Нохчийн мотт

МаргIала гIа санна кхоьлина лаьтта
Ойланаш тахана паналле яьхьна
Сан бIаьрго лоцучух, со ма ца кхетта
ХIун до те ас иштта, кху метте кхаьчна.

Гондахьа лечIкъаргех ловзуш ду бераш
Сан гIаларт цхьаммо а тергал ца до,
«ХIун де те ас хIинца»? - бохуш со хьийзаш,
Чолхечу хаттарша со хьере йо.

Мичахь бу сан Даймохк, сан мотт, сан латта?
Дуьненахь хьоьх яьлла яхалац со
Даггара мохь бетташ, со холчу лаьтта,
Амма сан мохь хезаш суо цхьаъ ю со.

Iийжачу даго соьга хеттарш до:
«Мичахь бу цIийх боьлла сан ненан мотт»?
Цигахь сан кхетамо цунна жоп ло:
«Доггаха безачунна даг чохь бу мотт»!

Хезира мерза аз, даге ладоьгIча
КIеззигчу ханна аса сатоьхча,
Сан ненан маттахь и дека доьлча
Даго и къобалдеш тIеэцна даьлча.

Эххар а лаьтта берашка хьоьжуш,
Сан деган хьехаршка дикка ладоьгIуш
Эсалчу махо гIа-патарш кхоьхьуш,
Лаьхьарчий санна уьш когах хьерчаш.

ЦIеххьана тоьхча сан белшах куьг
Дуьйлина Iад санна йогIа со ло
Меллаша юхахьожуш айича бIаьрг,
Сан ненан юьхь-сибат лаьтташ ма го.

БIаьстенца кхетта и дашо малх санна,
Еларца, эсала хьоьжу соьга нана
Оцу меттехь кхийтира, хилларг хIун дуйла,
Дерриге хилларг - гIан-набарш юьйла.


Рецензии