видел его
Теперь или когда-то?
Взгляд в завтрашний день
Обманутым был
Крупинкой неправды.
В беспокойном и маленьком
Человеческом сердце
Сегодня смешались –
Дикой природы
Чистота первозданная,
Жестокость и подлость.
Грозный – 2000
… Твоих развалин
Жуткий стих
Звенит
Могильной тишиной
… Обрывки фраз
И слов пустых
Ещё витают над тобой…
… О. Город, мой…
Железные ворота
Ворот железных глаз зелёный
Квадратно смотрит на меня.
Тяжёлым веком полусонным
Свисает крыши чешуя.
Как руки, что всю жизнь привыкли,
Стеречь нажитое добро,
Навесы над двором поникли-
- Попробуй заглянуть в нутро.
Как много хищного бессилья
В холодном, жалком том гнезде!
Так коршун распускает крылья,
Над жертвой острый клюв воздев.
«Тут всё моё!» - и глаз сверкает
Зелёным яростным огнём.
Не звёзды ли с небес срывает,
Воздвигший этот странный дом?
Он может даже и не слышал,
Что в силу этих же страстей,
Гробницу возникали с крышей.
Из человеческих костей?
Что до сих пор стена Китая
Мир поражает вновь и вновь?
В ней камень к камню подгоняя,
Скрепляла их людская кровь.
Как величайшая нелепость
Стоят они в пыли времен.
Кому нужна вот эта крепость?
Кто удивится на неё?
Клочком своей земли доволен.
Он там живёт, как будто Лев.
А я весь мир держу в ладонях,
Его тревогой заболев.
1976г.
Осенние голоса
… Мы у Бога мирной жизни просим
Вот уже который год подряд…
… Но, швыряя листопадом осень…
Сквозь туманы приползает осень…
…Где-то совершается теракт…
…Блок-посты, фугасы и зачистки …
…В Грозный не заедешь без прописки…
…Даже птицы жить здесь не хотят…
…Птицы улетают от войны…
…Беженцы и мокрые палатки
…Молчаливый, жёлтый диск луны,
Равнодушный созерцатель схватки…
…Кто не жаждал счастья на Земле,
Может быть и не поверит в это,
Но в осенней сумеречной мгле
Виден луч весеннего рассвета…
… О. Моя несчастная земля,
Ты сегодня сира и убога…
Верю, оживут твои поля!
Мирной жизни просим мы у Бога…
2002 г. Грозный
Кавказ
…Кавказ! Последний мой приют.
Не ты ль Эдемом был когда-то?
Все те же птицы здесь поют,
Земля щедра и благодатна!..
…Из глубины седых веков
Преданье шло подобно свету…
…Не будь её, я все же вновь
Придумал бы легенду эту!..
1971г.
Одиночество в толпе
Я затерялся
В толпе многоликой
В городе этом
Чужом и далеком.
Мой голос беззвучный
Взывает к тебе:
«Мне одиноко.
Мне одиноко!»
От скуки
Грызу я науки гранит.
А перед глазами –
Твой лик черноокий.
И только его
Моя память хранит.
Мне без тебя
Здесь совсем одиноко.
1972г.
День
День уходит, став моим уделом.
Разбираю, как его прожил:
Кажется, чего-то не доделал,
Где-то, может, слабость проявил.
Не могу простить себе сегодня,
То, что завтра спросится с меня.
Кто-то спорит с совестью бесплодно,
Тишиной и отдыхом маня.
Нет, не спорь. Не жажду я покоя.
И сейчас лищь начинаю жить.
Красота и чудо есть такое –
Верить в счастье и его творить!
1976г.
Пополудни
И мы когда-то молодыми
Достичь таких высот мечтали,
Откуда бы для нас открылись
Досель неведомые дали…
Так в юности у всех бывает:
Глаза горят, сердца желают.
Но, грозы жизни остужают
Порывы наши…
1997 г.
Картина мира
Встречал я рассветы.
Любовался багровым закатом.
Я плакал от счастья.
И над бедою смеялся.
Я даже ненастье
Воспринимал как награду.
И мир этот старый
Совершеннее сделать старался…
Мне мир угрожал
Своей необузданной силой.
Я, словно песчинка,
Был пленником в капле воды,
Которая от океана
В тайфуне отбилась,
И радужным цветом
Играла на гребне волны.
Я думал о том,
Как скуден мой ум для познанья
Формулы высшей –
Слияния душ и сердец.
И в шуме земном,
Оглохший в тиши мирозданья,
Пытался услышать
Музыку дальних небес.
Я был очарован
Чудесной картиною мира.
Сокрытые тайны его
Не узнает никто.
В незримых руках
Звучит тонкострунная лира.
И плачет о том, что было
И будет потом…
1998 г.
Весна на планете Земля
Где-то яблони цветут,
Где-то – сакура.
Жизнь явилась там и тут
В разных ракурсах.
Цвет кружится надо мной
Абрикосовый…
…Где-то падает в прибой
Плод кокосовый.
В эту землю, в эту жизнь,
Словно в юности,
Я влюблен. Эй, террорист,
Чего хочешь ты?
Не удастся запугать
Человечество.
Видишь, яркая дуга –
Мост над вечностью!
Это путь на небеса
Душам праведным.
Ты же выбрал себе сам
…Преисподнюю.
Обновляясь по весне,
Словно сказочный,
Мир подарит счастье всем
Жизнерадостным!
2010 г.
Билгалдахарш
Байташ
Марта
Язйина I966-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна I966-чу шарахь «Орга» альманахан кхоалгIачу тептара тIехь. Хьокху байтах лаьцна шен дагалецамашкахь иштта яздо автора: «….Летом I966 года мне посчастливилось познакомиться с великим чеченским поэтом Магомедом Мамакаевым. В то время он работал редактором литературно-художественного альманах «Орга».
Этот суровый и благородный человек, несмотря на свою занятость, уделил мне, юнцу, свое драгоценное время. Он внимательно выслушал меня, расспрашивал про мою судьбу, интересовался моими предками, задавал вопросы на различные темы и, конечно же, о литературе.
Советы и доброе участие М.Мамакаева во многом предопределило мою дальнейшую жизнь.
Я был удивлен, что этот корифей литературы, казавшийся мне недосягаемым, оказался чутким и внимательным, простым и доступным человеком.
Я уходил от него окрыленный. Магомед Мамакаев взял из моей тетради несколько стихотворений.
Конечно, я тогда и мечтать не смел о том, что они будут опубликованы в «Орге».
Однако, осенью I966 года знакомые учителя мне сказали, что в альманахе «Орга» опубликовано мое стихотворение «Марта».
Таким образом, я считаю, что Магомед Мамакаев определил мою творческую судьбу.
Он вдохновил меня, и я искренно благодарен ему за это.
Я учился у него и продолжаю учиться до сих пор».
Журнал «Нана» №№ 11-12, 20I0 г.. стр-6-7
Седа кхалхар
Язйина 1968-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан №№ 8-9 йолчу тептарехь
Хьехархочуьнга
Язйина 1968-чу шарахь. Мартанчохь 1960-1963-гIий шерашкахь оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш хиллачу Баканова Мария Потаповнина лерина яра и байт. Дуьххьара зорбатухущ ю.
ГIатта ойла
Язйина 1968-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Кхолламан совгIат
Язйина I971-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Дагийна тIай
Язйина I97I-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна I981-чу шарахь «Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Цхьалла
Язйина 1972-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Аьхкенан догIа
Язйина 1972-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
ТIай
Язйина 1972-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Де
Язйина 1972-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Безаман лазам
Язйина 1973-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Хьуьнхахь Iаьнан Iуьйре
Язйина I973-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Лаьттан йиш
Язйина 1973-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Хьо цхьаъ
Язйина 1974-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
ЙоьIан йиш
Язйина 1974-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
БIаьсте
Язйина 1974-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Башлам
Язйина 1974-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Дуьне
Язйина 1974-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Аьчкан ков
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
ХХI-чу бIешеран Iуьйре
Язйина I975-чу шарахь. Оццу шарахь «Ленинан некъ» газетехь зорбатоьхна.
«Ма кIезиг хеза…»
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Йистйоцург
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Лааьра…
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Даймохк
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 198I-чу шарахь « Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Зама
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Поэзех лаьцна
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Къарлур вац
Язйина 1975-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Баьпкан хьожа
Язйина 1976-чу шарахь. Оццу шарахь «Ленинан некъ» газеть зорба тоьхна.
ХIетахьлерачу газетан коьртачу редакторан Габисов Бисолтин дехарца язйина яра и байт.
– Лирика бохург а дика хIума ду. Делахь а тахана вайн аренашкахь къахьоьгучу механизаторех а, цара кхиийначу ялтанах а язлур ярий хьоьга байт? – хаьттира цо къоначу поэте.
– Хьажа. Айхьа язйинарг сихха схьа а я. И дика хилахь, шолгIачу дийнахь зорбанехь хир ю.
Цхьа-ши де далалие, кеола байт а яхьаш редакции веара Исмаилов Абу.
Бисолтас и еша а ешна, ша волчу кабинет чу кхайкхира шайн белхахой. Царна хьалха а ешийтира и байт. ШолгIачу дийнахь зорба а туьйхира газетан рогIерчу номерехь.
Цу гурахь хиллачу С.Бадуев цIарахчу дуьххьарлерачу конкурсехь и байт язъярна авторна елира 1-ра меттиг а, мехала совгIат а.
ГIиллакх
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Суна оьшург
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Аьрха бере
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь «Сатасар» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Сиха ву со
Язйина 1976-чу шарахь. ХIара байт Ахматова Раисина лерина ю. Цу хенахь Исмаилов Абу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствох болх беш вара. Араяккха кечйина Iуьллуш байтийн гулар яра цуьнан. Яздархойн Союзо магийтинчул тIаьхьа бен, зорба туоха йиш яц, бохуш Iиллайора иза.
Яздархойн Союзе а вахна, Ахматова Раисица къамел дира поэта.
Кхуьнга дика ла а доьгIна, кхуьнан байташ а хастийна, цо аьллера:
– Абу, хьо дукха сиха ву. Хьайчел хьалха арайовла езаш кхечу авторийн дукха байташ ма ю. Сих ма луо. – аьлла, къоначу поэтан «сатединера» Ахматовас.
Оцу дешнашна дуьхьала язйина байт ю хIара.
Сан жималла
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Хи
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Хьоькъийла
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1981-чу шарахь « Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
ТIаьхьара зама
ХIара байт 1976 шарахь язйина ю. Дуьххьара зорбатоьхна « Баккхийчу нахе» аьлла цIе а йолуш, 1981-чу шарахь «Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Хиндолчуьнга
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Некъ
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1981-чу шарахь « Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Дош
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2005-чу шарахь «Дош» книги тIехь.
Iуьйрие
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Пхьарматхошка
Язйина 1977-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
ВогIура воккха стаг
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Гуьйрие
Язйина I977-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна I98I-чу шарахь «Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
МаьркIажие
Язйина 1977-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
ВогIуш ву со
Язйина 1977-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Хиламийн оьргаш
Язйина 1978-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан №№ 8-9 йолчу тептарехь.
Ирсан хьоза
Язйина 1978-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1981-чу шарахь «Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Дахарехь цхьа де
Язйина 1978-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1981-чу шарахь «Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь. Авторна хууш доцчу бахьаница, хIетахь оцу байта юккъера дIакхоьссинера лахара биъмогIа:
Тилор ю и наха, доккхуш сагIа.
ЦIергахь кхозу боккха чуьйна яй.
Тезет хIоьтти, хьаладуьзна рагIу.
Бесаш даьхьна, гуш бу хIусамдай.
Кхоьру со
Язйина 1978-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1981-чу шарахь «Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Дуьххьарлера чхар
Язйина 1978-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Замане
Язйина 1978-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2005-чу шарахь «Дош» книги тIехь.
Шира шо
Язйина 1978-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Йиш хилча
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1981-чу шарахь «Iуьйренан аьзнаш» цIе йолчу байтийн юкъарчу гуларехь.
Йочана
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
Керла шо
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
Ловц
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Сонтачуьнга
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
Дахаран йоькхание де
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
ГIан
Язйина 1980-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
Оцу неIар тIехьа…
Язйина 1980-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
Iиэха ма луолахь
Язйина 1980-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан №№ 8-9 йолчу тептарехь.
«Хьайн бIаьра тахана хьажийта со…»
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Кхане ма йилла
Язйина 1979-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Иллино ницкъ бела
Язйина 1980-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
ТIулгийн мукъамаш
Язйина 1980-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
Кхийра кхаба
Язйина 1980-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
«БIаьстенах Iаьбна со валале..»
Язйина 1980-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Тиешам
Язйина 1982-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Сан ирс
Язйина 1982-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
Ненан дог
Язйина 1983-чу шарахь. Афганистехь дIабевллачу нохчийн кIеташна а, церан гIийлачу наношна а лерина язйина яра хIара байт. Дуьххьара зорбатухуш ю.
IиндагI
Язйина 1986-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
« Ма хаза хан яра…»
Язйина 1987-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьъхна I986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» цIе йолчу байтин юкъарчу гуларехь.
« – Дуй буур барий ахь,..»
Язйина 1993-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан №4 йолчу тептарехь.
Къематде
Язйина 1994-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Ирсан хIайкал
Язйина 1994-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2007-чу шарахь «Орга» журналан №7 йолчу тептарехь.
ДоIа
Язйина 1994-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан №№ 8-9 йолчу тептарехь.
Синхаам
Язйина 1994-чу шеран август беттан 19-чу дийнахь, оьрсийн маттахь. ХIеттехь «Васт» газетехь дуьххьара зорбатоьхна. Цул тIаьхьа, автора ша нохчийн матте а яьккхина, оццу шеран сентябрь баттахь «Даймохк» газетехь зорбатоьхна «Воьлхура къано» аьлла цIе йолуш.
Ден лазам
Язйина 1994-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан №6 йолчу тептарехь.
«Маршалла ду хоьга..»
Язйина 1998-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан № 5 йолчу тептарехь.
«Дуьненчохь адамо лиелоза…»
Язйина 1997 –чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
ДегаIийжам
Язйина 2005-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
ГIовгIа
Язйина 2004-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
Сихачуьнга
Язйина 2004-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
ГIенан кхоьлах…
Язйина 2006-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2007-чу шарахь «Орга» журналан №7 йолчу тептарехь.
Оьмар
Язйина 2004-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь, «Орга» журнал ( №№ 8-9).
«Де догIу..»
Язйина 1998-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан № 5 йолчу тептарехь.
«Пхенашкахь уьду цIий ..»
Язйина 1999-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан № 5 йолчу тептарехь.
«…Йочанийн Iовраша..»
Язйина 2000-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан № 5 йолчу тептарехь.
«Гушдерг бен ца хилча рицкъа…»
Язйина 1997 –чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Герз
Язйина 1997 –чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Вай а, уьш а
Язйина 2001-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан № 5 йолчу тептарехь.
« Харцонах цецбаьлла,..»
2004-чу шарахь май беттан 9-чу дийнахь, Соьлжа-гIаларчу «Динамо» стадионехь бакъболчу нохчийн къоман кIентийн Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, Исаев Хьуьсейнан а дахарш хиедош, иккхинчу бохамо дог Iовжийна, холчухIоьтинчу сохьтехь яздина ду хIара могIанаш. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан № 5 йолчу тептарехь.
Башломан бIаьрхиш
Язйина 2004-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан № 5 йолчу тептарехь.
« Iу воцу бажа санна..»
Язйина 2004-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2005-чу шарахь «Дош» книги тIехь.
Бакъуой, харцуой
Язйина 2006-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
ЖIаьлин дахар
Язйина 2007-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2009-чу шарахь «Орга» журналан № 7 йолчу тептарехь.
Анайист
Язйина 2006-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
Чехка догIа
Язйина 2006-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
Мангалхан
Язйина 2004-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
Бераллаин доттагIчуьнга
Язйина 2004-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2006-чу шарахь «Орга» журналан № 6 йолчу тептарехь.
Дуьненан бохь
Язйина 2009-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2009-чу шарахь «Орга» журналан № 8 йолчу тептарехь.
Куьзга
Язйина 2009-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2009-чу шарахь «Орга» журналан № 8 йолчу тептарехь.
«Цхьа илли алахьа, ГIапур,..»
Язйина 2009-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2009-чу шарахь «Орга» журналан №8 йолчу тептарехь.
Нохчийн мотт
Язйина 2009-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2009-чу шарахь «Нана» журналан № 10 йолчу тептарехь.
ТIаьхиене
Язйина 2009-чу шарахь. Дуьххьара зорбатухуш ю.
Поэмаш
КIуркIмани
Язйина 1976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 1977-чу шарахь Хьалха-МартантIерчу «Ленински правда» газетан агIонаш тIехь.
Дахаран гуонаш
Язйина 1991-2003 чуй шерашкахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2003-чу шарахь «Орга» журналан № 10 йолчу тептарехь.
Эдал
Язйина I976-чу шарахь. Дуьххьара зорбатоьхна 2004-чу шарахь «Орга» журналан №№ 10-11-12 йолчу тептаршкахь.
Стихи и авторские переводы на русском языке
Предчувствие
Написано 19-го августа 1994 года. Впервые опубликовано в газете «Васт» в том же месяце. На следующий день известный певец Имам Алимсултанов написал песню на эти слова и началась вторая песенная жизнь этого стихотворения.
Вопиющие в пустыне
Написано в конце февраля 2003 года. Впервые опубликовано в том же году в 6-м номере журнала «Вайнах».
Лесоповал
Написано в 1978 году. Впервые опубликовано в 2009 году в 10-м номере журнала «Нана».
«Приходит ли вечер холодный…»
Написано в 1979 году. Впервые опубликовано в 2005 году в газете «Московский литератор».
«Блуждают пути испытаний..»
Написано в 1980 году. Впервые опубликовано в 2005 году в газете «Московский литератор».
«Ту нить, что из паутины мыслей…»
Написано в 1978 году на чеченском языке под названием «Хиламийн оьргаш» (Клубки событий). Впервые на русском языке опубликовано в 2005 году в газете «Московский литератор».
«Позволь мне заглянуть в твои глаза,..»
Написано в 1978 году на чеченском языке без названиея. Впервые на русском языке опубликовано в 2005 году в газете «Московский литератор».
Кровавый рассвет
Отрывок из трагедии «Эдал». Впервые на русском языке опубликован в 2009 году в 10-м номере журнала «Нана».
Кто ты?
Отрывок из трагедии «Эдал». Впервые на русском языке опубликован в 2009 году в I0-м номере журнала «Нана».
Грозный – 2000
Написано в феврале 2000 года на русском языке. Впервые опубликовано в 2009 году в 10-м номере журнала «Нана».
Железные ворота
Написано в 1976 году. На русском языке публикуется впервые.
Осенние голоса
Написано осенью 2002 года. Впервые опубликовано в 2009 году в 10-м номере журнала «Нана».
Кавказ
Написано в 1971 году. Публикуется впервые.
Одиночество в толпе
Написано в 1972 году. Публикуется впервые.
День
Написано в 1976 году на чеченском языке. На русском языке публикуется впервые.
Пополудни
Написано в 1972 году. Публикуется впервые.
Картина мира
Написано в 1998 году. Публикуется впервые.
Весна на планете Земля
Написано в 2010 году. Публикуется впервые.
Глоссарий
(Кхиета хала хила тарлучу дешнийн маь1на тидаран дошам)
Абадиен абдиеллалц – мел дукхаъ, даима (вечно, до скончания веков)
Анайист (анаюх) – стигаллий, латтий вовшахкхета аьлла вайна хиеталу гушдолчу дуьненан (лаьттан, хIордан) йист, (горизонт).
Арз – кхузахь цхьаьнга шен бала биелхор, гIо-накъосталла диехар (жалоба)
БIарлагIа – кхузахь билггал и хIун ю хууш, къаьсташ йоцчу хIуманан а, адаман а геннахь гуш долу сурт ду. ( силуэт, очертание человека и или предмета)
БIаьцаяр –бIаьрг таIуор, бIаьргаца хаамбар ду (подмигивание)
БIиллиг – къисйадаларшакхь луш йолу (балл, очко)
«БIиллиг дилла» – къовсамехь цхьаъ иэшо, кхечул лакхавала, хьалхавала (опередить)
Бахьаран бала – адамаша шаьш шайна тIекхойкуш, тIеийзош болу ала бу
бохург ду
ГIала – стиен сай (олениха)
ГIаларт – доцуш долчу хIуманан суртхIоттар (призрак)
ГIарош – гIовгIанаш бохург ду (шум)
ГIов – шахьахар, кхузахь охьадожаза дисначу гIан тIе биллина, ша (наледь)
ГIонтин илли – шен хенахь Бадуев СаьIина дIаяздина долу халкъан илли
ГIушлакхие – Iуьйрана I0-IIсахьт долучу хенахь стиглахь малх хуьлу, меттиг (расположение на небе солнца, приближающегося к зениту)
Дамин дукъ,
Дуьйлина духаран герз – кзузахь чIогIа кечъелла, башха бедаош юьйхина
ЖIарадуьйлу – кхузахь цхана некъо важа хадор ду (пересекаются)
ЖовхIар – жемчуг
Йийсар – цхьамма ницкъаца сецошверг (пленник)
Йист сеттош – кхузахь батт сеттош боург ду (кривляясь).
Йовссар – да воцуш, цIа доцуш, эрна лиелаш долу жIаьла. ТIедеанчу маьIнехь – ков-керт доцу стаг ( бродяий пес, бомж).
Йожуьту-уш гIур со – кхузахь меллаша гIур ву бохург ду. Хьалха заманчохь говрахь верг, ша сиха ца хилча, говран багара дирстан гаьллаш дIа а дохий, говр йожуьйтуш, некъан йисттехула я бай тIехула меллаша дIаоьхуш хилла, шен говр а юзош. Тахана меллаша воьдучух олу, «йожуьйту-уш, воьду и», олий.
Кхалкъ – верстинчу стеган чIениг кIелахь гулъелла мохь
Кхета халуо хила тарлучу, дешнийн маьIнадар
Кхийра кхаба – пхьегIа (кувшин)
Къовкъар – гIовгIаяр, стигал къовкъар (гром, урчание)
Ламазан тIулг – Мартанчуьра а, цунна гондахьрачу а меттигийн цIераш
Лечанан корта( хьиех),
Ловц – декъалдар (пожелание, поздравление)
Мазкъадоьлла – дакъаделла (иссохший)
Массо а буьртиган арз – кзузахь хIора буьртиган сийдеш, тIаламбеш, кхоамие вара и, бохург ду
Мурст – бIаьрганегIар туху юкъа санна кIезиг хан билгалъеш ду и шира дош (миг, мгновение).
Мусин ирзе,
Муьшкайина – куьйгаца меттаххьавина, вижинчуьра гIаттийна, бохург ду
Ниха (йий) – цIахь кечдеш хилла, малар (пиво, брага)
Оьмаран оьрго – кхузахь стеган дахаран уьйриг бохург ду. Адамна дуьненчохь Дала еллачу хенах оьмар олу. Ткъа оцу оьмарехь адамуомел лелийнарг тIелистича, цунах цуьнан гIуллакхийн уьйриг гуллур бара, бохург ду иза.
Оьргаш – кхузахь уьйриг дукхаллин терахьехь (клубки)
Парталниг – дукха чIогIа меллаша лиеларг, сихо йоцушверг ву (медлительный)
ПирIун – паччахь (фараон)
Пирдоз – ялсаманин цхьа цIе ю (парадиз, фирдаус)
Салкхие – кхузахь IиндагIие,аьхкен тIехь садаIа, шийла меттиг (тень, прохлада)
Салт – кхузахь кхайкхар бохург ду (призыв)
Совдиегар – шена тIе са йоккхцш махлелош вверг ву (купец)
СоцунгIа – кхузахь буолар сацуор ду (приостановиться)
Сурила – кхийра пхьегIа (кувшинчик с продолговатым, узким горлышком)
Тайра (сайра) – ялта чудухку йоккха яьшка (ларь)
Тиекъам, тиекъамбар – цхьаьнга шен бала биелхор, гIо-накъосталла диехар (мольба)
ХIайкал – кхузахь гойтург дуоха тарлу доьзалан ирсан васт ду (талисман)
Хайра – дикаболх, пайда (благо, выгода)
Хаьрма – кхузахь цхьа башха хаза меттиг бохург ду.
ХьакълагIа – йоьхна, Iанаяхна, буохамуо а, замано а херцийна гIишлош (руины, развалины)
ЧIенг – кхузахь баьстенан юьххьехь гаьннаш тIе латош йолу, шайна чуьра заза а, гIа а гучудолу баттарчий ю (почки на ветвях деревьев)
Човс – ловзар я кхийолу адамаш гулделла самукъане меттиг дIакхоьхьуш, юкъалиелаш вверг (распорядитель, шоумен)
Шатлакх – цхьа хилам базбеш, цхьабосса тоьпаш кхоссар (салют)
Чулацам
Дешхьалхие
Байташ
Марта
Седа кхалхар
ГIатта ойла
Дагийна тIай
Аьхкенан догIа
ТIай
Де
Безаман лазам
Хьуьнхахь Iаьнан Iуьйре
Лаьттан йиш
Хьо цхьаъ
ЙоьIан йиш
БIаьсте
Башлам
Дуьне
Аьчкан ков
ХХI-чу бIешеран Iуьйре
«Ма кIезиг хеза…»
Йистйоцург
Лааьра…
Даймохк
Зама
Поэзех лаьцна
Къарлур вац
Баьпкан хьожа
ГIиллакх
Суна оьшург
Аьрха бере
Сиха ву со
Сан жималла
Хи
Хьоькъийла
ТIаьхьара зама
Хиндолчуьнга
Некъ
Дош
Iуьйре
Пхьарматхошка
ВогIура воккха стаг
Гуьйре
МаьркIажие
ВогIуш ву со
Хиламийн оьргаш
Ирсан хьоза
Дахарехь цхьа де
Кхоьру со
Дуьххьарлера чхар
Замане
Шира шо
Йиш хилча
Йочана
Керла шо
Ловц
Сонтачуьнга
Дахаран йоькхание де
ГIан
Оцу неIар тIехьа…
Iиэха ма луолахь
«Хьайн бIаьра тахана хьажийта со…»
Кхане ма йилла
Иллино ницкъ белла
ТIулгийн мукъамаш
Кхийра кхаба
«БIаьстенах Iаьбна со валале..»
Тиешам
Сан ирс
Ненан дог
IиндагI
« Ма хаза хан яра…»
« – Дуй буур барий ахь,..»
Къематде
Ирсан хIайкал
ДоIа
Синхаам
Ден лазам
«Маршалла ду хоьга..»
«Дуьненчохь адамо лиелоза…»
ДегаIийжам
ГIовгIа
Сихачуьнга
ГIенан кхоьлах…
Оьмар
«Де догIу..»
«Пхенашкахь уьду цIий ..»
«…Йочанийн Iовраша..»
«Гушдерг бен ца хилча рицкъа…»
Герз
Вай а, уьш а
« Харцонах цецбаьлла,..»
Башломан бIаьрхиш
« Iу воцу бажа санна..»
Бакъуой, харцуой
ЖIаьлин дахар
Анайист
Чехка догIа
Мангалхан
Бераллаин доттагIчуьнга
Дуьненан бохь
Куьзга
«Цхьа илли алахьа, ГIапур,..»
Нохчийн мотт
ТIаьхиене
Поэмаш
КIуркIмани
Дахаран гуонаш
Эдал
Стихи и авторские переводы на русском языке
Предчувствие
Вопиющие в пустыне
Лесоповал
«Приходит ли вечер холодный…»
«Блуждают пути испытаний..»
«Ту нить, что из паутины мыслей…»
«Позволь мне заглянуть в твои глаза,..»
Кровавый рассвет
Кто ты?
Грозный – 2000
Железные ворота
Осенние голоса
Кавказ
Одиночество в толпе
День
Пополудни
Картина мира
Весна на планете Земля
Билгалдахарш
Глоссарий
Свидетельство о публикации №120053103085